ХIокху деношкахь Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь, терахьийн эфиран телевиденех нийса пайдаэцар хьоьхуш, студенташца а, волонтерашца а цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Иза дIахьош а, хаттаршна жоьпаш луш а РТРС-н (Россин телевиденин а, радиоэфиран а сеть) Нохчийн Республикехь йолчу производственни лабораторин куьйгалхо Бекаев Руслан вара.
Цо дийцира терахьийн телевиденин мехаллах а, иза дIахIоттош вовшахтоха безачу гIирсах а лаьцна.
Терахьийн телевиденехь, маьхза гойтуш, ерригроссин 10 канал хир ю. Царна юкъайогIу: «Первый канал», «Россия 1», «Матч ТВ», «НТВ», «5 канал», «Россия К», «Россия 24», «Карусель», «Общественное телевидение России», «ТВ Центр». DVB-T2 стандартаца йинчу керлачу телевизорна терахьийн телевидени тIетосуш ДМB антенна бен ца оьшу.
Амма, телевизор 2013-чу шарал хьалха эцна (арахецна) елахь (цу тIехь DVB-T2 кабель тIетосуш меттиг хир яц), ДМB антенна а, терахьийн приставка (SetTopBox – STB) а оьшу.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш 170 сов студент а, волонтер а вара. Царна гайтира терахьийн телевидени телевизорна тIе муха таса еза а, иштта, и тIетосуш оьшуш болу гIирсаш а.
Республикин ерриге а кIошташкара кхайкхина бара волонтераш, цаьрга хала бохкучу доьзалшна а, баккхийчу нахана а терахьийн телевиденин гIирсаш вовшахтасарехь гIо дайта а, уьш кхетабайта а.
2019-чу шеран чиллин (февраль) беттан 11-чу дийнахь хир ду терахьийн телевиденина тIедовлар.
ХIинццалц аналогин сигнал лоцуш Iийначу бахархойн терахьийн сигнала тIе дехьабовла дезар ду.
Р.ВАЧАЕВ
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо