Дукха хан йоццуш, Дона-тIерачу-Ростовехь дIаяьхьира Россин хьакъволчу тренерна Самургашев Вартаресанна лерина йолу греко-римски кепара охьатохархлатарехула Ерригроссин турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара Адыгейра, Дагестанера, Нохчийн Республикера, Краснодаран махкара, Аштаркханера, Волгоградера, Ростовн областера 145 спортсмен.
Вайн республикин цIарах цигахь дакъалоцуш бара РДЮСШ-лера спортсменаш.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Цигахь Исаев Хьамида (77 кг.) хьалхара меттиг яьккхира, Бибулатов СайдСелима (82 кг.) кхоалгIа меттиг яьккхира.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо