ЕГЭ хенал хьалха дIалучеран заявленеш схьаоьцуш ду

Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо хаам барехь, 2019-чу шеран пачхьалкхан юкъара экзамен хенал хьалха дIалучеран заявленеш схьаоьцуш ду кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнера чиллин (февраль) беттан 9-чу дийне кхаччалц.

«Рособрнадзорехь» хаам ма-барра, 9–11-чуй классийн арахецархойн Пачхьалкхан жамIан аттестаци дIаяларехь кхин, хIара аьлла, баккхий хийцамаш хир бац.

2019-чу шеран Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаялар, ламасте дирзина ма-хиллара, кхаа муьрехь дIахьур ду. Хенал хьалхарчу а, коьртачу а муьрашкахь географин а, литературин а дакъошкахула дIалур ю экзамен.

Экзаменаш дIалучеран заявленеш чиллин беттан 1-ра де кхаччалц бен схьаоьцур дац. И хан тIекхачале, ша экзамен муьлхачу предметашкахула дIалур ю аьлла, къастам бан безаш ву дешархо.

Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларан хенаш:

– хьенал хьалхара мур – бекарг (март) беттан 20-чу дийнера оханан (апрель) беттан 10-гIа де тIекхаччалц;
– коьрта мур – хIутосург (май) беттан 27-чу дийнера мангалан (июль) беттан 1-ра де тIекхаччалц;
– тIетоьхна мур – товбецан (сентябрь) беттан 3-чу дийнера 20-чу дийне кхаччалц.

З.ХИЗИРОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: