Лулахойн дахарера

Башха гайтамаш

СТАВРОПОЛЬ. Стохка инвестицеш юкъаялоран декъехь уггаре а лакхарчу гайтамашка кхечира край. Шеран чаккхенан жамIаша тоьшалла до церан барам 150 миллиард соьме дIакхаьчна хиларна, цул хьалха дIадаханчу шарца дуьстича – 2 процентана алсам.

Оцу ахчанах 20 миллиард соьман мах болуш йолу инвестицийн йоккха 39 проект кхочушйина регионехь. Къаьсттина мехала лору кхузахь белхан керла 800 меттиг кхолла таро хилла хилар.

Таможникийн хазна

ХIИНЖА-ГIАЛА. ДIадаханчу шарахь Дагестанан таможнис бинчу белхан жамIаш деш хиллачу кхеташонехь билгалдоккхура автомобильни а, хIордан а транспортаца товараш дIасадахьийтаран гIуллакх тIехь дикка кхиамаш хилла хилар. Хаъал алсамбаьлла церан барам, лахъелла уьш таможнин пункташкахула чекхдовларан хенаш.

Таможнин хиндерг долуш йолчу технологех лаьцна дуьйцуш, таможнин хьаькаман хьалхарчу заместитела Исламов Гаджирамзана тидам тIебахийтира 2018-чу шарахь шаьш товарашна йолчу декларацешна автоматикин технологин гIоьнца регистраци яр дикка алсамдаьккхина хиларна. Иза ерриге а декларацийн барамах 12,1 процент хилира.

Автоматикин гIоьнца арахецна экспортни 41 деклараци. Электронни транзитан технологех пайдаэцар 99,8 проценте кхаьчна. Таможнин коллективо дIадаханчу шарахь бинчу балхо таро хилийтира бюджете 4 миллиард 441 миллион соьман барамехь ахча дIахьажо. Хьалха тIехь дисина хилла 15 миллион сом гергга декхар схьа а даьккхина.

КIезиг яцара стохка таможнин хьокъехь долу закон талхийна меттигаш а. Иштта, таможнин пункташкахь контрафактни продукци чекхъяккха гIоьртина 84 928 меттиг гучуяьккхира. Цунна юкъахь яра, санкцешца нийса а догIуш, вайн пачхьалкхе кхачо йиш йоцуш йолу 4700 кийла продукци а. Иза схьа а яьккхина, хIаллакйира.

Ша схьаяийтинчу махка юхахьажийра 95 тонна продукци. Оцу балха тIехь доккха гIо хилира таможнина бакъонашларъяран а, талламлатторан а органашкара. Цаьрца доьзна дара дIадаханчу шарахь долийна административни бакъонаш талхоран хьокъехь долу 46 гIуллакх а.

Бакъо йоцуш 14 миллион 139 эзар соьман мах болуш долу товар дозанал сехьа даккха гIортарна 9 уголовни гIуллакх а долийра. Дагестанан таможникаша дIадаханчу шарахь, баккха бехк боцуш, буьззинчу барамехь, кхочушдира шайна тIедехкина жоьпаллин декхарш, дика ларийра хьалха хIиттинчу тайп-тайпанчу чолхаллашца.

Къоначарна – сертификаташ

МАЙКОП. Адыгейн Республикехь кхиамца дIахьош ду юьртаца шайн дахар доьзначу къоначу доьзалшна а, говзанчашна а хIусамашца кхачояр. ДIадаханчу шеран тIаьххьарчу деношкахь, масала, «Яртийн меттигаш цхьанаэшшара кхиор» аьллачу программин ворхI дакъалацархочунна шаьш дехачу ярташкахь хIусамаш эца йиш хинйолу сертификаташ дIаделира регионан правительствон председатела Наролин Александра.

Цо таро хуьлуьйтур ю къоначу доьзалийн а, говзанчийн а дахаран хьелаш тодан, юьртахь баха а, къахьега а йолу церан ойла чIагIъян, тешам боллуш кханене хьежа. Премьер-министра даздаран хьолехь дIаделира сертификаташ ХамуковгIарна, АлибердовгIарна, ДавидянгIарна, ЦеевгIарна, ткъа иштта Креженовская Олесин, Чубатова Валентинин, Труба Маринин доьзалшна а.

Цо дIахьедира регионан куьйгалло царна кхитIе а 7,4 миллион сом ахча къастийна хилар.

Билгалдаккха догIу дуьххьалдIа дIадаханчу цхьана шарахь оцу Iалашонна меттигерчу а, федеральни а бюджеташкара 10,2 миллион соьман барамехь ахча къастийна хилар. Цо таро хилийтира лакхахь билгалъяьккхинчу программин итт дакъалацархочунна хIусамийн тоьшалла дIадала.

Ткъа дийнна схьаэцча, тIаьххьарчу деа шарахь «Яртийн меттигаш цхьанаэшшара кхиор» аьллачу программехь дакъалоцуш хиллачу къоначу 80 доьзална а, говзанчина а иштта тоьшалла делла.

«Экологи» проект кхочушъян йолийна

МАГАС. Къоман «Экологи» проект кхочушъяран гурашкахь кху шарахь ГIалгIайчохь нехаш дIасакъасторан комплекс а, коммунальни чIогIачу даххех гIуллакхдаран ши лини а йиллина.

Царна харжаш йийр ю 98 миллион соьман барамехь долчу ахчанах, ткъа 2020-чу шарна тIекхочуш юьззина цIанйина хила декхар ду регионехь уггаре а йоккха йиъ меттиг. Цунах лаьцна хаам бира республикин экологин а, Iаламан таронийн а министра Бабхоев Мохьмада.

Ша аьлча, карадеанчу шарахь Малгобекехь ян лерина нехаш дIасакъасторан комплекс, ткъа Элдархан-ГIалахь (Карабулакехь) пластиках гIуллакхдаран ши лини. Цо таро хуьлуьйтур ю коммунальни чIогIачу даххех гIуллакхдар 100 проценте дIакхачо.

Билгалдаккха деза Малгобекехь ен йолчу объектана ахча инвестора лург хилар. Циггахь нехийн бакаш яр вовшахтоха дагахь а ву иза. Ведомствехь дечу хьесапашца, оцу объекташа таронаш кхуллу белхан керла 50 меттиг кхолла.

ГIалгIайчохь нехаш дIасакъасторан а, чIогIачу даххех гIуллакхдаран а хьалхара комплекс 2017-чу шарахь Соьлжан кIоштахь гIуллакх дан йолаелира. Цигахь шарахь 450 эзар кубометр даххех гIуллакх дан таро хуьлу. Кху шарахь кхоччуш дIацIанйина хир ю Несарехь а, Соьлжехь а 30 шарахь нехаш гулъеш хилла республикехь уггаре а йоккха ши меттиг.

Оцу Iалашонна федеральни бюджетера 329 миллион соьман барамехь ахча къасто билгалдина.

Данера бежанаш

ЧЕРКЕССК. Жоьпаллина доза тоьхначу «Рея» юкъаралло юкъайохкуш йолчу инвестицийн чоьтах кхочушъеш йолчу «900 фуражни аттана лерина шурин комплекс яр а, цунна реконструкци яр а» аьллачу проектан гурашкахь, керлачу шарахь Кхарачойн-Чергазийн Республике Данехь эцна гольштински хIух долу 442 бежана далийна.

Жимма хьалхо оццу хIух болу 470 етт а эцнера. Проектан коьрта Iалашо ю гольштински хIух долчу бежанийн чоьтах шурин Iалашонан дикачу хIух долу бежнаш кхиор, йоккхуш йолчу шурин барам шарахь 6 эзар тонне дIа а кхачош.

Цул сов, цигахь билгалдина регионан кхечу бахамашна хIора шарахь 150 гергга шинар а, дуьхьарг а дохка. Республикехь тешна бу оцу гIуллакхаша шурин сурсатийн барам алсамбаккхарна, церан дикалла лакхаяккхарна, сурсатех шайх дIаболу мах хаъал лахбарна доккха гIо дийриг хиларх.

Дархошна лерина

НАЛЬЧИК. Карадеанчу шарахь билггалчу Iалашонна федеральни бюджетера ГIебартойн-Балкхаройн Республикина 90 миллион соьмал сов ахча къасто сацам тIеэцна Россин Правительствос. Оцу ахчанах пайдаоьцур бу гражданийн цхьацца йолчу тобанашна молханашца, медицинин гIирсашца социальни кхачояран гIуллакхашна.

Цунах цхьа дакъа хьажор ду могашалла ледара йолчу берашна дарбанан кхачанна лерина сурсаташ эцарна а. Оцу бакъдолчара тоьшалла до регионехь социальни кхачояран гIуллакхашна боккха тидам тIебохуьйтуш хиларна.

Школийн автопарк тIеюьзна

ЭЛИСТА. Чекхдаьллачу шеран шатайпа жамIаш санна лара мегар дара гIуран (декабрь) беттан тIаьххьарчу деношкахь регионан пачхьенан «ВорхI дийнан пагода» майданахь кхуза республикин тайп-тайпанчу меттигашкара веанчу юкъарадешаран учрежденийн 17 куьйгалхочуьнга керлачу автобусийн догIанаш дIадалар.

Россин Правительствон сацамца нийса а догIуш, республикина къастийна 35 автобус яра оцу дийнахь дIасаекънарг. Цуьнца доьзна хиллачу даздаршкахь дакъалаьцначу ГIалмакхойчоьнан Премьер-министра Зотов Игора билгалдаьккхира тIаьхьарчу кхаа шарахь регионе 60 сов автобус кхаьчна хилар: 2016-чу шарахь – 21, 2017-чу шарахь – 11 автобус.

Иштта тидам тIебахийта беза республика «Школьный автобус» аьллачу федеральни программехь дакъалоцуш хиларна.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: