Дуьххьарлера кинотеатраш

Юьхьанца царах олуш хилла ма-хиллара, синематографаш я иллюзионаш Соьлжа-ГIалахь дуьххьара гучуевлла бIе шо сов хьалха. Ма-дарра аьлча 1908-чу шарахь, вежарша Огюста а, Луиса а ЛюмьергIара кино юкъаяьккхина шийтта шо даьллачул тIаьхьа.

Дагадаийта лаьа, 1840-чу шарахь Соьлжи йисттехь йина хиллачу базара хIора шарахь дестий, Соьлжин хи базара хьодуш хилла хилар а, нохчийн а, кхечу къомах болчу бахархойн а дехарца и базар 1850-чу шарахь Буьрса гIопана дикка юххе оьзна хилла хилар а.

Оцу меттигашкахь 1896-чу шарахь мехкадаьттан гIирсаш кечбеш йолу «Молот» (тIаьхьа «Красный молот») завод йиллира Фаниевс, ткъа Хохловс литейни механически завод (тIаьхьа «Автоспецоборудовани») йиллира.

Базаран майда хиллачохь 1908-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу совдегарша В.Родомашельскийс а, Г.Вишневскийс а аннийн йоккха бун йира. Цуьнан тхевнан цхьана агIонна тIетуьйхира: «Иллюзион модерн» тIе яздина у, дехьа-сехьа кхо бос болу байракх а тухуш. Ярмарка схьаеллале дикка хьалха гIалин керташ къарзйира царна тIейиттинчу афишаша.

Цара гIалахой кхойкхура «дийначу суьрташка» хьовса. ХIетахь зорбанехула хаамаш бан аьтто бацара. Деккъа цхьаъ бен хилла доцу «Грозненские ведомости» газет жандармерис 1906-чу шарахь дIакъевлинера.

1908-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнахь, ярмарка болх бан йолаеллачу хьалхарчу дийнахь, зурманийн оркестр а локхуш, дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь дуьххьарлера иллюзион схьаеллар.

Билеташ деза хиларо а публика юха ца туьйхира. Нах тобанашкахь оьхура хьовса. Юх-юххе гIанташ хIиттийна йолу иллюзионан чоь сихха дIаюзура адамаша. Сеанс кхаа декъах лаьтташ яра. Иза 40 минотехь лаьттара.

Стогар дIабойъура. Локхуш пианино а болуш, экрана тIехь гучуйолура къорза боргIал, цунна тIехула яздина йоза хуьлура: «Фирма Пате». БоргIална бухахь кхин цхьа йоза а гучудолура: «Патена массо хIума а гуш ду, Патена массо хIума а хууш ду».

Цул тIаьхьа боргIал гучура дIайолура. ДIадолалора суьрташ гайтар. Суьртийн хьалхара дакъа лерина хуьлура дуьненара хьал довзийтарна, шолгIачу декъехь суьрташ гойтура, кхоалгIачу декъехь йоца комеди гойтура. Гойтуш йолу ерриге а фильмаш дозанал арахьарчу «Пате» фирмин яра.

Аппаратура кхачаме цахилар, электроток цхьанаэшшара схьалуш цахилар хаалора суьрташна тIехь. Уьш цкъа Iаржлора, юха серладовлура, юха тIех меллаша гойтура. Лента кест-кеста хедара.

Чохь цигаьркаш ийзарна буькъа кIур хуьлура. Амма, оцу дерриге а кхачамбацаршка хьаьжна ца Iаш, хьовсархой чIогIа реза хуьлий, баккхийбеш, дIабоьлхура. Ярмаркаш дIахьош болчу берриге а муьрехь Iуьйранна дуьйна сарралц сеансаш хуьлура. ХIоразза а чоь юьззина нах хуьлура. Компаньонаш ахча чухьокхуш бара.

Кестта Соьлжа-ГIаларчу Шапито циркан вежарийн Труццин филиало аттракционан программи юкъадалийра пхийтта минотан «Дурашкина» комедийн фильм гайтар. Цирк Соьлжа хин аьтту берда йистехь яра, 1995-гIа шо кхаччалц «Чайка» хьешацIа лаьттинчу меттехь.

Ткъа 1910-чу шарахь дуьйна гIали юккъехь, догIа деанчул тIаьхьа гучудовлу жIаьлинускалш санна, гучуйовла юьйлаелира аннех йина, чоьнаш йохъеш йоцу иллюзионаш. ТIаьхьа царах синематографаш, юха кинематографаш ала долийра. Царах хьалхарчарах цхьаъ яра совдегаро Шабасона гIалин бешахь йина «Аквариум».

Иза хIинца Соьлжа-ГIалин мэри а, цунна хьалхара майда а йолчохь яра. «Санехь йолу» меттиг къуьйсуш боккха къийсам бара совдегаршна юкъахь дIабоьдуш, Дундуковски (Революцин) урамехь схьайиллира «Аполло» а, «Солей» а цIерш йолу ши синематограф. Царна жимма генахь – «Прогресс».

Циггахь, Вокзальни урамехь 1910-чу шарахь ян йолийра «Арс» кинотеатран кибарчигийн ши гIат долу гIишло. Цуьнан проект хIоттийнарг архитектор А.В.Станевич вара. «Арс» кинотеатр хьаькамашна а, хьал-бахам болчу гIалахошна а еш яра, хьалхарчу гIат тIехь гардеробни яра, калош дIаяьхна, охьаяхка меттигаш а йолуш.

Фойе яра кузаш, палсаш тесна, дIахIоттийна йийбар йолуш, пальмаш йолуш, механически пианино болуш. Оццу гIат тIехь буфет а яра. ШолгIачу гIат тIехь хьовсархойн зал яра. «Арс» кинотеатрана тIаьххье ян йолийра йоккха «Гигант» кинотеатр.

«1910-чу шарахь болх беш яра вайн махкахь вовшахтоьхна йолу кинематографин фирманаш. Дозанал арахьарачарал кхин оьшуш а яцара уьш. Цундела, дукха хан ялале дозанал арахьарнаш Россин рынкера «теттина» дIа а ехира уьш. Тоьллачарах ларалуш яра А.Хонжонковн а, А.Дранковн а фирманаш.

Оцу хенахь хьовсархошна дукха безаш болу «киноседарчий» бара артисташ И.Мозжухин а, В.Максимов а. ТIаьхьуо сирла седа хилла дIахIоьттира Холодная Вера. Шен хазаллица, говзаллица «У камина», «Молчи, грусть, молчи», кхечу а киносуьрташкахь хьовсархойн дегнашна бицлур боцу тIеIаткъам бора цо». Иштта яздора «Грозненский рабочий» газето 1981-чу шеран мангалан (июль) беттан 25-чу дийнахь.

XX-чу бIешеран юьххьехь хиллачу аз доцчу кинон седарчий дара уьш дерриге а. Амма тахана кIезиг бу XX-чу бIешеран 30–50-чуй шерашкахь советийн уггаре а сирла киноседа хилла йолу цIеяххана артистка, СССР-н халкъан артистка Орлова Любовь Соьлжа-ГIалахь хиллий хууш берш. Кхузахь шозза хилла иза. Дуьххьара иза вайн коьртачу шахьара еара кхузткъа шо хьалха.

Цуьнан концерт хилира С.М.Кировн цIарахчу паркехь. Чу а ца тарлуш, дукха адамаш дара цуьнан концерте хьовса даьхкина. ШозлагIа иза Соьлжа-ГIала еара 1967-чу шеран асаран (июнь) баттахь.

Л.Орлован кхоллараллин суьйре дIаяьхьира «Машиностроитель» аьхкенан кинотеатран майданахь. Юха а вуно дукха адамаш даьхкира шайна дукхаезаш йолчу артистке хьовса, цуьнан эшаршка ладогIа.

Кхоллараллин суьйре дIайолаелира актрисас дакъалаьцначу кинофильмийн кийсигаш гайтарца. Цул тIаьхьа сцени тIе елира Л.Орлова. Цо дийцира актеран атта боцчу балхах лаьцна.

«Юха, цIеххьана, догIа туьйхира», – дагалоьцура журналиста Г.Левина, амма цхьа а стаг меттах ца велира.

Кирхьана тIехьа ца едира Л.Орлова а. ТIаккха, зала чуьра цхьаъ сихха сцени тIе хьала а иккхина, Любовь Петровнина тIехула таж лецира. Концерт юкъах ца йоккхуш, дIаяьхьира».

…Соьлжа-ГIалахь 70–80-чуй шерашкахь йиначу тоьллачу кинотеатрашна юкъахь яра «Юбилейный», «Космос», «Россия», «Родина», «Юность», цхьамогIа кхиерш а. ХIора дийнахь эзарнаш бахархой хуьлура оцу а, кхечу а кинотеатрашкахь гойтучу кинофильмашка хьовсуш.

Царна юкъахь кIезиг ца хуьлура республикин кIошташкара леррина кино хьовса баьхкинарш а. Бакъонца культурин мехала туш хилла дIахIоьттина яра царах хIора а кинотеатр.

Тахана, халахеташ делахь а, вай багарбинчу культурин кхерчех цхьа а бац Соьлжа-ГIалахь. Уьш хиллачу меттигашкахь кхин гIишлош лаьтта. Делахь а, советийн заманахь къоналла йисинчара кест-кеста дагалоьцу и исбаьхьа кинотеатраш а, цигахь даьккхина самукъа а…

(Пайдаэцна I.Кусаевн «Соьлжа-ГIала» книгах)
С.ХАСАНОВ

№6, кхолламан (январь) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: