Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бIаьргтуьйхира ТIехьа-Мартан а, Соьлжан а кIошташкахь дIахьочу могашаллаIалашъяран объектийн гIишлошъяран белхех. Цуьнца цхьаьна вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, цуьнан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, могашалла Iалашъяран министр Сулейманов Эльхан.
Закан-Юьртарчу Республикин психиатрин «Самашки» больницин керла корпус ечохь хилира Р.Кадыров.
И медицинин учреждени 1968-чу шарахь дуьйна болх беш ю. Советийн Iедал долчу хенахь 300 стагана лерина 3 отделени яра цигахь.
Герггарчу хенахь кхузахь йина ер ю керла корпус. Шира гIишлош дIайохур ю, церан метта лаборатори а, бедаршюьттийла а, складан чоьнаш а, кхачабоийла а йийр ю.
Республикин Куьйгалхочун тIедилларца нийса а догIуш, дархошна садаIа а, дарбанан Iалашонца къахьега а дерриге хьелаш кхуллур ду больницехь.
Цул сов, Хучиев Муслимана Р.Кадыровс тIедиллира психиатрин декъехь къахьоьгуш болчу белхахойн алапа 10 эзар соьмана алсамдаккха таронаш лахар.
«Иштта, гIишлошъяран белхаш дIабахьаран хенаш а, дикалла а тергонехь латто еза. Нохчийн Республикехь психиатрин декъехь болу болх уггаре а эвсаре а, кхиаме а бан беза вай», – элира Кадыров Рамзана.
Цул тIаьхьа Эна-Хишкахь а хилира республикин Куьйгалхо. Меттигерчу больницех бIаьргтоьхначул тIаьхьа цуьнан сацам хилира кхузахь, кхузаманан лехамашца а, барамашца а йогIуш йолуш, керла поликлиника яйта.
«Керла поликлиника кхо гIат долуш хир ю. Дийнахь 150 стаг тIеоьцийла а хир ду, ткъа стационаран дакъа 60 стагана лерина хир ду. Керла кхачабоийла а йийр ю кхузахь, бахархошна кхачам боллуш медицинин гIодархьама дерриге а хьелаш кхуллур ду», – элира цо.
Иштта, Р.Кадыровс Сулейманов Эльханна тIедиллира поликлиникина керла гIирсаш (оборудовани) эцар а, кхитIе а сиха гIодаран машенаш ялар а.
А.ВАХАЕВА
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо