Веданан кIошт кхиоран гIуллакхаш дийцаре дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь оцу кIоштан куьйгалхочуьнца ша дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь. Цигахь дакъалоцуш вара Парламентан Председатель Даудов Мохьмад а.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, дIадаьхьна кIошташ кхиоран хьал таллар. Веданан кIоштан уггаре а вон гайтамаш бу.
– Республикин лаьмнийн кIошташ кхиорна къаьсттина тидам тIебохуьйту вай. Шу долчохь туризм а, юьртан бахам а, даьхний лелор а, кхийолу агIонаш а кхион яккхий таронаш ю. Делахь а, цигахь дерриге а деш доллушехь, уггаре а вон гайтамаш бу шун кIоштан, – элира Р.Кадыровс.
Куьйгалхочо дагадаийтира 2008-чу шарахь, Веданан кIоштан шеран гурашкахь, президентан программехула цигахь пхи школа а, ши маьждиг а, администрацин ши гIишло а, фельдшерийн-акушерийн пхи пункт а, цхьа куьпан больница а йина хилар а, газ а, электросерло а ялийна хилар а, некъаш тодина хилар а, бахархошна 212 цIа дина хилар а.
Цул сов, тоеш, куьце ялийна Къоьзан-Iомана уллехь йолу спортан-туристийн комплекс.
Кадыров Рамзана республикин Парламентан Председательна Даудов Мохьмадна тIедиллира оцу кIоштахь долу хьал дикка таллар а, кIошт хьалхарчу могIаршка йоккхур йолу гIуллакхаш билгалдахар а.
I.МУРТАЗОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо