Прокуратурера хаамаш

ГIалат нисдан дезар ду

Россин Федерацин законаца билгалйина йоцчу герзаца кечъеллачу тобанехь дакъалаца гIо дарна (РФ-н УК-н 33-гIа статья, 5-гIа дакъа, 208-гIа статья, 2-гIа дакъа) бехке а лерина, Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштан суьдо чIогIачу рожан колонехь яккха 8 шо хан туьйхира С.Илесана.

Оцу кхиэлана реза ца хилира прокуратура. Цуьнца доьзна регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс елла апелляци къастийра Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдехь.

Цигахь билгалделира федеральни розыскехь волчу бакъо йоцуш вовшахкхеттачу герзаца кечъеллачу тобанан декъашхочо ахча а луш, дехарца, бехкевеш волчо, хьун йолчу меттехь, дIадиллина ахча лехна хилар а, бакъо йоцуш герзаца кечъеллачу тобанан декъашхочуьнга иза дIадалар а.

С.Илес бехке хилар шеконе а ца дуьллуш, прокуроран заместитела шен апелляци тIехь суьдо бина сацам бохор доьхура суьдехь гIуллакх къасточу хенахь уголовни а, уголовно-процессуальни а законодательствон хаъал даккхий талхораш дарца доьзна.

Лакхара суд реза хилира апелляци тIехь далийначу бакъдолчаьрца. КIоштан суьдан кхиэл йохийра. Уголовни гIуллакх оццу суьде дIахьажийра кхечу суьдахошка къастадайта.

Бехкечуьнга жоп дехна

Нохчийчоьнан прокуратуро теллира пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушдаран регионан дуккха а агIонаш йолчу туьшехь (МФЦ) уьш кхочушдар вовшахтохаран хьокъехь долу закон кхочушдар.

Цо гайтира, законодательствон лехамаш талха а беш, туьшан леррина долу дакъош вовшахтоьхна доцчу муниципальни цхьаьнакхетараллашкахь дехарш динчеран хьашташ, цига дIа а богIуш, туьшан белхахоша маьхза кхочушдеш хиларан хьокъехь болу хаамаш интернетехь йолчу МФЦ-н сайта тIехь бовзийтина цахилар.

И кхачамбацарш дIадахар МФЦ-н директорна тIедиллира республикин прокуроран заместитела Степанов Вадима. Шайга бина лехам нийса лерина туьшахь. Кхачамбацарш дIадаьхна. Ткъа цунна бехке хилла даржера белхахо низаман жоьпе озийна.

Кхиэл нийса йина

Бакъо йоцуш наркотикаш йохкарна бехке а лерина (РФ-н УК-н 228-гIа статья, 1-ра дакъа), Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски кIоштан суьдо юкъарчу рожан колонехь яккха 4 шой 6 буттий хан туьйхира Идрисов Асланна. Амма суьдан оцу кхиэлана реза ца хилира иза.

Ша яздинчу апелляцин арза тIехь цо доьхура уголовни а, уголовнопроцессуальни а законийн норманаш талхорца доьзна суьдан сацам бохор а, уголовни гIуллакхе юха хьажар а. Апелляци къасторан тIегIанан суьдехь хан тоьхначо а, цуьнан адвоката а тIечIагIдира шайн дехар. Регионан прокуратурин уголовни-суьдан отделан прокурора Коптев Александра дакъа а лоцуш, республикин лакхарчу судехь къастийра апелляци.

Идрисовна таIзар билгалдечу хенахь кIоштан суьдо дерриге а хьелаш хьесапе эцна хиларан хьокъехь прокурора дина дIахьедар тидаме а эцна, Лакхарчу суьдо хийцамаш ца беш йитира Октярьски кIоштан суьдо йина кхиэл. Хан тоьхначун апелляцин арз бух боцуш лерира. Кхиэл законан бакъоне йирзина.

Россин Федерацин УК-хь – хийцамаш

Россин Федерацин Уголовни кодексана хийцамаш беш юкъаялийна 200.6 статья. Цуьнца билгалдо пачхьалкхан а, муниципальни а закупкаш яран декъехь даррехь харц экспертни чIагIдарш дарна долу уголовни жоьпалла.

Пачхьалкхан а, муниципальни а товарашна, белхашна, хьашташна закупкаш яран декъехь даррехь харц экспертни чIагIдар дарна экспертана, экспертни организацин векална уголовни жоьпалла тIедужу: баккхийчу барамашкахь зен динехь (1 шаре кхаччалц хан туху, 3 шаре кхаччалц йолчу хенахь, я иза хьесапе ца оьцуш билггалчу даржашкахь болх бар а, цаьрца доьзна гIуллакхаш лелор а доьхкуш); могашаллина доккха зен динехь, я стеган кхалхар хиллехь (3 шаре кхаччалц хан туху, 4 шаре кхаччалц йолчу хенахь, я иза хьесапе ца оьцуш билггалчу даржашкахь болх бар а, цаьрца доьзна гIуллакхаш лелор а доьхкуш); шиннан, я кхин а алсам кхалхарш хиллехь (5 шаре кхаччалц хан туху, 5 шаре кхаччалц йолчу хенахь, я иза хьесапе ца оьцуш билггалчу даржашкахь болх бар а, цаьрца доьзна гIуллакхаш лелор а доьхкуш).

Билгалдаьхначу оцу гIуллакхашкахула юьхьанцара талламаш бар дIахьо Россин Федерацин Талламан комитетан талламхоша.

Бахам къайлабахийтарна…

Нохчийн Республикехь йолчу къинхьегаман пачхьалкхан инспекцехь коррупцица къийсам дIабахьаран хьокъехь долу законодательство муха кхочушдеш ду толлуш регионан прокуратурин векалшна гучуделира 7 гIуллакххочо 2017-чу шарна долчу хьолаца шайн а, шайн хIусамнанойн а долахь йолу объекташ къайла а йохуьйтуш, шайн бахамах а, бахамаллин амал йолуш болчу тIелацамех а шайна болх луш волчунна харц хаамаш белла хилар.

Бинчу талламан жамIашна тIе а доьгIна, Нохчийчоьнан прокурора пачхьалкхан инспекцин куьйгалхочунна тIедиллира билгалдаьхна кхачамбацарш дIадахар. Прокурора бина лехам нийса лерина ведомствехь. Законан талхораш дIа а дохуш, тIейогIучу хенахь уьш цахилийтарна тIехьажийна гIуллакхаш а дина.

Цуьнца цхьаьна законан лехамаш талхийна волчу 7 гIуллакххочунна, ткъа иштта пачхьалкхан органехь коррупцица къийсам дIабахьаран гIуллакхашна профилактика ярна жоьпаллехь волчу даржерчу белхахочунна низаман таIзарш дина.

Зорбанан гIоьнца…

Маршрутни такси юкъахь а йолуш хиллачу некъан-транспортан хиламах лаьцна шуьйрачу хаамийн гIирсаша бина хаамаш теллира регионан прокуратуро. Цо гайтира яйн машен некъан дуьхьалйогIучу машенийн асанна тIеялар бахьанехь иза маршрутни таксих кхетта хилар. Оцу бохамехь пассажираш лазийра.

Иза хьесапе а эцна, Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахула йолчу урхаллин талламан отделехь Россин Федерацин УК-н 264 статьян 1-чу декъана тIе а доьгIна (некъан боламан бакъенаш талхор бахьанехь ларамаза стеган могашаллина доккха зен дар), уголовни гIуллакх долийна. Таллам бар регионан прокуратуро тидаме эцна.

Госпиталехь таллам болийна

ТIемийн ветеранийн республикин клиникин госпиталехь гражданийн могашалла Iалашъярх, производствон а, хьаште хьовзоран а даххех, къинхьегаман, бюджетан, коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш муха кхочушбеш бу хьожуш планаца билгалбина таллам бар вовшахтоьхна регионан прокуратуро.

Таллам дIахьош пачхьалкхан бюджетни учрежденехь деш долчу медицинин гIоьнан дикаллин, дарбанан гIирсашна а, медицинин хIуманашна а закупкаш яран Iалашонца бюджетан ахчанах санехь пайдаэцаран мах хадор бу. Оцу декъехь законаш талхоран хьокъехь долчу гIуллакхех лаьцна хаамаш бан йиш ю республикин прокуратуре.

Директор жоьпе озийна

Ларамза дацара жоьпаллина доза тоьхначу «Кирус» юкъараллехь гонахара Iалам лардаран хьокъехь долу законодательство муха кхочушдо хьожуш республикин прокуратуро таллам дIабахьар. Дуккха а кхачамбацарш гучудехира цо. Иштта, билгалделира Iалам бехдеш йолу хIуманаш хIаваэ дIаоьхуьйтуш долу стационаран хьостанаш гонахарчу Iаламна вочу агIор Iаткъам баран объекташ хиларе терра коммерцин организацис пачхьалкхан учете хIиттийна цахилар.

Кхачо ца йина зене хIуманаш уггаре алсам дIаэхийтар тардолуьйтуш йолу нормативаш кечъярна а, уьш чIагIъярна а. Билгал ца баьхна даххаш кхолларан а, уьш дIасанисдаран а лимитийн барамаш. Векал йинчу органе дIа ца яхьийтина производствон а, хьаште хьовзоран а даххаш кхолладаларан, царах пайдаэцаран, дIасадахьаран, дIанисдаран хьокъехь йолу отчет а, гонахарчу Iаламна вочу агIор Iаткъам барна ял яларан хьокъехь деклараци а.

Регионан прокуратурин сацамца нийса а догIуш, фирмин куьйгалхо Эртуханов Мохьмад бехке лерина Россин Федерацин КоАП-н 8.2, 8.5, 8.46 статьяшца билгалйина административни бакъонаш талхорна. Цунна гIуда тоьхна 18 эзар соьман барамехь. Республикин прокуроран заместитела Степанов Вадима законан талхораш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а дIадахар тIедожийна «Кирус» юкъараллин генеральни директорна.

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: