Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима къоман «МогашаллаIалашъяр» проект кхочушъяран гIуллакхаш дийцаре дечу семинарехь дакъалецира.

Цо билгал ма-даккхара, семинар вовшахтоьхнера Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствос Россин Федерацин Правительствон проектийн офисца цхьаьна.
«Семинар дIаяхьа езаш хиларан сацам Россин Федерацин Президент волчохь йолчу Советан президиуман кхеташонехь тIеэцнера, къоман проекташ кхочушъяр эвсараллица хилийтар Iалашо йолуш. Семинаран балхахь дакъалецира Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министра Скворцова Вероникас а, субъектийн а, вайн пачхьалкхан Iедалан органийн а куьйгалхоша», – иштта хаам бо Нохчийн Республикин Правительствон Председатела М.Хучиевс.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо