Субсидех пайдаэца йиш ю вайн бахархойн

Нагахь санна хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарна дIалучу ахчанан барам законодательствос хIоттийначу барамал а лакхара белахь, пачхьалкхо лучу субсидех бахархойн пайдаэца йиш хиларан хьокъехь хаам бина республикин къинхьегаман, социальни кхиоран, белхан меттигаш нисъяран министерствос.

Цуьнца нийса а догIуш, Нохчийн Республикехь бехачу муьлххачу а доьзалан, хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарна ахча дIадаларехь, йиш ю пачхьалкхо дечу гIонакъосталлех пайдаэца, нагахь санна: хIора а доьзалхочунна баттахь кхочуш долу ахча 8 эзар соьмал кIезиг делахь.

Пачхьалкхера и гIо кхачийтархьама, хIусамден я, и вацахь, хIусамненан кехаташ кечдан деза: заявлени, доьзалхой тIеязбина йолу справка, тIаьххьарчу 6 баттахь хIора а доьзалхочунна кхаьчначу ахчанан (стипенди, алапа, пособи, пенси, алименташ) справкаш, доьзалхой дуьнен чу бовларан тоьшаллийн а, (долчеран) паспортийн а, СНИЛС-ийн а, ИНН-ийн а, хIусам тIехь йолчу декъан а, хIусаман а кехатийн а копеш, хIинццалц хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарна ахча дIадаларан тоьшаллаш я квитанцеш.

Цул сов, «Газпром-Межрегионгаз-Грозный» компани а ю бахархошна карарчу шарахь а «гIо-накъосталла» дан лерина.

Хууш ма-хиллара, республикерчу бахархошна тIехь банкашкара даьхначу кредител а дукха декхарш ду газах пайдаэцарна. Бахархоша уьш дIалуш а ца хилча, компанис уьш бахархошна тIера дIадохуш а ца хилча, пенаш тIееттаяларца доьзна, хIора а керлачу баттаца алсамдовлу и декхарш.

Масех баттахь ша пайдаэцначу газах еххачу хенахь ахча дIа ца лучу абонентан, цуьнга олуш хIумма а доцуш, газ дIахадо йиш ю. Амма, хетарехь, газан компанин куьйгаллехь болчара «хьекъале» сацам бина: газ дIахедош къа а ца хьоьгуш, цаьргара декхарш схьадахар. И муха деш ду?

ТIехь даккхий декхарш долчу абоненташца барт бо. Оцу бартаца нийса а догIуш, декхаран 10 я 30 процент барт бешшехь дIало, бухадисинарг – ялх декъе а доькъуш, ялх баттахь ло.

Билгалдаккха догIу декхар дIадаккхаран декъехь барт барехь дIалуш долчу ахчанан хьалхарчу декъан барам абонентан долчу декхаре а, цуьнан а, газан компанин юристийн а вовшашца хиллачу барте а хьаьжжина хIоттош хилар.

ХIара статья язъечу дийнахь билгалдаьлла республикин Прокуратуро «Газпром-Межрегионгаз-Грозный» компани бахархошна тIера 9 млрд сом декхар «дIадаккха» (федеральни законехь цунах «декхар юхадерзоран мур чекхбалар» олу) декхарийлахь йина хилар.

Амма, кхин билггал, я цунах а, я газан компанис духьал деллачу жоьпах а, бинчу сацамах а хууш цкъачунна, хIума дац. Цунах лаьцна оха ма-дарра яздийр ду тIейогIучу номершкахь.

И.АДАМОВ
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: