Чов-буц (володушка)
Вайн дайша ширачу заманашкахь дуьйна чов-бецах шуьйра пайдаэцна. Цуьнан цIаро а хьоьху вайна оцу бецах чевнашна дарбанаш лелош, пайдаоьцуш хилла хилар.
Хьаххийначуьра аьлча, чевнаш ерзорехь доккха зеделларг долуш хилла вайн дайн. Ткъа хIокху човбецо чов дукха сиха ерзайо, иза хьу йоьлла, я юзуш елахь а. Iаьвшина буц чов йинчу я хадийначу метте тIеюьллу. Цо чов оцу сохьта ерза а йо.
Иштта, оцу бецаша чов бехъяларх ларйо. Халкъалахь олуш хилла: «Чов-бецо чевнна нIаьна ца бойту».
Хьуьнан кхор (лесная груша)
Нохчийчохь массо меттехь хаалуш бу хьуьнан кхор. Уьш къаьсттина алсам хуьлу лаьмнашца а, лаьмнийн кIажошца а йолчу хьаннашкахь.
Халкъан дарбанчаша хьуьнан кхорех пайдаоьцуш хилла чуо качъелча а, ахкаргашкара тIулг дIабоккхуш а, йовхаршна дарбалелош а. Кхораш дакъош а хилла, хи чу духкуш а хилла.
Кхорех цу боккхуш а хилла. Дакъийначу хьуьнан кхорийн мутт малош хилла хорша оьхучунна, йовхарш йолчарна, чуо качъеллачарна. Бакъийначу кхорех иштта мохса (квас) доккхуш хилла. Иза хинан метта молуш хилла.
Оцу кхорех баьккхинчу цуно токхвеш хилла. Оцу цунах межаргаш деш хилла. Цхьаболчара шура тухуш, кхечара даьтта тухуш.
З.МАДАЕВА
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо