Ерригроссин юкъараллин «Баьццара гIарол» организацис йовзийтина Россин Федерацин субъектийн рогIера «экологин рейтинг». Иза лерина ю чекхдаьллачу 2018-чу шарна.
ТIаьххьарлера рейтинг рогIехь 10-гIа елахь а, оцу шерашкахь хIаваъ боьха долчу «хьалхарчу» субъектийн могIа ца хийцабелла хIинца а: 1) Челябинскан область; 2) Свердловскан область.
Иштта, кхуззахь йовзийта йогIу хIаваъ уггаре а цIена долу субъекташ а: 1) Тамбовн область; 2) Алтай; 3) Алтайн мохк; 4) Белгородан область; 5) Курскан область; 6) Коми; 7) Мурманскан область; 8) Санкт-Петербург; 9) Магаданан область; 10) Ульяновскан область.
Къилбаседа Кавказерчу бахархошлахь меттигера хIаваъ «Россехь а уггаре цIена ларар» чIогIа даьржина делахь а, «Баьццарчу гIароло» хIоттийначу рейтинго билгалдоккху иза иштта цахилар.
Оцу рейтингаца нийса а догIуш, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъекташкара «экологин» хьал иштта ду: 1) 12-гIа меттиг: Кхарачойн-Чергазийчоь (2017-чу шарца дуьстича, кхин а 2 меттигна охьаяьлла); 2) 20-гIа меттиг: ГIебартойн-Балкхаройчоь (2017-чу шарца дуьстича, 5 меттиг хьалаяьлла); 3) 30-гIа меттиг: Нохчийн Республика (2017-чу шарца дуьстича, 1 меттигна хьалаяьлла); 4) 35-гIа меттиг: Дагестан (2017-чу шарца дуьстича, 1 меттигна охьаяьлла); 5) 36-гIа меттиг: ГIалгIайчоь (2017-чу шарца дуьстича, 3 меттигна хьалаяьлла); 6) 41-ра меттиг: Ставрополан мохк (2017-чу шарца дуьстича, 3 меттигна охьаяьлла); 7) 52-гIа меттиг: Къилбаседа ХIирийчоь (2017-чу шарца дуьстича, 4 меттигна хьалаяьлла).
Ерригро ссин юкъараллин «Баьццара гIарол» организацин «Россин Федерацин субъектийн экологин рейтинг» проект кхочушъеш ю Президентан грантийн фондо еллачу гражданийн юкъаралла кхиорна леринчу Россин Федерацин Президентан грантах пайда а оьцуш.
И.ХАСАХАНОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо