Экологин хьал тодарна лерина конкурс

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос социальни-экологин роликана тоьлла сценари язъярна а, «Экологин хаамийн кампани «Бех ца ечохь хуьлу цIена!» баннеран макетана проект ярна а конкурс дIакхайкхийна.

Конкурсан Iалашо ю Нохчийн Республикин бахархойн а, хьешийн а экологин культура кхиор а, нехаш цIеначу метте дIакхийсар дика доций хаийтар а. Иштта проекташ кхочушъяро гIалин, мехкан экологи цIена латторна гIо до.

Конкурс хIокху номинацешкахь дIахьур ю: гIала бехъярна дуьхьал яьккхина социальни-экологин видеороликан тоьлла сценари; Iалам бехдарна дуьхьал яьккхина социальниэкологин видеороликан тоьлла сценари; гIала бехъярна дуьхьал яьккхинчу социальни рекламин тоьлла проект, Iалам бехдарна дуьхьал яьккхинчу социальни рекламин тоьлла проект.

Конкурсехь дакъалаца кхойкху республикин юкъарчу дешаран а, лаккхарчу дешаран а студенташка а, студентийн коллективашка а.

Конкурсан толамхошна дипломаш а, мехала совгIаташ а лур ду.

Конкурсехь дакъалаца лаам болчара заявка, кечйина, хIокху электронни адрес тIе дIатаса еза: ovoo@chechenmol.ru (Заявкин хорма хIокху телефонаца карор ю: 8(989)933–85–09.

Конкурсан белхаш 2019-чу шеран чиллин (февраль) беттан 20-гIа де тIекхаччалц схьаоьцур бу.

№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: