Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин дозанаш къасторехь кхоллалучу хаттаршкахула йолчу пачхьалкхан комиссин куьйгалхочуьнца – Парламентан спикерца Даудов Мохьмадца.

Цхьаьнакхетар лерина дара республикин дозанийн координаташ къасторан а, цул тIаьхьа, уьш, дIасацабахьалучу бахаман цхьааллин пачхьалкхан реестрана (ЕГРН) чу яхаран а декъехь бечу балхана.
Шен къамелехь Даудов Мохьмада хаийтира Нохчийн Республикина а, Къилбаседа ХIирийчоьнна а юкъара доза къасторан болх чекхбаьлла хилар а, Нохчийн Республикина а, Ставрополан махкана а юкъара доза къасторан болх чакхбала герга хилар а.
«Къилбаседа ХIирийчоьнан Правительствос вайн Правительстве даийтина кехат дара, вайн шина республикина юкъара доза къасторан декъехь шайн говзанчаша бина болх таллахьара аьлла. Вайн говзанчаша хIираша бина болх къобалбар бахьана долуш, Къилбаседа ХIирийчоьнца долу доза къастийна даьлла. Иштта, вайн делегаци Ставрополехь а хилла кIира хьалха. Вайн а, церан а говзанчаша Нохчийчоьнна а, Ставрополан махкана а юкъара доза къасторан декъехь бен болх а чекхбала герга бу. Кхачамбацарш я проблемаш янне а яц оцу декъехь», – хаийтира Даудов Мохьмада.
Иштта, республикин Куьйгалхочуьнга цо дийцира, ша куьйгаллехь а волуш, луларчу Дагестане яханчу нохчийн делегацис динчу цхьаьнакхетарех лаьцна а.
Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара доза къасторан декъехь бечу балхана гонаха социальни сеташкахь дукха питанаш а, эладитанаш а даьржина хиларна.
Цо билгалдаккхарехь, федерацина юкъарчу субъектийн дозанаш къасторан болх ерриге а Россехь дIахьош бу, ткъа, шайна юкъара доза къасторехь, Нохчийчоь а, Дагестан а хIинццалц хилла доза хийца дагахь а яц, хIунда аьлча, оцу декъехь бен болх кхин бу – кхузаманахьлерчу технологех пайда а оьцуш, дозанан координаташ къастор а, уьш дIасацабахьалучу бахаман цхьааллин пачхьалкхан реестрана чу яхар а.
Цул сов, цхьаьнакхе — тарехь тидамза ца дитира ГаланчIожан кIошт меттахIотторан, кхиоран гIуллакх а. Кадыров Рамзанна хетарехь, кестта билгалваккха вогIу оцу кIоштан куьйгалхо а, меттахIитто лерина ярташ а, архитектурин а, культурин а тIаьхьалонийн объекташ а.
«КIоштан куьйгалхо а хIотто веза хIинццехь, цуьнга кIошт меттахIотторан а, кхиоран а декъехь бечу балхана Iуналла а, терго а яйтархьама. Цул сов, хьалхо вай билгалдаьккхина ма-хиллара, оцу кIоштахь Iен-ваха хьалаваха лаам болчунна вай, хIусамаш йина ца Iаш, мел оьшу хьелаш а кхуллур ду. Делахь а, вайга харж а яйтина, шен ойла хийцаелла цхьаъ валахь, цуьнга и харж меттахIоттаяйта езар ю», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
Даудов Мохьмада хаийтира ГаланчIожан кIоштан а, цунна юкъайогIуш хир йолчу яртийн а дозанаш къасторан болх чекхбаьккхина хилар.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира ГаланчIожан кIошт меттахIотторан а, кхиоран а декъехь бен болчу балхах масал а оьцуш, ЧIебарлойн кIошт кхиорна тIе тидам бохуьйтург хилар.
И.ХАСАХАНОВ
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо