Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран, махлелоран министерствехь йоккха кхеташо хилира. Цигахь йийцаре йира Нохчийчохь жимий, юккъерий предпринимательство кхиоран проблемаш а, таронаш а, ткъа иштта дийцира республикин субъектийн инвестицийн хьолан къоман рейтинг юкъаялора лаьцна а.
Кхеташонехь дакъалецира республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочун заместитела Я.Бисултановс, республикин Правительствон жимачу а, юккъерчуй бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу Комитетан председателан заместитела А.Джамухановс, республикехь предпринимателийн бакъонаш ларъяран векала И.Усмановс, министерствон векалша, республикин гIаланийн округийн, муниципальни районийн куьйгалхоша, предпринимательша.
Республикин экономика, мохк кхиоран, махлелоран министра Хучиев Муслима ша динчу къамелехь билгалдаьккхира жима а, юккъера а предпринимательство республикин экономика цхьанаэшшара сихха кхиоран гIирс хила декхарийлахь хилар.
Нохчийчохь жима бизнес кхиоран Iалашонца кхочушъеш ю «2014 – 2018-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон гIолацар а, кхиор а» аьлла йолу Пачхьалкхан программа. Цуьнца билгалдеш ду республикин бюджетан ахчанан чоьтах 1,2 миллиард сом сов ахча къастор. – билгалдаьккхира Хучиев Муслима.
Министра дийцарехь, жимачуй, юккъерчуй предпринимательствон гIолацаран а, кхиоран а муниципальни программашна цхьаьна ахчанаш къасторна муниципальни 17 районна а, гIаланийн округашна а делла 143,2 миллион сом.
Цул тIаьхьа доклад йира республикин жимачуй, юккъерчуй бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу Комитетан председателан заместитела А.Джамухановс.
Шен къамелехь цо билгалдаьккхира Комитето жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон гIолацарна а, кхиорна а тIехьовсийна цхьамогIа гIуллакхаш кхочушдеш хилар. «Амма уггаре а хьалха къасто деза коммерчески банкашкахь жимачу бизнесна кредиташ даларан гIуллакх», –элира А.Джамухановс.
Нохчийчоьнан экономика, мохк кхиоран, махлелоран министран заместитела Хь.Мусталаевс дийцарехь, 2015-чу шарахь экономика цхьанаэшшара сихха кхиорна а, социальни хьал бег1ийла хилийтарна а кхачоярхьама хьалхарчу рогIехь дан дезачу гIуллакхийн планаца нийса а догIуш (Россин Федерацин Правительствон 2015-чу шеран 27-чу январехьлерчу распоряженица чIагIйина йолчу), федеральни тIегIанехь билгалдеш ду налогаш луш болчарна налог лахъян Россин субъекташна бакъо луш долу нормативно-бакъонийн акташ тIеэцар. Иштта билгалдеш ду производственни а, дахаран-Iеран хьашташ кхочушдаран а дакъошкахь дуьххьара дIаязбина болчу предпринимательшна «шина шеран налогийн каникулаш» юкъаялор.
Лакхахь хьахийначу министерствон инвестицийн белхан, кластерни политикин департаментан директора Р.Дакаевс шен къамелехь кхеташонан дакъалацархошна бовзийтира республикехь инвестицийн хьал тодаран 1алашонца кечдинчу «некъан картин» гайтамаш. Некъан карти тIехь бу Iалашоне кхачарна билгалбина болу 45 гайтам.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочун заместитела Я.Бисултановс билгалдаьккхира жима а, юккъера а предпринимательство кхиор а, цуьнан гIолацар а республикин куьйгалло шен белхан коьрта некъ лоруш хилар.
Докладаш чекхъевллачул тIаьхьа ладуьйгIира кхеташонехь дакъалаца кхайкхинчу предпринимателийн хаттаршка.
М.Хучиевс билгалдаьккхира дийцина долу дерриге а гIуллакхаш тидаме оьцург хилар.
Кхеташонехь билгалделира цхьаболчу предпринимательшна жимачу а, юккъерчу а бизнесан пачхьалкхо гIолацаран гIуллакхаш девзаш цахилар. Цуьнца доьзна М.Хучиевс тIедиллира жимачу а, юккъерчу а бизнесан гIолацарна лерина йолу ерриге а программаш йоццачу хенахь цхьаьнатохар гулъяр а, предпринимательшна йовзийтар а.
Билгалдаккха деза предпринимателийн болх тобаран Iалашонца республикехь коммерчески йоцу организацеш ехкина хилар: «Нохчийн Республикин тешаман фонд», «Нохчийн Республикин жимачуй, юккъерчуй предпринимательствон гIолацаран фонд», «Нохчийн Республикин микрофинансийн фонд». Цара жимачу бизнесан пачхьалкхо тайп-тайпана гIолацаран гIуллакхаш до: юкъара хилар, гранташ, субсидеш ялар. Жимачу предпринимательствон субъекташна офисийн туьшаш йо (бизнес инкубаторш). Цара предпринимателийн дешаран, консалтинган, юридически хьашташ кхочушдо, гIоленаш яран хьелаш долуш офисийн чоьнаш ло. Карарчу хенахь республикехь болх беш ю 10 бизнес инкубатор.
2015-чу шеран 1-чу январана республикехь дIаязвина ву болх беш волу 27,1 эзар предприниматель а, 5,2 эзар жима предприяти а.
Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран, махлелоран министерствон пресс-служба