Ша цхьаъ цкъа а ца йогIура Деца. Шеца ойланаш, лазамаш, дагалецамаш, йовхомарзо йохьура цо. Бакъду, тахана жимма оьгIазе хетало иза берашна.

«Тешна а цхьаъ ца тайна цунна. И цатам а некъаца хиллачух тера а ду цунна», – аьлла, хетара царна.
Децас дуьйцуш хаьара берашна, цуьнан бераллин уггаре а мерза бахам – иза шекаран коьртах даьхна бIаьлгаш хиллийла. Цо кест-кеста дага а лоьцура «Сибарехь» яьккхина хан. Эццахь дуьйна бага марзйо кампет таханлерчу берашна, иштта доккха хIума хета моьттуш а яра иза.
«Пенсуо схьадеанера суна селхана. Хьажал, Децас шайна хIун еана!», – олуш, кампеташ дIасайоькъура цо берашна.
Царна там хуьллург дора цо. Амма тахана дог-дика Деца цхьана аттачу хIумано дог дохийна йоцийла а, оьгIаза сиха гIон долчу адамех йоцийла а хаьара царна. Цундела берашна хаа лиира тахана шайн Децин синтем бохийнарг хIун ду.
«Деца, хьуна хIун хилла? Хьо цхьамма оьгIазъяхийтича санна ма хета тхуна?», – хаьттира вешин бераша.
Царах йоккхах йолчу йоIа ойланаш кегайора, «кегийрхоша машен чохь охьа хаа меттиг ца елла техьа я кхуьнан некъ хадош, хьалхахула дIабахана техьа къонанаш?». СадаьIна, меттаеанчу Децас ша дийца долийра хилларг.
«Бераш, гIуллакх дина даьккхича бен чекхдолуш дац шуна. ЦIа деш, иза дан доло деза. Амма юьхь а, чаккхе а оцу гIуллакхан ма-хиллара, гIиллакхан а хуьлий хаьий шуна?», – хаьттира цо.
Цул тIаьхьа дийца йолаелира.
«Со кхуза схьайогIуш, машен чу хьалаелира цхьа безамехь 17–18 шо хир долу йоI. Цунна меттиг луш дIахилира цхьа жима стаг. Иза хаза а дара. Амма йоI шина стагана юккъехь долчу гIанта хаа езаш нисделира. Нохчийн Iадатехь нийса дац зудабер я жима зуда божаршна юккъе охьахаар. Жима стаг – студент ца кхетара цунах. Ша меттиг елчахьана тоьаш ду моьттура цунна».
Тхан Децас, Дала декъалйойла иза, дийцина дагадогIура суна.
«Нохчийн гIиллакхан юьхь а, чаккхе а хуьлу», – олура цо.
Тхан Деца зудабер хилла Советийн Iедалан зама тIекхочуш.
«ЛадогIал соьга! Хиъча дика ду шуна, оьшур ду. Хьалха заманахь зудабер дехна дига дезаш дара синкъераме я ловзарга. КIант ца кхайкхича а хIинца а ваха бакъо йолуш ву, синкъерам бу аьлла хезначу. Масане нислора, де садовга лестина, новкъахь хьеелла йисина йогIу жима зуда я зудабер дIакхетадора, вошалла деш, улле ваьллачо. Зуда шен цIа кхетош веанарг кетIара дIа а ца воьдура. Вахача нийса а дацара. Лелацахаар лорура. Нахана хIун хаьа иза мила ву? Зуда мичара йогIуш ю? Зуда наха суьйранна цIа кхетош елахь, иза ца гуш юьсур яц вогIу-воьдург ларвеш, эладитанаш лехьор, дийцар бен деш хIумма доцуш Iа лулакулара зуда. Цуьнан бала ма бац-кх и стаг милла велахь а. Цунна гуш дерг «хьенехан йоI буьйсанна цхьана стагца цIа йогIу» сурт ду. Зуда чуяхийтина ша юхавирзина дIагIур вац нохчийн гIиллакх дика девзаш, оцу гIиллакхан маьIна ма-дарра хууш волу стаг», – дуьйцура Децас.
«Со хьенехан-минехан кIант ву. Со шун йоI схьакхетош веана а ву», – аьлла, ша хьенан, мила ву вовзуьйтур ву цо.
Хьалха иштта дара. Зудчунна вон дош аьлларг жоьпе озош вара. Тахана санна, хетарехьмоттарехь зудчунна хIума ала ца хIуьттура нах. Ткъа хIинца хIун ду?! Iаржъеллачу хенахь машенара охьайоьссина чуйогIу зуда. ТIаккха лулахоша, наха шайн мотт мел керчарг дуьйцу цунах лоций. Цул атта дар-кха нохчийн гIиллакх лелош велахь, иза чекхдаккха хьаьжча. Нохчийн гIиллакхан юьхь а, чаккхе а ма ю. Ша ларъелла а ца Iаш, шен цIарах нехан кхоллало ойла а ларъян езаш, гIийла ма ю зуда», – дийцира Децас.
«Iалелай, Деца! Ма дукха хьекъал делла хьуна Дала. Тхуна а лаьара хьо санна хила!», – даккхийдера бераш шайн дейишех.
«Делахь, сан Деца йоцу а ю дукха хан. Шун Деца а гIур ю шен хан тIекхаьчча дIа. ДецагIара ца лаьтта…Тахана ас шуна дийцинарш дуьйцур дац телевизоро, телефоно. Цундела, и дIогарчу шкафан терхенаш тIехь лаьтта нохчийн яздархойн книгаш гой шуна? Шарахь цхьаъ ешна а, царах йоьшуш хилалаш. Сол эзарза сов хьекъале а, ирсе а хир ду-кх шу, Дала мукъ лахь!», – аьлла, весетах тера, хьехар дира Децас.
З.ХИЗИРОВА
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо