«Gazzeta» кафен марзонехь

кафе

Балхахь вай хан цIахьйоккхучул  дукха нисло. Нийса аьлча, вайн дахаран доккха дакъа балхахь дIадолуш ду.

Зорбанан цIийнехь «Gazzeta» олуш кафе ю. ДуьххьалдIа оцу кафен куц ду товш, цкъа-делахь кхузаманан хьежамашца догIуш, шолгIа-делахь Зорбанан цIийнехь къахьоьгучу йозанан, кхоллараллин нахана товчу агIор хаза дизайн йина. Дуьненахь гIарадевлла девзачу газетийн кийсагех кечдина ду кафен пенаш, ткъа чуьра инстоляцеш «ретро» жанрехь вовшахтоьхна ю. Хьалх-хьалха заманахь кхоллараллин наха шайн балхаца лелийначу хIуманехь гайтам бу кафен зала чохь вовшахтоьхна. Иза «жима-музей» ала  хьакъ долуш  ю. Масала, шира рояль, зорба туху машен, патифонан экъанаш, кIайн-Iаьржа сурт доккху советски фотоаппараташ, анимационни шира фильмаш.

Ткъа уггаре а коьртаниг кху  кхерчан оьзда хIусамнана ю. ТIехьа-Мартан районерчу ВаларгтIера ю кафен заведующи Сагаипова Эльза. Иза евза сагIа даларна комаьрша, зуда санна. Хьанал яхар дезачу цо шен кафе чохь болх бан къастийна зударий а бу ша санна оьзда, гIиллакхе. Зорбанан цIийнехь болх мел бийриг вац кху Соьлжа-ГIалара. Тайп-тайпанчу ярташкара схьабогIучу нахана безам хета, генарчу лома кхаьчча санна, кафен белхахоша, поварша, официанташа хаза, оьзда буьйцу мотт хезча а, цара нохчийн гIиллакхца маршалла хаттар а. ХIума кхалла волавалале а церан гIиллакхо токх до дог.

«Gazzetin» белхахой х1орш бу, поварш: Азимова Малика, Бисултанова Фатима, Бечиева Таиса, Накостова Раиса, Хамзатова Роза, официанташ: Бечиева Эльза, Джанкоева Милана, Ахметханов Ислам, администратор Бакаев Адам.

Кафехь кест-кеста  хуьлучу наха «Роза-зефир» аьлла цIе тиллина ю зефир санна сирла, хаза  гIиллакх  долуш, даима а елаелла хуьлу кассир Хамзатова Роза.

Дукха хан яц оцу коллективо цигахь болх болийна. Юург чомехь, мерза йо. Муьлхха а гIуллакх дIадоло хала ду.  Лаьара шайн оьздангалле хьаьжжина «Gazzeta»кафен белхахойн ирс-аьтто хуьлийла. «Комаьршалло вахаво стаг, бIаьрмицагалло нахах воккху»,  – олуш хилла вайн.

Ийман, беркат лаьттийла шуна, шайн доьзалшкахь а, балха тIехь а.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

З.САГАЕВАН СУРТ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: