2018-гIа шо чекхдолуш, мерза кхаъ кхачийра вайн махкахошка Нохчийн Республикин Яздархойн союзо. Цуьнан дIадолорца зорбанера араелира Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхо а, нохчийн къоман журналистикин къано а волчу Дадаев Сайд-Хьасанан рогIера книга «Воккха-Дадас – нохчийн гIиллакхех» цIе а йолуш.
Кхета аттачу маттаца яздина, хьекъале дийцарш ду оцу книги тIехь. Книгин коьрта турпалхо ВоккхаДада ву. Цо говза дуьйцу вайн ворхIе дас йоIбIаьрг санна лардинчу, Iалашдар тIедуьллуш вайга схьакховдийначу вайнехан оьздачу гIиллакхех.
Тираж 1 000 экземпляр а йолуш, нохчийн маттахь зорбане яьллачу «Воккха-Дадас – нохчийн гIиллакхех» цIе йолчу книгина юкъахь 24 дийцар ду.
Царах хIора а дешархо когаирахIоьттичахьана, дерриге а шен дахарехула цо лардеш чекхдаха дезачу гIиллакхех ду, нагахь санна, нохчаллех къилба дина и ваха дагахь велахь.
Воккхачунна улле хIоттар, салам далар, тезета вахар, кIант, йоI хийисте хIоттар, керла доьзал кхоллар, и дерриге а ВоккхачуДадина хууш ду, кегийрхошка дIалацийта, церан кхетам самабаккха йолчу Iалашонца цо говза дуьйцу нохчийн къоман гIиллакхех.
ТIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь мехала болх лара хьакъдолуш бу нохчийн меттан говзанчас, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана бинарг.
Ша схьаваьлла халкъ а, дай баьхна латта а дезачу хIора жимачу стеган книгийн терхи тIехь хила хьакъдолуш книга ю иза.
Бакъду, тIекхуьучу чкъурах болчарна чулацаме хьехарш хилла ца Iа «Воккха-Дадас – нохчийн гIиллакхех» книги тIехь. Книгин чаккхенехь Бабин хьехарш а ду.
Бабас деш долу хьехарш вайн мехкаршна лерина ду. Ткъа уьш мел мехала ду дийцина вер а вац.
Доцца аьлча, вайнехан оьзда гIиллакхаш довза хьаьгнарг, бух боцчу сирлачу шовданна тIекхаьчча санна воккхавийр ву, Нохчийн Республикин Яздархойн союзо 2018-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь зорбане яьккхина «Воккха-Дадас – нохчийн гIиллакхех» книга ешахь.
Цахаарийн буькъачу боданера хаарийн беркатечу серлоне кхочур ву иза, шен оьздачу дайн башха гIиллакхаш девзаш.
А.АРАПХАНОВА
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо