Дашо малх кхоьлича а, дека иллеш хьан

Москварчу Домодедово аэропорте охьадоьссира тхан кема. Швейцарехь, сайн хьеший болчохь, Iийна цIайогIуш яра со. Таможенни зилах сехьаяьлла, чамданаш схьаоьцучу эскалаторна тIехIоьттина лаьтташ, сан доттагIа йолчу Хурцаева Элизас телефон туху соьга…

Хьенех… – соцунгIа хуьлу иза… (ткъа суна зIе хаьдда моттало), – Хьенех, … – халла йистхуьлу иза. – Iабдул-Хьамид дIаваьлла ма боху. Ма боккха иэшам бу иштта стаг вайн халкъана юкъара дIавалар. Дала гечдойла цунна!

Муьлха Iабдул-Хьамид?

Вайн Хатуев Iабдул-Хьамид

Назманийн аз хезаш хетало… «ХIай латта, ахь гечдийр дуй, хьо эрна хьоьшуш болчарна?»…, «Со дIаваларх юрт ма елхаелаш, сан сий айба чурт ма хIоттаде»…, «Дог доьхна бер санна гIийла, оллалой ма хьежа соь, йиш яц дашо малх хьан кхола, бусалба сан Нохчийчоь»…, «ГIаргIулеш къилбехьа йоьлху, дерз а ду тIедетташ дай, дашочу дуьненна воьлху, и дуьтуш лийр ду техьа вай…», «БIаьсте ер ю, дуьне хазлур ду, стигла кхийдаш, делалур ду лаьмнаш, дуьне хаздан ас хIун дуьтур ду, сайна тIехула тIаьххьара лесташ генаш…».

Сайна хьалхахула гонаш туьйсуш хехкалуш чамданаш гира суна..

«ХIоккхул дукха хIорш мичара евлла? Со мичахь ю?» – йицъеллера со. Цхьана юкъанна сецнера зама а, дуьне а… Эххар а, ша цхьаъ хехкалуш цхьа чамда йисинера – сайниг.

Гражданка! Может вы, все таки, заберете свой багаж!!! – аьлла, тIечевхинчу озо дагалецамашкара юхаерзийра.

2011-чу шеран (кхолламан) январь беттан 17-чу дийнахь дара иза. ХIетахь дуьйна дуьнен чохь вац Iабдул-Хьамид. Нохчийн халкъан яздархо. Нохчийн мехкан а, меттан а илланча. Дуьнен чохь вац… Амма цуьнан дош иллешкахь деха.

«Бусалба сан Нохчийчоь» – и цхьа жима гулар яра цо зорбане яьккхинарг. Амма и цхьа книга эзар книгийн метта ю.

Iабдул-Хьамид «Грозный» телерадиокомпане кхайкхинчохь, передача дIаязъеш йолуш, дагна лазар деана, Соьлжа-ГIаларчу №9 йолчу больнице вигначохь, дIаваьлла хиллера. Цо ца лайра хIара зама… Денна юьйцуш нохчалла а йолуш, нохчалла сийзаръяр ца лайна чекхвелира иза. Дог эккхал ца лайра. Нохчийн халкъана везаш ву иза. Цуьнан иллеш дукхадеза. Хьалараохьара боху къаьстамаш бар а дацара цуьнгахь. Нохчийн халкъ цхьаъ дара цуьнан даг чохь. Цуьнан «вуочу» амалех уггаре а диканиг – бакъдош, шаьлта санна, тохар а дара!

Ткъа иза массарна а товш хуьлуш а дац, цкъа а. Халкъан яздархо – иза халкъана дукхавезарг, цунна виц ца луш верг ву. Тахана дукха нахана оьшура Iабдул-Хьамид.

Тхан довзар 1983-чу шарахь Шелахь кIоштан газетан редакцехь хиллера, со 8-чу классан дешархо йолуш. Нохчийн литература, яздархой цуьнгахула бовзар хилира сан. Сан эгIазчу йозанийн критик вара иза.

«ЭхI. ХIара айса язйина хилийта дукха хIума дIалур дара ас», юха, «Шада буьххьехь дIакхосса мегар йолуш кхелли ю хIара!». Иштта суо сайх тешош, некъ гойтура цо суна. Цунна гуонаха къона поэташ, прозаикаш хуьлура. Цунна хаьара кегийрхой, кхоллараллин новкъабаьхна, когабахийта.

Цо дийнна школа кхиийра. Вайн массеран санна гIалаташ а, дагахьбалламаш а боцуш вацара иза а. Гуно Хьамид (цуьнан псевдоним) оьзда вара, Дала похIма делла поэт а вара. Доьзална – дика да, нанна – дика кIант, вежаршна – дика ваша.

Мескер-Эвлара вара иза. Хатуевн цIарах бу цуьнан вежарий беха урам а. Вежаршна дагахь хаьа шайн вешин хIора могIа. Тахана къаьсттина карлабуьйлу цунах болу дагалецамаш а, поэта сан цIарах язйинчу байта юкъара дешнаш а:

Дахка дикане доьлху некъаш,
Ийман-ислам даг чохь хьекъаш.
Ойла ейша эхартан.
Вай а гIур ду
Эххар дIа.

Тхоьх ца хьоьгучохь хуьлда хьо тахана! Дала гечдина, ялсаманин охIла винчу Делан лайх а хуьлда хьо, Хьамид!

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: