Чекхдаьллачу 2018-чу шеран жамIашца нийса а догIуш, республикехь болх бечу промышленностан предприятеша дIадахьийтинчу сурсатийн барам 6 365,6 млн. сом хилла.

2017-чу шарца (6 463,6) дуьстича, билгалдолу 2018-чу шарахь меттигерчу промышленностан предприятеша дIадахьийтинчу сурсатийн барам 98 млн. соьмана лахбелла хилар.
Иштта, Финансийн (пачхьалкхан а, инвесторийн а – авт.) таронех пайдаэцаран декъехь йолчу пачхьалкхан программин гурашкахь республикин промышленностана хьажийначу финансийн барам а лахара бу – 76,62 млн. сом. Делахь а, и барам, 2017-чу шарца дуьстича, 7% лакхабаьлла.
Оцу финансех пайдаэцар бахьана долуш, Шелан кIоштарчу инвестицийнгIишлошъяран «Казбек» технопаркан кертахь, йина а яьлла, кир баккхаран завод а, Соьлжа-ГIалахь «Айра» компани (гIаланийн инфраструктурина лерина кхузаманахьлера smartпроект хIиттор а, уш кхочушъяр а – авт.) а болх бан дIайолаелла.
Республикин промышленностан а, энергетикин а министерствон предприятешна аудит а йина чекхдаьллачу шарахь: шо долалуш уьш 21 хиллехь, шеран чаккхенехь йисинарг 11 бен яц.
Цул сов, Россин промышленность кхиоран фондаца барт хилла Промышленностан а, энергетикин а министерствон. Оцу бартаца нийса а догIуш, карарчу шеран 3-чу чийрикехь кхолла лерина промышленность кхиоран республикин фонд а.
Россин промышленностан а, махлелоран а министерствон а, Нохчийчоьнан промышленностан а, энергетикин а министерствон а говзанчаша пачхьалкхан унитарни 2 (тIаьхьуо кхин а 2) предприятин кертахь индустриальни паркаш яран «некъан карта» а кечдина, иштта, меттигерчу «Промышленностан экспорт» проектан паспорт а тIеэцна.
И.АДАМОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо