Дуьххьарлера кема

Соьлжа-ГIала Москваца а, Чоьхьарчу Кавказаца а (Закавказье) юзуш, Москва, Минеральные Воды, Баку, Тбилиси хIаваан кеманаш лела дуьйладелла 1927-чу шеран хIутосург (май) беттан 3-чу дийнахь. Оцу шахьаршка лелаш, пассажирийн хьашташ кхочушдеш дара «Укрвоздухпуть» (Украинин хIаваан некъ) акционерийн юкъараллин кеманаш.

Граждански хIаваан флотан Нохч-ГIалгIайн авиаотряд вовшахтуьйхира 1938-чу шеран чиллин (февраль) беттан 17-чу дийнахь. Республике еара летноподъемни а, инженернитехникин а командин говзанчийн тоба. ДIадолийра меттигера хIаваан линеш яхкар а, кхечу гIаланийн (трассаш) некъаш шордар а.

Амма Соьлжа-ГIалахь кеманаш лелар цул а (лакхахь хьахийначу шарал дикка хьалха) хьалха дIадоладелла. Иза иштта хилла хилар чIагIдан бакъо ло исторера болчу хаамаша.

Ткъа цара дуьйцу 1911-чу шарахь вайн гIалин стигала кема-моноплан гIаьттина хиларан хьокъехь. И кема вовшахтесна хилла немцойн инженераконструктора Градес. Кема хохкуш (урхалла деш) летчик Кациан Артемий хилла.

Цунах лаьцна иштта яздина «Терский край» газетан 1911-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь араяьллачу номерехь: «Моноплан дуьненахь уггаре а яйчу конструкцех ду. Цо таро ло цунна тIех чехка даха – сохьтехь 100 сов чаккхарма. Иза ворхI пунт бен деза а дац. Амма Iаламат чIогIа хаза ду. Цу тIехь цхьа пассажир дIавига аьтто бу».

Оццу шеран хIутосург (май) беттан 3-чу дийнахь арадаьллачу «Терский край» газетехь боцца хаам бу: «Соьлжа-ГIалин трекехь хIутосурган 8-чуй, 9-чуй деношкахь авиатора кеманахь хохкур ву», – аьлла.

Амма я 8-чохь а, я 9-чохь а трека тIехь хIумма а ца хилира. Цуьнан бахьана дара гIалин урхалло треках пайдаоьцург дукха боккха мах бехна хилар. Дукха хан ялале, ярмарка хIуттучу майданна дехьа, къилбаседехьа, аннаш дахаран заводан долахочо Ф.Крыликовс, авиаторца Кационца барт а бина, дIадолийра аэродром яр.

Гуьйранна ярмарка болх бан йолалучу хенахь, товбуц тIекхочуш, аэродром йина яьлла яра. Ялх гектар дIалоцуш хиллачу оцу меттигна гонаха леккха керт йира, кертал чоьхьа, моггIара, гIанташ дIахIиттийра. ГIалин урхаллина леррина меттиг кечйира. ГIалин массо а бохург санна ураме дIайиттира авиаторан а, кеманан а суьрташ тIехь долу афишаш.

1911-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 5-чу дийнахь «Терский край» газето хаам бора: «Товбецан (сентябрь) беттан 11-чу дийнахь, кIирандийнахь Соьлжа-ГIалахь дуьххьара, керла йинчу аэродромехь дIахьур ду Граде системех долчу моноплана тIехь авиатор Кациан Артемий стигала гIаттар».

КIира даьлча газетехь иштта хаам зорбатуьйхира: «КIирандийнахь хир ду аьлла кема хахкар ца хилла чIогIа мох хилар бахьана долуш. Хьовсархоша цхьана мIаьргонна вовшахйоккхура касса. Полицис къепе йира. Кема хахкар товбецан (сентябрь) беттан 14-чу денна дIатеттина».

Амма товбецан 14-чохь а, Кацианан кема хахкар, стигала валар ца хилира. Оцу дийнахь а чIогIа мох бара. Товбецан 17-чохь газето Iоттар еш яздо: «СоьлжагIалахой догдоьхна бу, дайна девли ахчанаш. ЛартIехь волу авиатор Соьлжа-ГIала вогIур а варий», бохуш. Собар кхачийра хьовсархойн хьовха, Кацианан а».

Цо дIахьедира: «КIирандийнахь, товбецан 18-чохь тIема девр ду, сан корта кагбийр белахь а».

Делахь а, чIогIа хьоькхучу мохо дохийра дан леринарг. Иштта хьал лаьттира кхин а иттех дийнахь. Оцу беттан 27-чу дийнахь газетехь зорбатуьйхира «Кациан стигала валар» хаам. Цу тIехь яздора: «Соьлжа-ГIалахь Кациан Артемий дуьххьара кеманахь стигала ваьлла. Хьовсархой кIезиг бара. СоьлжагIалахойн авиаторх тешар дIадаьлла, гIалин бешахь, кема хахка мегар хилар хоуьйтуш, дIатоьхна кIайн байракх елахь а. Мох белира. Хьовсархойн сакарзахделира. Касса яьсса хиларе хьаьжна ца Iаш, Кацианан майралла хилира кеманца стигала вала. Боккха цхьа го тесира цо 2–3 минотехь, «Нефтянки» тIекхаччалц дIа а, юха схьа а вогIуш. Цуьнга хьовса, аэродромана юххе девдда даьхкира эзарнаш адамаш. Кассехь доьхкинарг-м дацара 2–3 туьманна бен билеташ а».

Цул тIаьхьа-м дедда-юкъа хоьхкура кема. ХIоразза а аэродром юьззина адамаш хуьлура. Авиатора лекцеш йоьшура, дуьйцура аэроплан муха дина ду. Цул тIаьхьа кема хохкура. 200–300 метр лекхахь аэродромана тIехула ши-кхо го боккхий, кема охьахаадора.

Эсаран (октябрь) беттан 8-чу дийнахь, тIаьххьара кема хахкале хьалха, «Терский край» газетехь «Iожаллин зила йисттехь» аьлла йоккха цIе а йолуш, статья зорбатуьйхира. Цу тIехь яздора: «Атскарски туьканахь вон бензин доьхкира. Кема леккха стигал хьаладаьлча, бера ца хьаьвзаш, сецира. Авиатора кема аэродромана цхьа чаккхарма генахь охьадоссийра».

Оцу хаамо эсаран 9-чу дийнахь аэродроме эзарнаш хьовсархой балийра. Аэродром юьззина яра. Кема хахкар кхиамца, цхьа а хьовзам боцуш, чекхделира… Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабаллалц шошаре шорлуш хилла аэропорт, тIом болабелча, болх бечуьра сецира.

1947-чу шарахь бен цо шен болх юха дIа а ца болийра. Цу хьокъехь «Грозненский рабочий» газетехь иштта яздора: «Селхана (1947- чу шеран хIутосург (май) беттан 20-гIа де) Iуьйранна къаьсттина дукха адамаш дара аэропортан агентствон Соьлжа-ГIали юккъехь йолчу гIишлонна хьалха. Йоккхачу шина машен тIеховшуш бу пассажираш а, уьш новкъабаха баьхкинарш а. ХIуманаш а ю тIеюттуш. Машенаш аэропорте йоьлхуш ю. Iуьйранна 6 сахьт даьлла… Кема гIоттучу некъан асанна тIехь доккха МИ–2 ду».

Селхана Москвара схьадеана кема тахана пачхьене юха дIадоьдуш ду. Кеманан командира дуьйцу: «Советийн махкахь долчу хIаваан некъашна юкъахь Соьлжа-ГIала – Москва некъ керла бу. Хьалхарчу рейсехь оха дIавуьгур ву 34 пассажир. Иштта, кира а хьур ду. Тхан некъ Минеральные Воды – Дона-тIера-Ростов – Воронеж гIаланашкахула бу. Герггарчу хьесапехь делкъанна ши сахьт даьлча Москвахь хир ду тхо. Кема массо хенахь а радиохула Соьлжа-ГIалин аэропортаца зIенехь хир ду…».

Цул тIаьхьа кхин цкъа а шен болх сацон дийзира вайн республикин коьртачу шахьарарчу аэропортан. Иза 1994-чу шарахь Нохчийчохь тIеман кIуркIамани дIайолаелча хилира.

2000-чу шерийн юьххьехь юха а шен болх дIаболийра вайн аэропорто. Тахана, хIора дийнахь, иттаннаш кеманаш доьлху вайн аэропортера Россин тайп-тайпанчу регионашка. Цигара Нохчийчу а догIу. Иштта, дозанал арахь а лела.

Муьлххачу а пачхьалкхера муьлхха а кема тIеэца аьтто болуш а ю вайн аэропорт. Дуьйцуш ду цунна дуьненаюкъарчу аэропортан статус яларан хьокъехь долу гIуллакх.

Делахь-хIета, кхуьуш а, шорлуш а ю Соьлжа-ГIалара аэропорт. Иза вайна юьхькIам а бу.

(Пайдаэцна I.Кусаевн «Соьлжа-ГIала книгех)
С.ХАСАНОВ

№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: