Республикера оперативни хьал

Наркотикашна дуьхьал къийсам дIахьо

Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин белхахоша, Дьяковн урамехь документашка хьажа сацийна хилла 1977-чу шарахь вина волу вахархо.

Таллам дIахьош, полицин белхахоша, цуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина ораматех схьаялар долу, баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу 12 грамм гергга наркотик чохь йолу кехатан ларча.

Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Шелковски кIоштахь йолчу отделан белхахоша, лахаран-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь Бороздиновски юьрта йисттехь болчу новкъахь сацийна 1988-чу шарахь вина волу меттигера вахархо. Тешаш а болуш, цуьнан курткин кисанара схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, кIомалх тера, 120 грамм хиллал йолу наркотик чохь йолу полимеран тIоьрмиг.

Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Нохчийн Республикехула йолчу наркотикашна тIехь терголатторан урхаллин белхахоша, оперативни-лахаран мероприяти дIахьочу хенахь сацийна 1976-чу шарахь вина волу Теркан кIоштан вахархо.

Эцархо санна ша вовзийтинчу полицин белхахочунна, 500 соьмах цо йоьхкина хилла ораматех схьаялар долу, баьццарчу басахь, марихуанах тера наркотик.

Курчалой гIалахь полицин белхахоша сацийна 1996-чу шарахь вина волу ГIалгIайн Республикин вахархо. Цуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина 70 грамм хиллал, марихуанах тера наркотик. Соьлжа-ГIалин вахархочуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина кIомалх тера йолу, 25 грамм гергга наркотик.

Оперативни-лахаран мероприятеш дIахьочу хенахь, полицин белхахоша республикин пачхьенехь сацийна 1960-чу шарахь вина волу Хьалха-Мартан кIоштарчу Iалхан-Юьртан вахархо. Эцархо санна ша вовзийтинчу полицин белхахочунна цо йоьхкина хилла 2–4 грамм гергга марихуанах тера наркотик.

Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Теркан кIоштахь йолчу отделан белхахоша, хьалххе хиллачу оперативни хаамца, полицин отделе валийна 1986-чу шарахь вина волу Лаха-Невре юьртан вахархо. Оцу юьртарчу Солтухановн урамерчу отделе валийначу вахархочун долахь долчу цIа чохь полицин белхахошна карийна хилла сиро-баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу кочалла чохь йолу пластикин шиша.

Вахархочо дийцарехь, шишанна чохь ерг «манга» олу наркотик ю, иза цо ша шена пайдаэца кечйина хилла. Иштта, оццу цIийнан уьйтIахь полицин белхахошна карийна сиро-баьццарчу басахь, ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 40–50 грамм гергга кхехкийна йолу наркотик.

Лакхахь билгалбаьхначу бахархоша динчу зуламийн Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю.

Схьаяьхна наркотикаш т а ллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше. ДIахьош таллам бу.

Масех некъантранспортан бохам хилла

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Шелковски кIоштахь некъан-транспортан бохам хилла. Оьрза-ГIала а, Новощедрински а ярташна юккъехь вовшахкхетта 1977-чу шарахь вина волчу Соьлжа-ГIалин вахархочо урхалла деш йолу «Тойота Хайландер» автомашен а, 1977-чу шарахь вина волчу Дагестан Республикин вахархочун «ВИС–234900» автомашен а.

Некъан бохамехь лазийна «Тойота Хайландер» автомашен чохь хилла 1949-чуй, 1957- чуй шерашкахь йина йолу 2 пассажирка. И шиъ Шелковски кIоштан больнице йигна. Автомашенаш кIеззиг бен йоха ца йина. Грозненски кIоштахь а хилла некъан бохам. Соьлжа-ГIала – Шуьйта автомобилийн новкъахь, Гикало юьртана уллехь вовшахкхетта 1982-чу шарахь вина волчу Гикало юьртан вахархочун «Порше Кайен» автомашен а, 1989-чу шарахь вина волчу Шела гIалин вахархочун «ВАЗ–217030» автомашен а.

Некъан-транспортан бохамехь лазийна «ВАЗ– 217030» автомашенан водитель а, кхо пассажир а. Уьш медицинин гIоьнан республикин клиникин больнице бигна. Лазийначарна оьшуш долу дарба дина.

Иштта, оццу Грозненски кIоштахь, СоьлжаГIала – Шуьйта автомобилийн новкъахь, Йоккха АтагIа юьртана тIекхачале а хилла кхин цхьаъ некъан-транспортан бохам. Шуьйтан кIоштан вахархочун «Лада Приора» а, ТIехьа-Мартан кIоштан «ВАЗ–217030» а автомашенаш вовшашкхетта.

Некъан бохамехь лазийна Соьлжа-ГIаларчу сихачу медицинин гIоьнан республикин клиникин больнице вигна «ВАЗ–217030». Некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу. ДIахьош таллам бу.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон прессслужбин гIоьнца хаамаш кечбинарг – I.МУРТАЗОВ
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: