Нохчийн пачхьалкхан университетехь вайн республикехь цхьаъ бен йоцу зеран туш ю ингалсан маттехула хаарш толлуш, TOEFL IBT экзамен схьаоьцуш. Иштта хаам бо универститетан пресс-службо.
TOEFL (Test of English as a Foreign Language) – иза ингалсан маттехула дуьненаюкъарчу экзаменан цIе ю (ингалсан мотт шен къоман мотт боцучарна лерина).
Iамаркан Пристонан а, Нью-Джерсин а гIаланашкарчу университетийн Дешар зеран сервисан (Education Testing Service) организацис юкъадаьккхина дIахьош ду дуьненаюкъара экзамен дIаялар.
Иза дIаяларан коьрта Iалашо ингалсан мотт шен къоман мотт боцуш Iамош болчеран хаарш таллар ю.
TOEFL дIаелча делла сертификат шина шарахь дешаран заведенешкахь а, коммерчески а, пачхьалкхан а организацешкахь ларам беш ду Iамаркехь а, Канадехь а, Ингалсан мехкан а, Европин а, Латинин Iамаркан а, Азин а пачхьалкхашкахь а.
Кхечу пачхьалкхе Iен а, баха а дIабоьлхучарна а, ингалсан меттан хаарийн тIегIа лакхадаккха луучарна а, цхьана ханна болх-некъ лаха лаам болчарна а оьшуш ду TOEFL дIаелла хиларан хьокъехь тоьшалла-сертификат хилар.
З.ХИЗИРОВА
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо