Россин юьртан бахаман министраца цхьаьнакхетар

Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира Россин юьртан бахаман министраца Патрушев Дмитрийца.

Цара дийцаре дира Нохчийн Республикин агропромышленни комплекс кхиоран гIуллакхаш.

Цхьаьнакхетарехь билгал ма-даккхара, Нохчийчоьнан юьртан бахаман декъехь коьрта меттиг дIалоцуш ду даьхнилелор.

Регионехь кхиамца кхочушъеш ю шурин даьхнилелор кхиоран программаш, производствехь пайдаэца дойуш ду маIаш йолу даккхий даьхни, ткъа иштта, гезарий, уьстагIий, зIакардаьхни.

Хенан хIоттаман хьелаш дика цахиларе хьаьжна доцуш, 2018-чу шарахь ораматашлелорехь дикка кхиамаш баха таро хилла республикехь.

Иштта, масала, 7,9 эзар тонна дуга гулдина, ткъа иза тIаьхьарчу масех шарахь гулдинчу дуган юккъерчу барамал а кхоалгIа дакъа алсам ду. Рапс гулъяр дIадаханчу шарахь хиллачу барамехь нисделла – 4,9 эзар тонна.

Цул сов, агропромышленни комплексан сурсаташ аракхехьаран (экспорт) барам 5,5-зза алсамбаьлла Нохчийн Республикехь. ХьаьжкIаш а, кIа а аракхехьар бахьанехь и гайтам 2018-чу шарахь 3,4 миллион долларна тIекхаччалц лакхабаьлла. Нохчийчоьнан юьртабахам кхиорна тIехь сема терго латтайо пачхьалкхо.

2018-чу шарахь оцу декъехь пачхьалкхо гIо дар 48 процентана алсамдаьлла. Иштта, пачхьалкхо гIо деш инвестицийн 15 проект ю республикехь, цу юкъахь ю хасстоьмашлелоран, даьхнилелоран декъехь йолу проекташ а.

Оцу проекташна делла субсидеш 1,8 миллиард соьман барамехь ду.

А.ВАХАЕВА
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: