IТ-Pro проектийн конкурсан толамхой билгалбевлла

Соьлжа-ГIаларчу М.Миллионщиковн цIарахчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан 100 шо кхачарна лерина дIахьош йолчу IT-Pro проектийн конкурсан финал хилира. Университетан Прикладни хаамийн техникин институто вовшах а тоьхна дIахьош яра конкурс.

ХIокху заманахь IТ технологин проекташ кечъяр а, уьш кхочушъяр а оьшуш ду. Цундела оха хIора а шарахь республикин тIегIанехь дIахьош ю IТ технологешкахула йолчу проекташна лерина конкурс. Конкурсо таро хулуьйту вайн студентийн технологешкахула долу шайн хаарш зен а, Ерригроссин конкурсашкахь дакъалаца а, шайн хинйолу говзалла билгалъяккха а. Иштта, финале яьллехь а, толаман меттиг ца яьккхинехь а цхьа а проект тидам боцуш юьтур йолуш яц, – элира Прикладни хаамийн техникин институтан директора, профессора Алисултанова Эсмирас.

Финале яьллачу 15 командина юкъахь тоьлла 3 команда къастош жюри яра. Цуьнан декъашхой бара: Прикладни хаамийн техникин институтан Тестированин а, дистанционни технологийн а отделан хьаькам Бериев Ислам, Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министерствон ЗIенан а, хаамийн а отделан коьрта говзанча Усмаев Илес, Шайх Зайедан цIарахчу фондан бизнес-консультант Юнусов Адам, Нохчийн пачхьалкхан университетан технопаркан директор Алиев Мохьмад.

Конкурс ерзош вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Соьлжа-ГIалин школийн лакхарчу классийн дешархой а. Университете деша бахка церан дог-ойла кхоллаялийта а, студенташна дешарна тIехь гIо-накъосталла, терго еш юйла хаийта а кхайкхина бара уьш университетан куьйгалло.

ХIора а командин проект, конкурсан лехамашца нийса а йогIуш, дика кечйина яра. Атта дацара царна юкъахь тоьлларг къасто. Делахь а, жюрин сацамца хьалхара цхьаъ а, шолгIий, кхоалгIий шишша а меттигаш билгалъехира.

Хьалхара меттиг яьккхира нохчийн мотт Iаморан ловзаран кепехь йолчу «Нохчийн Ловзар» приложенин проекто, шолгIа меттиг – лазархочух хаамаш ларбеш йолчу «MyCard» электронни картийн а, «ЕГЭ дIало» виртуальни дуьненан а проекташа, ткъа кхоалгIа меттиг – бIаьрса ледара долчарна леринчу «Эхолокатор» проектана а, «Multicom» анимацин студин проектана а юкъахь йийкъира.

Шен къамелехь Алисултанова Эсмирас билгал мадаккхара, йисина проекташ тидаме оьцург хилар хаийтира жюрин декъашхоша. Толамхошна мехала совгIаташ а, конкурсан дакъалацархошна массарна а сертификаташ а делира.

ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: IT-Pro проектийн конкурсан финалехь

№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: