Зорбанан денна лерина
МАЙКОП. Россин зорбанан де билгалдоккхуш журналистикин декъехь Адыгейн куьйгалхочун совгIатан хIорашеран конкурсан жамIаш деш хиллачу цхьаьнакхетарехь регионан куьйгалхочо Кумпилов Мурата совгIаташ дIаделира «Цхьаалла» газетан коьртачу редакторан заместительна Кушу Асланна а, ГТРК-н тематикин программийн службин хьаькамна Тов Замирина а, исбаьхьаллин тематикин программийн режиссерана Дышечева Габитана а.
Толамхошна совгIаташ дIалуш регионан куьйгалхочо билгалъяьккхира церан корматалла, похIма, толам баьккхинчу журналисташа кечйина адамийн дог-ойла гIаттош йолу материалаш, республикина хьалха лаьтташ долу даккхий декхарш кхиамца кхочушдарна цара юкъаюьллуш йолу башха хазна.
Шайн рогIехь конкурсехь толам баьккхинчу журналисташа регионан куьйгаллина баркалла элира шаьш бечу белхан лаккхара мах хадорна а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн хаддаза гIолацарна а.
Билгалдаккха деза журналистикин декъехь Адыгейн куьйгалхочун совгIат хIоттийна цхьайтта шо хилар.
2008-чу шарахь дуьйна цуьнан толамхой хилла республикера 33 журналист.
Жижиг даккхар алсамдаьлла
СТАВРОПОЛЬ. 2018-чу шарахь Ставрополан крайн ерриге а категорийн бахамашкахь 430 эзар тоннал сов жижиг даьккхина, цул хьалха дIадаханчу шарахьчул 4,5 процентана алсам ду иза.
Уггаре алсам тIекхетар хилла хьакхин жижиг даккхарехь – 10 процент. Оцу кепара кхиам баккха таро хилира регионан декъана пачхьалкхо хаъал гIо дар бахьанехь.
Меттигерчу а, федеральни а бюджеташкара оцу Iалашонна къастийра 716 миллион соьмал сов долу ахча. ТIекхетар хилла жижигана леринчу зIакардаьхнилелорехь а.
2017-чу шарца дуьстича сурсаташ дахар алсамдаьлла 7 процентана. Долаллин ерриге а хорманийн бахамашкахь стохка гулдина 609 миллион хIоа – цул хьалха дIадаханчу шарахьчул 19 процент гергга алсам. Коллективни юьртабахаман предприятешкахь 1,5-зза гергга алсамдаьлла сурсаташ дахар.
Россин юьртан бахаман министерствон тIаьххьарчу хаамашца мехкан тоьллачу пхеа регионна юкъаяхана Ставрополан край.
ЗаьIапчу берашна – совгIаташ
МАГАС. Керлачу шарна тIекхочуш ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека республикин реабилитацин туьшехь долчу могашалла ледара йолчу 30 берана заьIапхойн гIудалкхашца совгIаташ дира.
Берашна совгIаташ дIалуш Ю.Евкуровс билгалдаьккхира иза бан болийначу белхан юьхь бен цахилар. Цо чIагIдарехь, жимма хьалхо леррина йолчу комиссис теллира заьIапчу берашкахь долу хьал, хьесапе ийцира царах 62-нна керла гIудалкхаш яла езаш хилар.
Регионан куьйгалхочо дIахаийтира керлачу шеран шолгIа чийрик чекхъялале цаьрца дерриге а берашна кхачойийриг хилар. Тидам тIебохуьйтуш ду гIудалкхаш дIалуш заьIапчу хIора беран башхалла хьесапе оьцуш хилар.
Иштта, тидамза ца дуьту гIудалкхийн дикалла, кхерамазалла, цара еххачу хенахь гIуллакх дийриг хилар санна, долу гIуллакхаш. Республикехь иштта билгалдеш ду кху шарахь и тайпа программа баккхийчарна лерина а кхочушъян йоло.
Онкологина – 149 миллион сом
НАЛЬЧИК. Федеральни бюджетера оццул ахча къастор ду кху шарахь ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь «Онкологин цамгаршца къийсам латтор» аьлла йолу къоман проект кхочушъярна. Иза билгалдина регионан онкологин службина кхузаманахьлерчу эндоскопин а, диагностикин а гIирсашца кхачоярна.
Царна юкъахь хир ю маммографаш а, дIасалелаш йолу рентген аппаратура а. Оцу гIирсаша таро хуьлуьйтур ю республикехь онкологин цамгарна дарбалелоран дикалла лакхаяккха, беш болу талламаш керлачу тIегIане баха. И тайпа цамгар кхеттачарна ОМС-н чоьтах деш долчу медицинин гIоьнан барам хаъал лакхабаккха а билгалдо кхузахь.
Иза дийр ду хирургин гIуллакхаш шардеш-тодарца а, онкодиспансерехь реанимацин отделени схьаелларца а.
2019–2024-чуй шерашна леринчу «Онкологин цамгаршца къийсам латтор» аьлла йолчу къоман проектан гурашкахь оцу Iалашонна 700 миллион соьмал сов долчу ахчанах харжаш йийр ю республикехь.
Туристийн барам алсамбаьлла
ЧЕРКЕССК. Керлачу шеран каникулийн муьрехь Кхарачойн-Чергазийчоьнан курорташкахь садаьIира Россин кхечу регионашкара а, кхечу мехкашкара а баьхкинчу 125 эзар гергга болчу туристаша а, экскурсанташа а. Цул хьалха дIадаханчу шарца дуьстича 5 эзарна алсам хилира уьш.
Ша аьлча, цкъачунна, долчу жамIашца 2018-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 30-чу дийнахь дуьйна 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 8-гIа де тIекхаччалц болчу муьрехь Домбайхь хилира 60 эзар гергга турист, берриге а муьрийн туристийн-рекреацин «Архыз» комплексехь – 45 эзар гергга турист.
Керлачу шеран даздаршкахь регионан туризман кхечу объекташкахь а хилира республике баьхкина хьеший. Царна юкъахь яра Тебердара биосферни заповедник, туристийн «Медовые водопады» комплекс, кхийолу меттигаш.
Иштта, тидам тIебохуьйтуш дара юкъараIойлашкахь йолу меттигаш ца тоьш лыжаш хохкучу курорташна уллерчу ярташкахь а тIехь туристаш дIатарбина хилла хилар.
Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо