Иштта дIахьедар дина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министраца Ибрагимов Iийсаца а, кегийрхойн организацийн куьйгалхошца а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Цигахь дийцаре дира дIадаханчу шарахь бинчу белхан жамIаш а, 2019-чу шарахь хьалхалаьтташ долу декхарш а.
I.Ибрагимовс шен докладехь билгалдаьккхира республикехь кхочушъеш йолу кегийрхойн политика кегийрхойн таронаш гучуяхарна, цаьрга шайн таронех эвсараллица а, санехь а пайдаэцийта аьттонаш барна тIехьажийна хилар.
Министерствон балхахь коьрта тидам тIебохуьйту тIекхуьуш йолу къона тIаьхье хьекъале кхиорна, садаIар спортехь вовшахтохарна, ламасталлин мехаллаш, нохчийн халкъан гIиллакхаш, истори йовзийтарна, кегийрхой предпринимателийн балхана, дешарна, говзаллаш харжарна юкъаозорна.
ДIадаханчу шарахь министерствос 1 214 мероприяти дIаяьхьна (хIора дийнахь, юккъерчу хьесапехь, – 3 мероприяти). Цигахь дакъалаьцна 207 эзар стага. Иштта, массо агIор гIо до юкъараллин организацешна. Уьш 13 ю. Цаьрца цхьаьна кхин а 1 919 мероприяти дIаяьхьна.
Ибрагимов Iийсас дийцарехь, стохка Нохчийчуьрчу кегийрхоша дакъалаьцна ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а мероприятешкахь. Грантийн юкъара фонд 16 миллион сом хилира.
Министра дийцарехь, бокка болх дIахьош бу республикехь шен лаамехь гIуллакхаш дар даржоран декъехь. Ша аьлча, дIадаьхьна шайн лаамехь вовшахкхеттачеран организацийн жигархой Iамор. Шен лаамехьчеран (добровольцийн) Шеран кампани жигара дIаяьхьна, тIепаза дайначу а, эшам хиллачу а берашна гIо даран Къоман туьшан дакъа схьадиллина, Россин спецназан университетан буха тIехь дIадаьхьна оцу туьшан валонтераш Iамор, «Волонтеры-Медики» ВОД-н Нохчийчоьнан региональни отделени схьайиллина.
I.Ибрагимовна хетарехь, кхин а цхьа мехала хилам бара 2018-чу шарахь: IТ-технологийн а, 3Д-моделированин а туш схьаеллар. Цигахь дерриге а хьелаш кхоьллина кегийрхошка маьхза программировани а, моделировани а Iамаяйта, шайн хаарех дахарехь пайдаэцийта.
«Хьо – предприниматель» программица 2018-чу шарахь мероприятеш дIахьочу хенахь жимачу бизнесан 89 субъект вовшахтоьхна. Оцу гIуллакхна Iамийна 900 гергга жима стаг.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо цхьаьнакхетаран дакъалацархошна баркалла элира цара бинчу балхана. Делахь а, цо тидам тIебахийтира соцсеташкахь кхин а жигара болх бан безаш хиларна, хIунда аьлча, дукхах долу эладитанаш, харц хаамаш царна чохь хуьлу. Цара юкъараллехь гIоьртина хьал а, карзахалла а кхолла тарло. Цаьрца къамел дан хаа деза, бакъдерш далорца шаьш дуьйцург тIе а чIагIдеш.
Р.Кадыровс, иштта, билгалдаьккхира ша тIедилларца кегийрхошна юкъахь хаттам бар дIадаьхьна хилар. Респонденташка хиттира са муха доIу, царна дезарг, марзделларг хIун ду, муьлхачу мероприятешка лела, и.дI.кх. Цара деллачу жоьпийн хьесап дича, гуш ду, кегийрхошна дешдуьтуш доцуш Iер дезаш хилар. Билггал кегийрхойн оцу декъана тидам тIебахийта безаш хилар билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
Цо кегийрхойн организацийн векалшка кхайкхам бира, мелла а жигара культурин а, спортан а министерствошца цхьаьна болх бар доьхуш, алссам кегийрхой культурин мероприятешна юкъаозор доьхуш.
Шен къамел а, цхьаьнакхетар а дерзош, цо хаийтира карадеанчу шарахь церан кхин а баккхий кхиамаш хуьлийла а, хьалха хIиттийна декхарш кхиамца кхочушдойла а шена лууш хилар.
Д.АНАДЕВ
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо