Р.Кадыров хилира онкологин цамгар йолу бераш долчохь

IMG_9406

Кху деношкахь Республикин онкологин диспансерехь билгалдаьккхира Онкологин цамгар йолчу берийн дуьненаюкъара де. Могашалла Iалашъяран учрежденин актови залехь гулделлера рак цамгар йолу бераш а, церан дай-наной а.

Цигахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон  Администрацинкуьйгалхо Даудов Мохьмад, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Ислам, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министр Ахмадов ШахIид, кхиберш.

Р.Кадыровс шен къамелехь оцу халчу  цамгарна Нохчийчохь дуьхьало еш хилар билгалдаьккхира.

– Тахана Нохчийчохь Россин кхечу регионашкахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а санна Онкологин цамгар йолчу берийн дуьненаюкъара де билгалдоккхуш ду. И мел чIогIа лазар делахь а, шен хеннахь дича дарба дан ло цунна. Тахана вайн республикехь оцу цамгарна дуьхьал беш дуккха а белхаш бу. Нохчийчоьнан куьйгалло оцу цамгарна дарба дан а, профилактика ян а хьелаш ду кхуллуш, – бохура цо.

Иштта, Республикин Куьйгалхочо элира республикел арахьа дарба лаха оьшушхьал  цахиалрх лаьцна Хьунда аьлча, вай долчуьра хьелаш ду дика. Кху заманан оборудовани ю, говза лоьраш бу.

Цул тIаьхьа, Р.Кадыровс, рак цамгар йолчу берашна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу региональни юкъараллин фондан Президента Кадырова Айманис даийтина долу ахча дIаделира.

Республикин онкологин диспансеран коьртачу лоьро Сулейманов Эльхьама Р.Кадыровна баркалла элира шайн йоккха  терго ярна.

Берийн самукъадаьккхира Нохчийн пачхьалкхан къоначу хьовсархойн театран артисташа, ишттажухургаша а гайтира шаьш берашна кечйина программа.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: