Нохчийн дзюдоистийн кхиам

Дукха хан йоццуш ГIебартой-Балкхаройн пачхьенехь Нальчикехь дIаяьхьира кхиазхошна юккъехь (21 шо кхачаза болчарна юккъехь) дзюдохула мехкан Герзашца кечбинчу ницкъийн хьалхеяккхаран чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вара Россин тайп-тайпанчу регионашкара 182 спортсмен. Царна юккъехь Нохчийн Республикера 32 дзюдоист а вара. Хазахетарца билгалдоккху хIора категорехь нохчаша совг1атан меттигаш яьхна хилар.

ДегIан йозалла 55 кийла йолчу категорехь леташ вайн махкахочун финалехь цхьа кIеззиг аьтто ца тоьийра шен Iалашоне кхача. Иштта нисделлачу хьелашкахь шолгIа меттиг яьккхира Ахмадов Адама.

ДегIан йозаллах 3 кийла йолчу категорехь финалехь цхьаьнакхета дийзира Сагаипов Сайд-Салахьан а, Эдильбиев Мохьмадан а. Оцу чулацамечу тасадаларехь толам баьккхира Сайд-Салахьа. Чемпионатехь толам баккхарца билгалвелира Сагаипов Исраил а (90 кг),  Абдулкадыров Iилман а (100 кг), Умаров Найнус а (100 кийлал сов). Иштта шен-шен дегIан йозаллин категорехь йоьзан мидалш ехира З.Албасовс. (55 кг), И.(Джамулаевс 60 кг), Я. Шариповс (66 кг), Э.Тепкаев (73 кг), А.Юсуповс (90 кг).

С-I.Эльдербиевн йоьзан мидал

Чекхдаьллачу кIиранах Орел гIалахь дIаяьхьира «Юность России» цIе йолу дзюдохула турнир. Кхиазхошна юккъехь хиллачу къийсадаларшкахь дакъалоцуш 71 дзюдоист вара, иштта царна юккъехь вайн махкара кхо а вара.

ДегIан йозалла 55 кийла йолчу категорехь Эльдербиев Сайд-Iалис шен хьалхарчу цхьаьнакхетарехь атта толам баьккхира Калуга гIаларчу Дмитрук Русланна тIехь. Бакъду, нохчичунна финале боьду некъ бихкира Москварчу Абуладзе Ягос. Амма вайн махкахо оцу турнирера мидал ца хьош ца висира. КхоалгIа меттиг къовсуш, Эльдербиев Сайд-Iалис эшийра Калуга гIалара Хачатрян Ашот. ДегIан йозалла 60 кийла йолчу категорехь дика леташ схьавогIуш вара Джамалдинов Асхьаб. Амма ах-финалехь ийшира иза. Иштта кхоалгIа меттиг къовсуш а толаме ца кхачавелира. Абдулмеджидов Рамзане а (73 кг) цхьа а мидал ца яккхаелира.

А.АБДУЛАЕВ

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: