Къаьхьа чам бетталучу нохчийн къоман исторера инзаре ирча де ду 1994-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де. Нохчаша нохчашна тIе герз тоьхна, цIий Iанийра оцу дийнахь. Зуламхоша, бехк-гунахь доцуш, байъинчарна юкъахь вара къона режиссер Гузуев Хьусайн. Тахана вайн махкахь гIараваьллачу поэтан Алиев ГIапуран уллера доттагI вара иза.
Хала лайра поэта ларамза кхеттачу герзо шен похIме доттагI хеназа вожор. ЦIеххьана хиллачу шийлачу бохамо бинчу Iаткъамо, дуьххьара байт язъян къолам каралацийтина ГIапуре 1994-чу шеран лахьанан беттан 28-чу дийнахь. Гузуев Хьусайнна поэта яздина могIанаш халкъалахь даха дисина.
Елхалахь, елхалахь, елхалахь, езар,
Ас хьайга дийцинарш дага а лаций.
Хьайн дагна Iийжамаш сох бисна алий,
Елхалахь, мохь тоххий, нахала ялий.
Сан каш тIехь елхалахь, елхалахь, езар,
Сан кIорнеш тIаьхьара елха а еш.
Эзарнаш ас йина ойланаш агий,
Елхалахь, мохь тоххий, нахала ялий…
Алиев ГIапуран 45 шо хилла дуьххьарлера байт цо язъеш. Делахь а, цхьана дийнахь «самадаьлла» похIма дац иза. Тахана кхета Iаламат хала, литературин гонашна и хьуьнаре стаг иштта дуккха а шерашкахь юьстаха хIунда лаьттина. Цуьнан цхьа бахьана хила тарло. Даима а ГIапурехь хилла гIиллакхоьздангалла, собар а. Иза сиха ца хилла шен йозанаш нахаладаха, сатийсамечу кхоллараллин кхиамех марзо эца.
Цхьацца гIулч йоккхуш, кхечаьрга леррина ладугIуш, диканиг схьаоьцуш, шен экамечу даго тIецалоцург юьстахтоттуш, кхаьчна иза толамийн лакхене. Цундела вайн дукхахболчу махкахойн дегнашкахь лараме хьаша хилла, хьакъ доллу меттиг дIалаьцна цо. Тахана нохчийн музыкальни культурехь мах боцу беркат хилла дIахIиттина цуьнан дешнаш тIехь даьхна зевне иллеш.
Нохчийн къоман поэзин исбаьхьачу хьаьттахь, шатайпанчу башхаллица къаьсташ, къегинчу басарша серлаяьккхина майда ю цуьнан кхолларалла.
ЦIанло вай, бехъелла бедар а йиттий,
ДIаьвшечу ойланех хьекъал а литтий,
Цахиндерш цхьа ханна юьстах а таттий,
Вовшашка къинхетам коьрте а биллина.
Дайх дисина оьзда дош, сий караэций,
Баланаш, гIайгIанаш вовшашца екъий,
ЦIанло вай, массо вон мел дерг дитий,
Массо а диканийн дай хилла, гIовттий…
Бералла
Шен нийсархой санна, генарчу Казахстанехь 1949-чу шеран кхолламан (январь) беттан 2-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Алиев ГIапур. Казахстанан Акмоленски областан Атбассарски кIоштахь яра кIантана дуьххьара дуьненан серло гина Мутнак цIе йолу юрт. Цигахь вахара иза юккъерчу школин хьалхарчу классе деша а.

Бакъду юьхьанцара школа хIара чекхъяьккхина валале, вайнахана Даймахка цIаберза маршо елира. Доьзал а балош, шен ворхIе да ваьхначу Мартан-Чу цIавирзира ГIапуран да Хьамид. Цундела юккъера школа чекхъяккхар Мартан-Чохь хилира цуьнан. Бераллехь дуьйна, ира хьекъал, сема кхетам болу кIант дика доьшуш вара. Къаьсттина дукхаезара цунна литературин урокаш.
Хаддаза книгаш йоьшуш а вара иза. Самукъадолуш йоьшура нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а. Кхин цхьа ирс хиллера ГIапуран бераллехь. Цуьнан денанна Iаламат дукха туьйранаш хаьара, цо уьш даима а шен кIентан берашна дийца а дуьйцура.
Леррина ладугIура ГIапура цаьрга. Ойланашкахь бабас дуьйцучу туьйранийн турпалхойн накъост хуьлий, кест-кеста, анайистал генна дехьа йолчу паналле кхочура кIант. Иштта, ГIапурана бераллехь дуьйна дика евзара нохчийн къоман халкъан бартакхолларалла. ТIаьхьуо цунах пайдаоьцур бу цо шен кхоллараллехь. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан говзанчаш кечбечу техникуме деша воьду Алиев ГIапур.
1968-чу шарахь техникум чекхъяьккхина ваьлча, «Грознефть» цхьаьнакхетаралле балха воьду. Соьлжа-ГIаларчу тайп-тайпанчу заводашкахь белхаш бина цо. Ленинан цIарах йолчу мехкадаьттанан сурсаташ дечу заводехь, «Нефтехимзапчасть» цхьаьнакхетараллина юкъайогIучу «Приборостроительни» заводехь, иштта кхечанхьа. Амма мехкадаьттадаккхархочун корматалла караерзийнехь а, ГIапуран дог-ойла тIе ца йоьрзура заводашкахь бечу белхашна.
Цуьнан ойла даима а кхоллараллех хьерча. Балхана юкъара ца волуш, поэта кхиамца чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн университетан филологин факультет.
Кхолларалла кхиаран новкъахь
1980-чу шарахь Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театре балха хIутту ГIапур. Юьхьанца могIарера белхахо хиллехь а, тIаьхьо постановочни цехан куьйгалле хIоттаво иза. ТIаккха цунна тIехь хуьлу театро мел хIоттош йолчу спектаклана декорацеш кечъяр. Самукъадаларца бо ГIапура и болх. Театрехь цунна бевза вайн похIме актераш, режиссераш, кест-кеста царна тIебогIу яздархой, поэташ.

Цаьрца, дукхахболчаьрца, уллера гергарло а тосу цо. ДоттагIашна дукхавеза шайн керла накъост. КIорггера нохчийн а, оьрсийн а, дуьненан а литература евзаш хиларал сов, Алиев ГIапур бераллехь дуьйна, дечиг-пондар локхуш а, илли олуш а вара.
Цо муьлхха суьйре а хазйора доттагIий вовшахкхеттачохь, шатайпанчу башхаллица къаьстачу озаца илли олуш, тIаьхьара пондар балош. Юьхьанца ГIапура нохчийн маттахь язйина байташ. Уьш вайн махкахь арадовлучу газеташа, журналаша зорбане яьхна. Амма тIаьхьо поэта оьрсийн маттахь язъян йолийнера байташ. Уьш говза язйина карайора дешархошна.
Бакъволчу поэтан Алиев ГIапуран цIе гIараяла юьйлира чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь. Иза чIогIа Iехавеллера «нохчийн революцин» йоргIачу боларх. ГIапура алссам иллеш дехира шена, цхьана ханна, турпалхой тарбеллачу зуламхойх. Цунна цу тIехь бехк буьллийла дац. Иза поэт вара. Бакъволу поэт. Политикех долчу шовкъечу ловзаршна дукха гена волуш. Цкъа мацах дуьненна вевзачу Маркс Карла аьлла: «Са маьрша хилийта, нохчех Iама!».
Зуламхоша иллешкахь юьйцучу маршонан бIарлагIаш яра Алиев ГIапуран маьрша са йийсаре лаьцнарг. Амма, муьлхха а хьекъал долу стаг санна, поэт сиха кхийтира зуламхойн акхараллех, церан гомхачу некъах. Цу шерашкахь яздина ду цуьнан хIара могIанаш.
Сий хилларш, сий дайнарш иэбина, Сийлалла сийсазъеш, ГIелонаш, харцонаш яржийна, ХатI доцчохь «бохь» боьгIна, Хьашт доцчохь «бIов» баьхна, Ийманах дIахедда, Массо а, цхьаъ санна, цхьатерра гIаьттина, Массарех къуй хилла, ХIай даяла, ма даха хевши вай! ХIай даяла, ма кIентий хилла вай!.. Дахаран аьзнех юьзина ю ГIапуран поэзи.
Карарчу хенахь, тахана, хIинцца вехаш ву цуьнан лирикин турпалхо. Иза хаддаза лехамехь ву. Чолхечу дахаро хьалха хIитточу хаттаршна жоьпаш лоьхуш. Баккхийчу бохамаша ша мел халачу хьелашка хIоттинехь а, поэтан лирикин турпалхо хьаьгна ву ирсе ваха, цо цкъа а Делан диканах дог ца дуьллу.
Вайн махкахь гIараваьлла вевзачу литературин критика Бурчаев Хьалима, иштта, яздо поэтан лирикин турпалхочух: «Алиев ГIапуран поэзи йоьшучунна юххера а, вевзаш а ву цуьнан лирикин турпалхо-къийсамхо. Цунна хийра ду дахарна текъамаш бар, цхьана а тайпана чIеIамаш бар. Цо дахар, ша ма-дарра, тIеоьцу, цуьнан хазахетаршца а, халахетаршца а. Цу тIе, автора нохчийн меттан исбаьхьаллин гIирсех говза пайдаэцаро а безам бохуьйту цуьнан поэзига».
Ткъес санна, левзина, жималла дIаяхна, Букъ саттош, тIебеъна шерийн мохь базбелла, Нийсархойх каетташ, заманаш дIаихна, Дависарг, ойланаш ма сиха гIелъелла. Шарал а яхъелла, буьйсанаш язъелла, Буьйсанийн ойланаш стим санна, къахьъелла, Кханенга сатуьйсуш, тахненаш ширъелла, Дависарг, ойланаш ма сиха гIелъелла…
Вай лакхахь билгала ма-даккхара, Алиев ГIапура дечиг-пондар тIехь, дукха хьолахь, ша дIаолура шен иллеш. Иштта корматалла йолчу стагах бард олу. ЛадогIархойн бакъо ю вайн турпалхочун иштта цIе яккха.
Делахь а, суна Алиев ГIапур мехкан илланча вара аьлла хета. Ша схьаваьллачу нохчийн къоман лазамаш, сингаттамаш, баланаш, гIайгIанаш яра цо мукъаме ерзийна, дIакхайкхош хилларш. Амма иза данне а дац кхечу иллиалархоша цуьнан байташ тIехь болх ца бора бохург.
Вайн махкарчу тоьллачу иллиалархоша шайн репертуаре схьаэцна ГIапуран дешнаш тIехь даьхна дукха иллеш. Царах цхьаъ ду Нохчийн Республикин халкъан артиста Абдукаримов Илеса дIаолуш долу «Сан ойланех туьйра хили» илли.
Ойла яра, ойла яра ахьий, асий йина ойла,
Ахьа айххьа, аса айсса ца оьшучохь йина гIайгIа.
Некъаш дара, некъаш дара сан даг тIера генна доьлхуш,
Геннахула го а тосий, со-суо сайца девне вохуш.
Ойла йина, ойла йина, йина ойла кIорда йина,
Ца оьшшучохь айхьа йина гIайгIа суна сайнна йитна,
Сан даг тIера некъаш хедош, ахь кхечанхьа некъаш дехки,
Суна гонах гуо а туьйсуш, сан ойланаш акхаехи…
Аттачу маттаца, маьIнех кхета хала доцуш язйина ю ГIапуран байташ. Уьш ешча бIаьрла гуш ду цунна кIорггера нохчийн мотт хууш хилар а, дайх дисина оьзда гIиллакхаш цуьнан сица дехаш хилла хилар а. Алссам байташ ю поэтан безамах лаьцна язйина. Амма уьш цхьа а яц вайнехан гIиллакх-оьздангаллина бIостанехьа йирзина.
Шен сица, цIийца, схьаваьллачу орамца поэт оьзда хилла хиларна къеггина тоьшалла ду иза. КIезиг дац поэтан башхачу кхоллараллехь патриотикех долу иллеш а. Кхин хIумма а ца хилча а, Нохчийн Республикин халкъан артисткас Ахмадова Аминас дIаолуш долу «Къонахийн зама» илли тоьар дара, вайн махкахь тIекхуьучу чкъураца, кхетош-кхиоран болх дIабахьа.
ЛадогIархойн синкIоргене кхача ницкъ болуш илли ду иза. Цо Iамаво дай баьхна латта деза, хастам хиларо АллахI-Дала хьо нохчи кхолларх дозалла дан, Даймахкана тешаме хила. Цо кхойкху адамалле, машаре, маршоне, къинхетаме, синъондалла кхиоре.
Туьйранехь йийцинчу сихаллех таръелла,
Йортъэцна йоьду хьо, къонахийн зама.
Хьан лорах вогIу со, са хаьдда, гIелвелла,
Собар де, сих ма ло, къонахийн зама.
Заманаш хийцалуш, дуьхьал куьг тесина,
Хьо ловзош баьхначу къонахийн дуьхьа,
Халкъашлахь яьккхина нохчийн цIе ларъялца,
Собар де, сих ма ло, къонахийн зама…
Алиев ГIапуран сонеташ
Муьлххачу къоман литературехь чолхе ларалучу сонетийн жанрехь болх бан а ларийна Алиев ГIапур. Дуьненан литературехь сонетийн кеп евза дукха хан ю. Иза ХIIIчу бIешарахь италхойн поэташа юкъаяьккхина. Делахь а, царна юкъахь а сонеташ язъярца бIаьрлачу кхиамашца билгалавуьйлу ХIV-чу бIешарахь ваьхна поэт Петрарка Франческо.

1327-чу шарахь дуьххьара гина цунна шена дукхаезаелла йоI Лаура. Жимачу стеган къона дог морцучу безамна жоп луш ца хилла Лаурас. И бахьана долуш, сонеташ язъян волавелла Петрарка.
XVI-чу бIешарахь поэзехь сонетийн кеп караерзийна ингалсхойн поэташа, шайна юкъахь тоьлларг Шекспир Вильям а волуш. Цул тIаьхьа-м ерриге а Европин поэташа шайн кхоллараллехь пайдаоьцуш хилла сонетийн кепах.
Росси XVIII-чу бIешарахь кхаьчна сонетийн жанр. Дельвиг, Пушкин, Фет, иштта кхечу поэташа болх беш хилла сонетийн жанрехь. Советийн поэтийн кхоллараллехь а хаало поэзин и чолхе кеп.
ХХ-чу бIешарахь нохчийчу а кхаьчна сонетийн жанр. Мамакаев Мохьмада, Сулаев Мохьмада, Ахматова Раисас, Арсанукаев Шайхис, иштта дуккха кхечеран а кхоллараллехь хаало оцу кепехь язйина говзарш.
Делахь а, оцу жанрехь лакхене кхаьчнарг Алиев ГIапур ву аьлла хета. Нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а язйина поэта шен сонеташ. Уьш зорбане йийлина «Нана», «Вайнах», «Орга» журналийн агIонаш тIехь. Дешархоша боккхачу безамца тIелаьцна уьш. Дукха хьолахь, «Гуинплен» псевдонимаца зорбане йийлина ГIапуран говзарш.
Со хилар, цахилар биэ-башха доцуш,
Хьан ойла генна кхечанхьа кхерста.
Хьан бIаьргийн къизачу шелонехь вохлуш,
Сан туьйра хьан хазчу аматах хьерча.
Лакхарий, лахарий юккъе а озош,
Юкъ нисъян гIерта ойланаш тахна,
Хьуьллагий, эццагий со дIай-сай лоьхкуш,
ЦIинъелла цIийза ширъелла ойла…
Шена девзачу, дезачу адамех, Iаламан исбаьхьаллех, дахарехь нислучу галморзахаллех ю поэтан сонеташ. Шена гинчунна, бен-башха ца хета, тергамхо хилла Iийна вац поэт. Цуьнан даг чухула чекхдевлла буьрса денош, сица лезна. Оцу лазамо кхиийна ойланаш ю ГIапура кехатах тешийна, вайн кхиэле ехкинарш. Байташка йирзинчу поэтан ойланийн ницкъкхочу дешархойн синкIоргене кхача, синтем бохо, ойла карзахъяккха.
Со ца кхеташ, сох ца кхеташ,
Хийла йогIу заманаш,
Ойъий, генна, лакхавоккхий,
Генна кIорге воссавеш,
Ойла тешош, эсал хьостий,
Кхетам бойъий, велхавеш.
Цхьанхьа – доьхий, кхечахь – оьций,
Гулдеш стешха дозаллаш,
Эхьцахетар, сийдеш, ойъий,
Вовшахбетта бахамаш,
Со ца вешаш, сох ца ешаш,
Гондахьа хьийза ардангаш…
Алиев ГIапур – драматург
Дуккха а шерашкахь вайнехан къоман театрехь болх бинчу Алиев ГIапурана буххера девзара театран хьал а, драматургин низамаш а. Цундела, дукха тамашийна ца хета похIмечу поэтан пьесаш хилар. Уьш ерриге а «Орга» журналан агIонаш тIехь зорбане йийлина а яра, дешархоша хазахеташ тIелаьцна а яра.
Цхьа шатайпа забаран хIо детталуш ю пьесийн цIерш а. «Гезарий», «Жуккарш», «Да воцу доьзал». Кхоъэ а пьеса трагикомедин жанрехь язйина ю, бакъдолчунна тIера схьаэцна, нохчийн къоман къаьхьа селхане Iорайоккхуш ю. Кхаа пьесин а цхьа тема ю ала мегар ду.
ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Нохчийчохь лаьттина «хьовр-зIовр» беламе дерзош, карладоккхуш ю уьш. Вайна и жухаргийн ловзарш диц ца далийта. Масала, «Гезарий» пьеси тIехь чулаьцнарг 1995–96-чуй шерийн мур бу. Пьесин турпалхошна хаьа шаьш цу тойнехь ларамаза нисделла хьеший дуй. ЦIерш а ю церан массеран а, цхьабосса, хаза: «Зуздеънарг», «ЦIузлаьцнарг», «Къиг», «ЦIен къутIа», «Харц Iаббаз», «Калокхеттарг», иштта дIа кхин а.
ТIеман цIергахь боллучу Даймахках сутара кадетта екхаргаш ю уьш. Царна бен-башха ца хета, хи мел туху серлаюьйллуш дай баьхначу лаьттах тIеман цIе кхерстарх, миска адамаш цIийла керчарх, бераш мацалла делхарх. Царна коьртаниг – шайн гай дузор ду, шайн хIусамашкахь зовкх латтор ду. «Гезарий» пьеси тIехь дийца долийнарг кIаргдеш, шордеш, кхин а чIогIа даздеш ю «Жуккарш» цIе йолу пьеса.
Цу хенахь вайна гина «динан дай» бу цу тIехь буьйцурш. Церан «шураш-мураш», «шарIан кхиэлаш», «гужбанаш». Са эгIаза долу адамаш ду, ахчанах хьаннах а эла ван кийча долуш, ахча доцург къинхетамза хIаллак а веш. Вайна гина, вай лайна эрчонаш ю-кх уьш, Алиев ГIапура цхьадолу суьрташ къегинчу басаршца серладохуш, тIаьхьарчу тIаьхьенашна хаийта пьесе ерзийна.
Оцу шина пьеси тIехь дуьйцучун чаккхе ю аьлла хетало «Да воцу доьзал» пьеса. Уьш бара уьш, шолгIачу тIеман цIерга Нохчийчоь кхоьссина турпалхой. ГIапуран дика аьтто баьлла шен трагикомедешкахь хIетахьлера хьал ма-дарра дийца, гайта. Автор дийна волуш, Нохчийн къоман театран сцени тIехь хIотто кечйина яра и трагикомедеш. ХIинца уьш терго йоцуш, юьстах хIунда теттина хууш стаг а вац.
Къоман театран сцени тIехь гайтарх зен хир дацара аьлла-м хета уьш, селхане йиц ца ялийта. Ишттачу сонталлех кхул тIаьхьа вай лардалийта.
ТIаьххьара дош
Цхьана а кепара шеко йоцуш, похIме адам дара Алиев ГIапур. Цо байташ язйора, тIаьхьара дечиг-пондар балош илли олура, пьесаш язйора, журналистикехь болх бан ларийра.
Дала гIазот къобалдойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас буьрсачу тIамо къинхетамза Iовжийна нохчийн халкъ шен турпалчу букъа тIехьа лаьцна вайн мохк меттахIотто болийчахьана, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь болх беш вара ГIапур.
Коьртачу декъана вайн махкахь зорбане дуьйлучу журналашкахь къахьоьгуш вара иза. ТIаьхьарчу хьенахь «Нана» журналан редакцехь болх бира цо.
Шен тайначу амалца, массаьрца мегаш, тарлуш чекхволуш вара. ГIо-накъосталла оьшучохь, орцанца гIатта кийча а вара. Белхан накъосташна дукхавезара, адамаллех юьззина башха амал йолу Алиев ГIапур. Цуьнан цкъа а, цхьаьнцца а хьагI-гамо яцара я эмгаралла дацара. Иза бакъволу поэт вара.
Шен заманан говза сурт доккхуш, байташка дерзийна поэт. Ловзарга санна, самукъадолуш вогIура иза ша болх бечу Зорбанан цIийне. Массаьрца ийна, велавеллавекхавелла гора даима, иштта цунах самукъа белхан накъостийн а долура. Амма и самукъадаларш дахлур долуш ца хиллера.
2011-чу шеран бекарг (март) беттан 16-чу дийнахь шийла кхаъ баьржира Нохчийчохь, мехкан илланча, Россин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхо, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо Алиев ГIапур дIаваларан хьокъехь. Нохчийн къоман литературина боккха эшам бара поэтан зевне аз декачуьра сацар.
И ГIапур санна похIме адам вайх дIакъастар, халкъана, махкана эшам бара. Делахь а, вайца яха йисина поэтан башха кхолларалла. Иза вайца мел ю, халкъан иэсехь лаьттар ду поэтан сирла васт.
ГАЗИЕВА Аза
№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо