шайн декхарш доггаха кхочушдо ТIехьа-Мартан районерчу Янди-КIотарарчу культурин цIийнан коллективо.
Иза къеггина гира дIадаханчу 2014-чу шеран «Синмехаллаш» проектан къийсадаларшкахь. «Казань» пондаршна тIехь цхьабоссачу говзаллица 18 йоIа (8–16 шераш ду церан) дIалекхира «Нохчийн мукъамийн композици». Жюрис лаккхара баллаш хIиттош мах хадийра церан.
Янди-КIотарарчу культурин цIийнан директора Бучаева Тамарас районан культурин декъах шен дахар доьзна 35 шо ду. 1980-чу шарахь, Соьлжа-ГIалара культпросветучилище чекхъяьккхинчул тIаьхьа, шен юьртарчу культурин цIийнехь масех шарахь балетмейстер болх бира цо, хIара 28 шо ду иза директор йолу а. Оцу юьртан культурин цIийнан болх билгалбоккхуш, ТIехьа-Мартан районан культурин отделан хьаькама Хакимов Вахас элира:
– ЧIогIа халачу хьелашкахь болх беш ю Янди-КIотарарчу культурин цIийнан коллектив. Цара шайн болх дIахьош йолу «вагончик» дукха тишъелла, вовшахъялла йоллу, амма муьлххачу а къийсадаларшкахь юьхькIомаца чекхбовлу уьш. Кхушеран белхан хьалхарчу декхарех ду, тхан ницкъ кхочучу кепара, царна белхан аьттонаш кхоллар.
Бакъду, аьттонашка хьоьжуш Iаш бац яндикIотархой. Культурин цIийнехь болх беш кхоллараллин пхиъ цхьаьнакхетаралла ю. 30 дакъалацархо волу хор царах цхьаъ ю. Стохка шайн говзалла гайтира цара Аргун гIалахь а, Хьалха-МартантIехь а. Дакъалецира Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу «Региональное хоровое общество» фестивалехь а. Болх беш ю «Театран искусство» кружок а.
– Тхан бераш дерриге а дуй-те аьлла «баккхий артисташ» бу, – дуьйцу Тамарас, – цара говзаллица гойту М.Ахмадовн пьесаш «Муьлха меттиг ю хаза», «Йоккха цIе», В.Хаджимурадовн «ТIамера кехат», кхиерш а. Даймехкан турслочун денна лерина «ТIеман шерийн эшарш» концерт елла оха Iашхойн-КIотарарчу школехь. Тхан репертуарехь ю «Партизанийн илли», «Катюша», «Дин беллачу салтичун илли», «Смуглянка», «Прощание», иштта кхийолу, евзаш йолу тIеман заманахьлера эшарш, иллеш. Ткъа тхан пондарчаш, говза бу Схьахетарехь, боккха лаам хилчий бен далур дац цара дийриг. Шуна ган дезара тхан пондарш! Цхьа иттех пондар аьзнаш телхина, тIамах чекхдевлла, цхьа цIерш яра. ТIеоьшучарна районан культурин отдело гIайгIа бинера. Коьртаниг – боккхачу лаамца дIалокху уьш тхан бераша.
Янди-КIотарахь наггахь а доьзал бац культурин цIийнан исбаьхьаллин самодеятельностехь дакъа ца лоцуш, ткъа цхьаболчеран масех бер ду. Иштта бу БаталовгIар – Сули-Суфьян, Малх-Аьзни, Марха. ЦакаевгIар – Иман, Раяна, Румиса, ЭльбиевгIар – Иман, Макка, Мата.
Уьш кечлуш бу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь дIаязъечу «Гаьнгали» рогIерчу передачехь дакъалаца.
– Балхана аьттонаш бац бохуш минотана а юкъара девлла Iаш дац тхо, – дуьйцу БучаеваТамарас, – тхан гIоьнчий бу районан культурин отделан куьйгалхой а, юьртан администраци а, школин директор Шовхалова Малика а, цуьнан коллектив а, иштта кхиберш а. Карарчу баттахь «Нохчийн къоман духар» суьртийн гайтам кечбира оха. Суьрташ дика дахкарна билгалбевлира БасаевгIар Иман, Хьава, Бучаев Адам. Юьртарчу школерчу 5–6-чуй классерчу дешархошца «Къонахалла» цIе йолу къовсам а дIабаьхьира оха. Цунна тIехь доккха дакъалецира хьехархочо Абдулаева Луизас. Берашна девзира къонахаллин дарж муха хила деза а, къонахаллех, доттагIаллех кицанаш а, дийцарш а. Шаьш дийриг даккхий гIуллакхаш ду аьлла ца хета Янди-КIотарарчу культурин цIийнан белхахошна, уьш тхан белхан декхарш ду боху цара, амма шеко йоццуш, кхин а дика кхочушдийр дара цара уьш, аьттонаш белахьара.
Т.САРАЛИЕВА