Генарчу махкахь нохчаллех цайоьхнарг

(РСФСР-н хьакъйолчу артисткин Айдамирова Мареман 95 шо кхачарна лерина)

Айдамирова Марем!.. Сирлачу мукъамийн цхьа гIайре. Нохчийн халкъан музыкальни культура серлаяьккхина башха цIе. Дуьне духучохь а, доьналлех ца йоьхна гIап.

«РСФСР-н хьакъйолчу артисткин» цIе дозаллица дIакхоьхьуш яра иза. Амма, уггаре а хьалха, Айдамирова Марем халкъо а, махко а езаш тIелаьцна, нохчийн къоман эшаршлакхархо яра. Шатайпанчу башхаллица къаьсташ дара цуьнан аз. Говза пондар а локхура цо. Ткъа, Марем хелха йолуш гинчунна цкъа а диц лур дац и исбаьхьа сурт.

Хелхарна йина яра иза. Кадечу заманна, къар ца луш, даима самукъадолуш, хелхарна ког шаршо кархдолуш яра. Цуьнан кхолларалла езачарна хетар-кх иштта.

Айдамирова Марем бакъйолу артистка хиларна, цкъа а, цхьанна а цо дагара цахаийтарна, аккордеон эцна сцени тIе йолуш, шен садуу гIайгIанаш-баланаш, генна дIатоттий, хьулбой, хьовсархойн самукъадаккха царна хьалха иза хIоттарна, массарна иштта ду моьттура…

Теркан кIоштарчу Бена-Юьртахь 1924-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьнен чу ялла яра Марем. Ненан цхьаъ бен яцара иза. Цундела, нисделла хила там бу, дукха хьалхе, йоI жима йолуш, нанас цунна кехат-пондар эцар.

Пондар караберзо лууш, бераллехь дуьйна, цхьацца эшарш лекхна Марема. Дукха хьолахь, уьш нохчийн халкъан эшарш хилла, йоI кхиъна йогIучу муьрехь вайн эстрада хилла яц.

Цундела, нанас узам беш хезнарг а, тIаьхьо синкъерамехь, ловзаршкахь, юьртарчу мехкарша дIалокхуш хезнарг а Марема, сихха Iамайой, шен «долайоккхуш» хилла.

Дешилахь кхаба везара хьо,
Детилахь кхаба везара хьо,
Цхьа жима нускал далийна,
IиндагIехь кхаба везара хьо…

1930-чу шарахь Бена-Юьртарчу школе деша яхча Айдамирова Марем сема лерса, зевне аз долуш, пондар лакха хууш хилар юьртахь хууш дара.

ТIаьхьо-м Бена-Юьртахь девзина Iаш дацара цуьнан башха аз. Нохчийчохь мел хуьлучу берийн исбаьхьаллин конкурсашкахь, фестивалашкахь, хьажаршкахь дакъалоцуш яра иза. Дукха хьолахь, Марема хьалхара меттигаш йохуш дIадоьрзура берийн хьуьнарш къовсар.

1935-чу шарахь 11 шо кхаьчна Марем Пятигорскехь дIахьош хиллачу Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнийн кхоллараллин олимпиаде яхара. Оцу олимпиадехь Нохч-ГIалгIайн Республикин векал хиллачу Айдамирова Марема хьалхара меттиг а яьккхира. Иза похIмечу йоьIан дуьххьарлера толаман ирхе яра.

ХIетахь дуьйна шуьйра йовза йоьлла цуьнан цIе вайн махкарчу ладогIархошна.

Нохч-ГIалгIайн Республикин радиоэфирехь кест-кеста декара цуьнан зевне аз.

БIаьргийн кхолар хIун ду теша?
ДегIан эшар хIун ду теша?
Дера хаац йина нана,
Со безамах ялар дацахь…

Пхийттара яьлла яра Айдамирова Марем ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн чаккхенехь вайнехан къоман драмин театре балха йогIуш. Цу хенахь алссам музыкальни комедеш хIиттайора театран сцени тIехь.

Къоначу артисткас жигара дакъалоцура цигахь. Иза данне а дац драмашкахь а, трагедешкахь а цо дакъа ца лоцура бохург. Оьрсийн сийлахьчу поэтан М.Лермонтовн 125 шо кхачарна лерина Нохч-ГIалгIайн драмин театрехь, 1939-чу шарахь режиссера Батукаев ХIарона хIоттийра «Бэла» спектакль.

Коьртачу турпалхочун васт кхуллуш Алиева Тамара яра. Ткъа, Гадаев Мохьмад-Салахьан дешнаш тIехь Александров Александра мукъам баьккхина «Бэлин йиш» дIалокхуш Айдамирова Марем яра.

Дуьххьара хьо сайна бIаьрги вайчи,
Безамо кийра цIе латийра.
Хьох кхетархьама маьлхан дуьне,
Девзина сайна ма моттара…

ТIеман кIуьрлахь

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь болало Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Фашистийн Германи ямартлонца тIелета Советийн Союзана. Нохч-ГIалгIайн къоман театрера ткъех актер тIаме дIавоьду. Кхоъ бен могашмаьрша цIа а ца воьрзу царах.

1 418 дийнахь-бусий кхехка луьра тIом. Iена цIий. ХIаллакьхуьулу яхь йолу кIентий. Советийн Союзан массо а маьIIехь санна, Нохч-ГIалгIайн Республикехь а вовшахтуху агитбригадаш. Коьртачу декъана, тIаме ца бохуьйтуш, цIахь совцийначу Нохч-ГIалгIайн драмин театран артистех Татаев Вахех, Хамидов Iабдуллех, Зубайраев ЯрагIех, Мусаев Хьалимах, Эсамбаев Махьмудах, Исаева Асетах, Хакишева Хьавах, Ташухаджиева Асетах, Исакова Зинех, Мустапаева Хьулиматах, Айдамирова Маремах, иштта кхечарах а вовшахтоьхна яра агитбригада.

Юьхьанца концерташ Шелковски, Невран, Малгобекан кIошташкахь лора вайн артисташа. Оцу муьрехь немцой цигахула чугIерташ бара. Ткъа ЦIечу Эскаран бIаьхой, мокхазан гIап хилла, уьш Теркал сехьа ца бовлуьйтуш лаьттара. ТIом буьрса, къиза бара.

Делахь а, тIеман кхийсарш лахъеллачу мIаьргонехь вайн артисташ кийча хуьлура бIаьхойн шайн говзаллица самукъадаккха. Къаьсттина хазахетара бIаьхошна Эсамбаев Махьмуда деш хилла «Яблочко» хелхар а, Айдамирова Марема дIалокхуш хилла Исаковский Михаилан дешнаш тIехь, композитора Блантер Матвейс мукъам баьккхина «Катюша» цIе йолу оьрсийн йиш а.

1942-чу шеран мангалан (июль) беттан 17-чу дийнахь Армавире баха новкъабовлу вайн артисташ, шайна юкъахь Марем а йолуш. Армавиран йистошца, лоьмаш санна дера, мостагIчух леташ бара Нохч-ГIалгIайн 255-чу полкан дошлой. Цаьрга вайнехан зевнечу мукъамех, шовкъечу хелхарех марзо эцийта новкъабевлла уьш. «Адин Сурхо», «Олеко Дундич» ши спектакль гайтира Соьлжа-ГIаларчу артисташа вайн махкахошна.

ТIаккха, йоккха концерт хIоттийра Садыков Iандарбек, Дакашев Ваха хелха воккхуш, Ганукаева Йисите пондар локхуьйтуш, эшарш лакхар Маремехь дуьтуш. Къоначу артисткас дIалекхнарш нохчийн халкъан эшарш яра.

Де кхоьлина дара алий,
Хьо ца вогIуш ма висалахь,
Де кхоьлина ца хилийта,
Со малхаха кхетар ма ю.
Буьйса Iаьржа яра алий,
Хьо ца вогIуш ма висалахь,
Буьйса Iаьржа ца хилийта,
Со баттаха кхетар ма ю…

Армавирера цIабирзинчул тIаьхьа а, ерриге а Къилбаседа Кавказехула дукха некъаш гездира вайн артисташа ЦIечу Эскаран бIаьхошна концерташ гойтуш. Цкъа а, шозза а авиатохаршна буха нисбелла уьш. Чевнаш еш меттигаш яьхкина.

Жима елахь а, юкъара ца йолуш, буьрсачу тIеман аренашкахь хийла дебуьйса даьккхина Марема а. Амма, цара мел чIогIа къахьегнехь а, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь шен къомаца цхьаьна махкахъялар тIедуьйжира 20 шо кхаьчначу къоначу пондарчина.

Хийрачу махкахь

Казахстане дIакхаьчначу хенахь, Джамбул гIалин йистошца Iуьллучу юьртахь дIатарбинера АйдамировгIеран доьзал. Дерриге а нохчийн халкъан санна, церан а дийзира мацалла, гIело, шело, харцо лан. Казахстане дIакхаьчна мелла а хан яьлча, Джамбулерчу бепиг дечу заводе балха яха аьтто белира Мареман. Наггахь, цIайогIуш белхан накъосташа гIо-накъосталла дой, цIахь йолчу нанна бепиган булка йоуьйтура кхуьнга.

Лулахь нисбеллачу нохчашна дакъа ца деш иза цкъа а шен чу яьхьна яц цо. Балха тIехь мел гIелъеллехь, суьйранна чуйирзича, сабIарзделлачохь каралоций, пондар локхура Марема, тIаккха лула-кула чукхойкхий, цигахь локхуш меттиг йогIура, тIаьхьо ерриге а Джамбулехь гIараелира говза пондарча.

Цецбуьйлуш, вовшашка дуьйцура казахаша нохчашна юкъахь похIме пондарча, эшаршлакхархо хиларх лаьцна. Жимачохь дуьйна, сиха хIуманан духе кхиар, ира хьекъал, сирла кхетам болуш хиллачу Марема, дукха хан ялале казахийн маттахь а эшарш Iамийра. Иза хиира луларчу казахийн ярташкахь а, кIотаршкахь а. Дагахь доцуш дIадоладелира иза казахийн ловзаршка а, тайп-тайпанчу тойнашка а кхайкхар.

Той дIадирзича, мелла а ахчанах хIума я ялтин кад кховдабора йоIе. Цунах доккха гIуллакх хуьлура. Мареман цкъа а Iедал дацара шена караеанчу хIуманах хьулам беш. Цо иза цIа хьой, нене дIалора, массарна пхьор кечдайта. Дукха адам мацаллех лечуьра даьлла Мареман аз а, цуьнан пондар а бахьана долуш.

Амма, наггахь бале долуш меттиг а йогIура йоIана и пондар а, и зевне аз а. Цкъа казахийн тойне нисвеллачу нохчийн воккхачу стага дехар дира Мареме, нохчийн йиш лакхахьара аьлла. Лаамаза махках яьккхина артистка ша а яра нохчийн къоьжачу лаьмнашка сатуьйсуш. Цундела дика кхетара иза, дай баьхначу лаьттах хьегочу къаночух. Марема тIаьхьара пондар балош, йиш лекхира…

Сайн мамех, дадех, махках йоккхуш,
Айхьа со елхор дицди ахьа.
Дуьненах жимачохь со яьккхина,
ДIатесна елха йити ахьа.
Сан миска нана, ма елхалахь,
Хьан метта даим со йоьлхур ю.
Къа доцчу кхиэло хьукма дарна,
Дуьнене гIийла со хьоьжур ю.

«Бэла» спектаклера йиш яра Марема воккхачу стагана томана лекхнарг. Амма, массо а цунах кхетта ца хиллера. Вайн къомах волчу цхьана стага, аьлча а, цхьана йовсара комендатуре мотт тоьхна хиллера, Айдамирова Марем, Сталин аьшнашвеш, йиш лоькхуш ю аьлла. Комендатурехь берш ца тийшира Марема дуьйцучух, лекхна йиш спектаклана юккъера ю аларх а. Шен къомах волчу стага йоI аттачу балхах бехке йийр яц аьлла хетта хир дар-кх царна. Доцца аьлча, Марем набахти чу кхоьссира.

ХIоана чохь чо леха Iеминчу Iедалан векалша Соьлжа-ГIала кехат яздира, нохчийн театрехь «Бэла» цIе йолуш спектакль хиллий, нагахь и тайпа спектакль хиллехь, цу юккъехь хIара тайпа йиш ярий бохуш хаттарш хIиттош. Эххар а, Соьлжа-ГIалара жоп схьакхечира Марема бакъдерг дуьйцуш хиларна тоьшалла деш. ТIаккха набахтехь бутт гергга хан яьккхина артистка арахийцира.

КхидIа а йиш лакъа бакъо а луш. Дийца даьккхинчуьра билгалдаккха догIу, вайнехан артистех Айдамирова Марем ю, комендатурехь куьг ца яздича а, дехьа-сехьа яла а, кхечу ярташка, гIаланашка яха-ян а Iедало бакъо елларг. И бахьана долуш, цо дукха концерташ ло Чимкентахь, Талды-Курганехь, Карагандахь, иштта кхечу гIаланашкахь. Нохчийн, орсийн меттанашкахь эшарш лекхна Iаш яцара иза.

Цо эшарш локхура казахийн, гIиргIизойн меттанашкахь. Цундела, массанхьа а езаш тIеоьцура иза. Цхьа шатайпа похIмин башхалла йолуш артистка яра Марем. Пондарца иза гучуйоллушехь, ша-шаха малхах къегаш санна дIахIуттура сцена. Ткъа Марема деш хилла хелхар, цуьнан еха ши чIаба, мел хала хан елахь а, тIехь хилла духар, цкъа гиначунна цкъа а дицлур доцуш, тамехь хуьлура.

Безамах йолу йиш артисткас дIалекхча, муьлххачу маттахь цо иза локхуш хилча а, хьовсархойн ерриге а зал йийсаре лоцура.

Итт шарал яхло хьо, итт минот зама.
Езачо йиллина хан ларъян воьлча.
Атта дац безамна садетта Iама,
Езар тIехдаьлла, дог хьегIа доьлча…

Муталибов Зайндин дешнаш тIехь ша мукъам баьккхина и йиш Айдамирова Мареман репертуарехь ехха лаьттира. И йиш ца локхуш артистка концерт дIаерзо йоьлча, зала чохь йоккха гIовгIа йолура «Итт минот», «Итт минот» олий. Мареман кхолларалла езархой даима хьаьгна хуьлура «Итт минот» йиш хазаре.

Дай баьхначу лаьттахь

1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо яьлча, уггаре а хьалха цIабирзира къоман культурин белхахой. Цаьрца яра Айдамирова Марем а. Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан филармони сихха балха хIоьттира иза. Дуккха а шерашкахь, дуьненахь а гIараваьлла вевзачу хелхарчица Эсамбаев Махьмудца болх бо Марема.

Кавказе цIаерзарх йоккхаеш цо Iамайо гуьржийн, эрмалойн, хIирийн эшарш. ЛадогIархоша уьш езаш тIеоьцу. Къилбаседа Кавказан дозанал генна арахьа алссам некъаш гездина цо ладогIархойн самукъадоккхуш. Наггахь а гIала яцара Советийн Союзехь Марема концерт ялаза. Вайнехан артистех массарел хьалха кхечу пачхьалкхашкахь концерташ елла цо.

Цкъа иштта, гастролашкахь йолчу муьрехь, шийла кхаъ кхаьчна артистке. Цхьаъ бен воцу цуьнан кIант кхелхина хиларан хьокъехь. Жимачохь дуьйна кIорггера хьекъал, доьналла, собар долу Марем дика кхетара дерриге а Делера хиларх. Цуьнгара дерг дерриге а вай лан дезаш хиларх. Шена мел хала хиллехь а, сцена ца йитира Марема.

Иштта, мел оьшу а шеца синъондалла йолуш яра иза. Кхечу гIаланашкахь, пачхьалкхашкахь алссам концерташ Марема яларх, иза вайн махкахь концерташ яла а ларайора. Нохчийн маттахь дукха эшарш яра цуьнан репертуарехь. Шен заманан тоьлла эшаршлакхархо яра иза.

Нохчийн тоьлла поэташ бара цо шайн дешнаш тIехь эшарш яхаре сатесна. Лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолчу эшаршлакхархочо моноспектакле ерзайора муьлхха а йиш. Цунна къеггина тоьшалла ду Хасбулатов Ямлиханан дешнаш тIехь Айдамирова Марема мукъам баьккхина «Хьогалла» цIе йолу музыкальни композици.

Хьогалла, хьогалла,
Хьо дагайоьхна,
Сан некхе кхерстина хьогалла
Ца лалуш, ца лалуш,
Сан собар доьхна,
– Со муха ваьхна-те хьо галлац?!
Сийначу стиглахь ю
Сан ойла-кхокха,
Юх-юха хьуна го туьйсу цо.
Маршалла дIакхийдош
Хьоь сийлахь-доккха,
Довхачу ирсе сатуьйсу цо…

Айдамирова Марема цкъа локхуш хезначунна йицлур йоцуш йиш ю иза, цIеначу безаман гимн хилла екаш. ПохIмечу поэта Хасбулатов Ямлихана яздинчу хIора дашна шен экамечу синан дакъа юкъадуьллуш локхура цо «Хьогалла» йиш.

Цо тешавора сирлачу безамах, Iамавора ховха синхаамаш ларбан, догойла ир-карахIоттайора. Иштта дика а, ладогIархойн даг чу кхочуш а локхура Марема, Сулаев Мохьмадан дешнаш тIехь ша мукъам баьккхина «Мел хаза йина хьо» йиш а. Нохчийн йоIана лерина яра и йиш, цуьнан куц-кеп, гIиллакхоьздангалла хестош. Къаьсттина мехкаршна хазахетара иза.

Массарна лаьара эшаран лирикин турпалхочух тера хила, цуьнан лакхалле кхача, безаман ирсах марзо эца. Бакъйолчу музыкальни искусствон исбаьхьаллин тIеIаткъам бара иза, керлачу анайисте кхойкхуш, безаман ирсах тешош.

Мел тайна йина хьо,
Мел хаза йина хьо!
Кхоьллинарг мила ву,
Сел говза ша хилла?
ХьаргIанан тIам санна,
Хьан Iаьржа и лепа
ЧIабанаш хьарчийнарг
Буьйса ю, бохийца.
КIайн дарин духаршца,
Хьо йогIуш ва яйча,
Хьуна тIе теснараш
Мархаш ю, бохийца…

Дукха яра цуьнан репертуарехь нохчийн поэтийн дешнаш тIехь яьхна эшарш. Дукхахйолчарна цо ша мукъам а баьккхинера. КIеззиг яцара цуьнан башхачу кхоллараллехь ша дешнаш яздина эшарш а. Царех цхьаерш забаре эшарш яра.

Забаре йоцурш кхин а алсам яра. Нохчийн къоман музыкальни культурехь классика хилла дIахIиттина артисткас яьхна а, дIалекхна а эшарш. Къаьсттина дукхаезаш яра ладогIархошна Марема дешнаш яздина а, мукъам баьккхина а хилла «ДIасакъастар» йиш. Заманан йохалла, нур ца довш, халкъалахь яха йисина иза.

Хазахета къоначу эшаршлакхархоша иза шайн репертуаре схаэцна, наггахь мукъане а цуьнга ладогIа вайн аьтто бина хилар.

Сахьийзаш, сагатлуш са дала ма доллу,
Сил дукха хьо везаш, со хьоьха ма ели.
Хьоьха ца ялалуш, сайн нахах ма ели,
Соьга ладогIахьа сан деги везар.
Сахьийзош, сагатдеш тIетеIа бала,
Дей-буьйсий мел дели тIегIерта гIайгIа
Уьйраш сан хедаеш Iаьткъина бала
Ма лолахь кхин суна ва хаза суьйре…

Массо ханна а халкъалахь яха йисина Марема язйина, кхиамца далекхна кхин а дуккха эшарш. Цуьнан кхолларалла езачара хазахеташ тIелаьцна эшарш яра уьш.

Делахь а, РСФСР-н хьакъйолу артистка хиллачу цо, цхьанхьа а ца кхайкхийна и эшарш ша язйина ю бохуш. Эхь-бехк долуш, лам санна, собаре дара цуьнан заманахь даьхна адамаш. Цара, цкъа мацах дагца къобалбина, безаш юьхьарлаьцна болх хазахеташ бора, цунах самукъадолуш.

Цаьрца дацара безаш бечу балхаца пайда лехар. Шайн самукъадаларца, халкъан а самукъадаккха лууш бора цара болх. Хаддаза бинчу балхахь бахам ца гулбина вайн турпалхочо а. Иза яьцна нохчийн къоман музыкальни культура кхиа лууш. Цхьана а кепара шеко яц Айдамирова Мареман репертуарехь хилла «Кийрара дилха дог», «Алийша, йиначу нене», «Ларделахь суьйре, бIаьстенан зезаг», иштта дуккха а кхиерш а, цо язйина говзарш хиларан.

Церан поэтически кеп говзаллин лакхалле кхочуш ца хила а там бу. Амма, къеггина похIма долчу артисткас шен зевне аз орцахдаьккхина, дIалокхучу хенахь, царех исбаьхьаллех юьзна башха говзарш хуьлура.

Цкъа мукъане а Айдамирова Марема дIалокхуш «Кегирхойн йиш» хезначунна хуур ду, иза авторан дешнаш тIехь яьккхина хилар.

Кху хазчу суьйренца, бузучу малхаца,
Хийисте гулбелла, куц долу кегийнах.
Шайн дагна тIех деза бос хаза зудабераш,
ХитIе дахкаре мерза са ва туьйсуш…

Шен экамечу сица, сирлачу ойланашца бакъйолу поэтесса хиллачу Марема йоккха хазна йитина шел тIаьхьа. Уьш цо язйина, мукъаме ерзийна эшарш ю. ХIинца санна, поэтийн шорто яцара цо болх бечу хенахь.

Ткъа муьлххачу артистана санна, цунна лиъна шен репертуар йоккха а, шуьйра а хуьлийла. Репертуар тIеюза болчу лаамца яздина артисткас шен эшарийн могIанаш. Таханлерчу артисташкахь наггахь тосало сонта куралла а ца хилла цуьнгахь.

Бакъду, бакъболчу поэтийн дешнаш юьстахтеттина, «язйинарг, мукъам баьккхинарг, дIалокхург со ю» бохуш, нах ца белийна артисткас шех. Цундела, йисина хила там бу ладогIархойн иэсехь цуьнан эшарш халкъан йолуш санна.

Ткъа шен заманан поэташца Марем кхоллараллин гергарло лелош а, церан байташ тIехь хазахетарца мукъамаш бохуш яра. Цунна теш хIуьтту халкъалахь яха йисина Хаджиев Ризванан дешнаш тIехь М.Айдамировас мукъам баьккхина «Йолало» йиш.

Iуьйранца садаьржаш
Дашо малх ва санна,
ЙогIу хьо нур къегош,
ГIургIезах техкина.
Йолало, нохчийн йоI,
Хелхаран ког шершабеш.
Хьан болар хаза ду.
КIентан дог ловзадеш…

ТIаьххьара дош

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь дерриге а нохчийн халкъ санна, махках яккхаро институташ, университеташ чекхъяха таро ца хилийтинехь а, къаьхьа чам беттало Мареман чолхе дахар дара цуьнан академи. Кхолламо инзаре халачу зерех чекхъяьккхина яра эшаршлакхархо.

Амма, иза цкъа а доьналлех ца йоьхнера, халонашна къаръелла, яхь дIа а ца еллера. Бакъйолчу нохчийн зудчун амал яра Маремана даима гIортор хилла лаьттинарг. Цо хаддаза шен хаарш тIедузуш болх бора. Даима книгаш йоьшура. Цуьнан дахарехь уггаре а боккха безам бара книгаш, цо дукха еша а йоьшура уьш: цIахь, балхахь, гастролашкахь. Иштта, шен берашка йоьшуьйтура, еша езарг билгалйоккхуш, ца ешначунна дов деш.

Цунна дика евззара дуьненан культура, литература. Къаьсттина дукхавезачарех цхьаъ вара дуьненна вевза художник Гойя. Шен заманхойх даго къастийна, дукхавезаш художник Тулуз Лотрек. Франци яханчохь цунна тIекхачар а, цуьнца къамел дар а хиллера Мареман.

Эшаршлакхархочо даима а дозаллица дуьйцура шен дахарехь нисъеллачу оцу сирлачу киртигах. Сирла киртигаш кхин а хиллера артисткин дахарехь. Царах цхьаъ лара мегар ду, Айдамирова Мареман хьанал къинхьегам тидаме а эцна, Советийн Союзан куьйгалло цунна дина лаккхара совгIат.

1975-чу шарахь Маремана елла «Къинхьегаман ЦIечу Байракхан» орден. ЦIарна цIеяханчу Фурцева Екатерина Алексеевнас Москвахь, шен кабинета чохь дIаделира Маремана и деза совгIат. Къевллина вайн сийлахь махкахо мара а йоьллина, Фурцевас элира: «Хьо санна долу хьанал адамаш ду советийн искусствона оьшурш!».

Ткъе итт шарахь сов, нохчийн артисткас бинчу белхан жамI дара иза. Цул тIаьхьа а, нохчийн музыкальни искусство, маьлхан зIаьнарех лепош, кхин а ткъех шарахь гергга болх бира Марема, шен эшаршца вайн махкахойн самукъадоккхуш. Делан къинхетамца цуьнан ши йоI хIинца а йолуш ю.

Йоккхах йолу Зулай шен ненан санна, хаза аз долуш ю. Цкъа хьалха цо Соьлжа-ГIалара музыкальни училище чекхъяьккхира, шен нана санна, эшаршлакхархо хила дагахь. Делахь а, мелла а ойла хийцаелла, 1968-чу шарахь Москварчу театральни институте деша яхара Зулай. Тахана а нохчийн къоман театрехь кхиамца болх беш ю похIме актриса Айдамирова Зулай. Мареман шолгIа йоI Малика «Вайнах» ансамблехь болх беш яра.

Бакъду, вайн махкахь тIеман цIе хьаьрчича, шен жима йоI оьций, кхечу пачхьалкхе дIайоьду Малика. ХIинца-м Маликин йоI а йоккха хилла. Марехь ю иза, ши бер долуш. Iаш-ехаш Шотландехь ю. Ша Малика Польшехь Iаш ю.

Нохчийн берашна хелха довла Iамош ю иза цигахь. Ингалсан мотт Iамош нохчийн берийн кхин цхьа тоба ю Маликин. ХIорд лаьттинчохь тIуналла ца эшна бохург хир ду-кх иза. Ненера схьаэцна дика амал ю Маликин а. Миччанхьа елахь а, шен къомана гIо-накъосталла дан лаар, вайнехан бераш Iилманийн лакхенашка ийзор – цул мехала хIун хир ду малх кхетачу дуьненахь?

Ткъа шех, Айдамирова Маремах дерг аьлча, еххачу хенахь, къизачу лазаран йийсарехь лаьттина эшаршлакхархо 1991-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 2-чу дийнахь вайна юкъара дIаяхара. Чекхдевлира хьаналчу къинхьегамца цо гездина некъаш. ДIабайра, дуккха а шерашкахь вайнахана юкъахь синтеман серло яржош баьгна чиркх. Шен дай баьхначу Бена-Юьртахь дIайоьллина ю нохчийн къоман похIме йоI.

Бакъду, кхелхина аьлла, вай йицъян йиш йолуш эшаршлакхархо-м яц Айдамирова Марем. Цуьнан лаккхарчу тIегIанехь хиллачу корматалло серлаяьккхина нохчийн къоман музыкальни культура.

Тахана а мерза стом луш ду вайн къоман музыкальни культурехь Маремах схьадаьлла беркат.

ГАЗИЕВА Аза
№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: