1916-чу шарахь Теркан областан Нохчийн округерчу Шуьйтахь предпринимателан доьзалехь дуьнен чу ваьлла А.Абдулаев юккъера дешар дешна Соьлжа-ГIаларчу цхьана школехь.
1935-чу шарахь Дагестанан пачхьалкхан медицинин институте деша вахана. А.Абдулаевн да Товсолта, 1937-чу шарахь, халкъан мостагI ву олий, харц цIе а кхуллий, лоций дIа а вуьгий, тоьпаш туху. И гIуллакх бахьанехь, Ахьмадан дешар холчадолу.
Делахь а, халонашка хьаьжна ца Iаш, 1941-чу шарахь институт чекхйоккху цо. Цул тIаьхьа тIеман комиссариате ша воьду, тIаме вахийта олий. Амма, оцу хенахь республикехь лоьраш кIезиг хиларна, Шуьйтан больнице хьажаво.
Цхьа хан яьлча оцу кIоштан санэпидемстанцин коьрта лор хIоттаво. КIоштан санитарни хьал тодеш дукха къахьоьгу А.Абдулаевс.
1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь нохчийн халкъ махках даьккхича, иза Казахстанан ССР-н Актюбински областехь нисло. Делан къинхетамца, дукха хан ялале, Алгински кIоштан больницин рентгенологан балха воьду. Цигахь цо итт шарахь болх бо.
Цул тIаьхьа, 1955-чу шарахь, Казахстанан Джамбульски областан Чулак-Тау гIалин медико-санитарни декъан коьрта лор хIоттаво.
Казахстанерчу дарбананпрофилактикин учрежденешкахь ша болх бечу хенахь, даима а нохчашна гIо деш хилла иза – цомгашчунна а, дахаран халачу хьелашкахь волчунна а.
Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа, 1957-чу шарахь А.Абдулаев Соьлжа-ГIала цIа вогIу. МогашаллаIалашъяран декъехь зеделларг долу вовшахтохархо хиларна, Республикин берийн даьIахкантуберкулезан «ЧIишка» санаторин коьрта лор хIоттаво.
60-чу шерашкахь вайн махкахошна, баккхийчарна санна, кегийчарна а туберкулез цамгар кхетар алсам дара. Абдулаев Ахьмада дукха къахьийгира санаторин материально-техникин бух тобеш а, дарбадар лакхарчу тIегIане доккхуш а.
Хьалха болх беш хилла говзанчаш дIабахарца доьзна, къоначарна, гIалина генахь йолчу ярташкахь болх бан ца лаарца йолу чолхе проблемаш дIайохуш къахьега дийзира цуьнан.
А.Абдулаев белхан накъосташна а, вевзачарна а юкъахь сий-ларам болуш вара. Дика стаг а, говза лор а вара иза. МогашаллаIалашъяран декъехь хилла цуьнан къинхьегам билгалбаьккхина дуккха а Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а.
1961-чу шарахь А.Абдулаевна «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу лор» цIе елла.
Деца къастаро а, махках ваккхаран халонаша а, къинхьегамо а шен лар йитира говзачу лоьран могашаллина тIехь. Шен 50 шо кхачале белхан меттехь кхелхира иза.
Л.ИБРАГИМОВА (пайдаэцна Т.З.Ахмадовн «Нохчийн хьалхара лоьраш» книгах)
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо