Соьлжа-ГIалин цIеяйаранкIелхьарадахаран №1 йолчу декъехь Йиллинчу неIарийн де дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара Соьлжа-ГIалин №11 йолчу школин 7-чу классан дешархой.
Диспетчеран болх бовзуьйтуш дIайолийра экскурси.
– Диспетчеран болх дийнахь а, буса а сема хила везаш бу. Цул сов, диспетчер дика психолог хила везаш а ву, хIунда аьлча, орца кхойкхуш верг, дукха тIех кхеравелла, вист ца хилалуш виса а тарло. Цундела диспетчер кIеда-мерза вистхила веза. Бохам хилла орцадоккхург меттавало веза, тIаккха цхьацца а деш, хаттарш дан деза «ХIун хилла?», «Мичахь хилла?», «Адамийн дахарна кхерам болуш хIумма а дуй?», и.дI. кх.а. Цул тIаьхьа мелла а сихонца орцадехаран хаам дIакхачо беза цIеяйаранкIелхьарадахаран белхахошка, – дийцира Нохчийн Республикин цIеяйаран гIаролан ветерана Мамадиев Мусас.
Иштта, М.Мамадиевс билгалдаьккхира цIеяйаран-кIелхьарадахаран гIо-орца сиха дIакхачар а, бохам хилларг шена орца сихха схьакхочург хиларх тешна хилар а дукхахдерг диспетчерах доьзна хилар.
Экскурсе баьхкинчу дешархоша леррина ладугIура шайга дуьйцучуьнга. Орцадоьхуш, зIене ваьллачунна жоп дала бакъо а яьккхина, зудабераш диспетчерца дисира, ткъа божаберашна цIеяйаранкIелхьарадахаран белхахоша сихонца беш болу кечамаш гайтира.
Дешархойн таро хилира церан белхахоша санна, сихха духар тIедуха а, машен кечъян а. Говзанчаш санна каде ца леллехь а, бераша дукха хан ца яьккхира кечлуш.
ОБЖ-н урокехь хьехархочо шайна хьехначух пайда а оьцуш, цIеяйаран-кIелхьарадахаран декъехула дуккха а хаттарш дира дешархоша, шайн бIаьрг тIе мел хIуттуш йолчу хIуманах дира хаттарш.
Дешархойн хаарш зуьйш, Мамадиев Мусас цIарах муха ларвала веза а, цIе яьлча хIун дан деза а, иштта, уггаре а хьалха, берашна кхерамазалла ларъян хаа дезачух а хаттарш дира.
Нийса жоьпаш алсам дара, ца хиъначу хаттаршна кхоччуш кхета а веш, ша жоьпаш делира цо.
Дешархошна дуккха а пайдехь дерг а Iемаш дIайирзира экскурси.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо