Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира луларчу Дагестанца доза долчу республикин – Шелковски, Гуьмсан, Нажи-Юьртан, Веданан, Шаройн кIоштийн префекташца.

«Дагестанца доза долуш 5 кIошт ю вайн: Шелковски, Гуьмсан, Нажи-Юьртан, Веданан, Шаройн. Дозанан йохалла 475 км ю. Доза мацах цкъа, дуккха а хьалха, къастийна ду. Амма тахана, кхузаманахьлерчу технологех пайда а оьцуш, оцу дозанан ерриге а координаташ къаста а йина, уьш дIасацабахьалучу бахаман пачхьалкхан реестрана (ЕГРН) чу яха езаш ю. Оцу балхана юкъаозо беза уггаре а говза а, шайн болх дика беш а болу говзанчаш», – билгалдаьккхира цо.
Иштта, и болх барехь луларчу Дагестанерчу говзанчашца дагадовлар а тIедиллира республикин Куьйгалхочо. Цул сов, оцу кIошташкахь долчу хьолана ша реза цахилар а хаийтира цо.
«КIоштийн куьйгалхой а, цигарчу яртийн дай а шайн балхаца, ма-дарра аьлча, ларош цахилар гуш ду суна. Ши кIира хан ю шуна луш ерг – оцу муьрехь шаьш куьйгалла дечу кIошташкара хIора а метр латта хьан, стенна лелош ду хууш хила деза шуна а, суна а. Туризман а, юьртан бахаман а, даьхний лелоран а дакъошкара хьал хийцарна къаьсттина тидам тIебахийта а беза аш», – хаийтира республикин Куьйгалхочо.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Кадыров Рамзана юха а тидам тIебахийтира Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара доза къасторан декъехь бечу балхана гонаха социальни сеташкахь дукха питанаш а, эладитанаш а даьржина хиларна.
Цо билгалдаккхарехь, Россин Федерацин юкъарчу субъектийн дозанаш къасторан болх, Россин Федерацин Президентан а, Россин Федерацин Правительствон а лехамашца нийса а догIуш, ерриге Россехь а дIахьош бу, ткъа, шайна юкъара доза къасторехь, Нохчийчоь а, Дагестан а хIинццалц хилла доза хийца дагахь яц, хIунда аьлча, доза, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, иза къастийна долуш ду, нисдар бен, кхин тIехь бан безаш болх а боцуш.
«Оцу декъехь бен болх кхин бу – кхузаманахьлерчу технологех пайда а оьцуш, дозанан координаташ къастор а, уьш дIасацабахьалучу бахаман цхьааллин пачхьалкхан реестрана чу яхар а. Оцу темина гонаха питанаш а, эладитанаш а даьржа социальни сеташкахь. Бакъду, цхьаболчара оцу теманах лаьцна шайн Даймохк а, шайн латта а дезаш хиларе терра яздо. Амма питана а, эладита а даржор бен кхин Iалашо а йоцуш, леррина и тема «айъина» леларш а бу хаалуш. Цундела вай дийца а, довзийта а деза оцу декъехь вай деш дерг, кхеторан белхаш дIабахьа а беза», – дерзийра Кадыров Рамзана шен къамел.
И.АДАМОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо