Нохчийн меттан Iаматаш арахоьцур ю

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо хаам беш ма-хиллара, нохчийн меттан Iаматаш Россин серлонан министерствон федеральни переченна юкъаяхана.

Дешаран программа кхочушъярна оьшуш йолу пачхьалкхан аккредитацица йогIуш йолу Iаматаш юкъарчу дешаран юьхьанцарчу а, юкъарчу дешаран коьртачу а, юкъарчу дешаран юккъерчу а дешарна лерина ю.

1–11-чуй классашкарчу дешархошна лерина нохчийн меттан Iаматаш хIокху тайпана ю: хьалхарчу классийн дешархошна лерина «АБАТ»; 2–4-чуй классийн дешархошна лерина «Нохчийн мотт»; 5–9-чуй классийн дешархошна лерина «Нохчийн мотт»; 10–11-чуй классийн дешархошна лерина «Нохчийн мотт». Оцу Iаматашца цхьаьна 1–9-чуй классашкарчу дешархошна нохчийн литературин Iаматаш а ю.

Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала билгал ма-даккхара, нохчийн меттан Iаматаш карлаяьхна зорбане евлла хилар республикин дешаран хьаьрмахь мехала хилам бу.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиорехь кхочушдечу гIуллакхех доьзна ду иза.

Иштта, министра баркалла боху нохчийн маттахь йолу Iаматаш вовшахтухуш къахьегначу Дешар кхиоран институтан авторийн коллективана.

№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: