«Майраллин дарс»

Советийн эскар ОвгIанера цIадерзийна 30 шо кхачарна лерина Соьлжа-ГIалин №47 йолчу юккъерчу дешаран школехь «Майраллин дарс» цIе йолу цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Юкъараллин палатин декъашхо Яхъяев Дени а, Заводски кIоштан префектан заместитель Сапурбиев ИбрахIим а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу эскарийн а, СоьлжаГIалин мэрин департаментан а, Заводски кIоштан администрацин а векалш а, ОвгIанан ветеранаш а.

Нохчийн Республикехь йолчу «ОвгIанан а, меттигерчу тIемийн а, тIеман къийсамийн а» юкъараллин организацин декъашхоша Нохчийн Республикин юкъараллин палатица а, Соьлжа-ГIалин мэрица а цхьаьна, вовшах а тоьхна, дIахьош яра «Майраллин дарс» мероприяти.

Иза дIайолош ОвгIанан тIеман ветеранаша берашна дийцира советийн эскаро ОвгIанехь бинчу тIамах лаьцна а, иза маса шарахь лаьттина а, эскар юха цIа дерзорах а, Нохчийчуьрчу кхо эзар гергга тIемалочо цигахь дакъалаьцна хиларх а, бIаьхоша Советийн Союзана хьалха шайн тIеман декхарш майраллица, доьналлица, тешамца кхочушдина хиларх а лаьцна.

Цул тIаьхьа, Советийн эскарх лаьцна видеоролик гайтира. Цу юкъахь яра ОвгIанехь тIом бечу хенахь яьхна видеокийсакаш а, тIемалойн а, оцу тIамехь билгалбевллачу турпалхойн а, царна еллачу мидалийн а суьрташ а.

Вайн Нохчийчоь Россин цхьа дакъа ду. Цундела кхийолу регионаш санна, вай а ду Россин Пачхьалкхана хьалха долу вайн декхарш кхочушдан дезаш. Даймахкана хьалха шайн декхарш кхочушдеш билгалбевлла дуккха а турпалхой бу нохчийн къоман. Ткъа турпалхочун цIе цкъа а йицъеш яц халкъо. Иза исторехь а, адамийн иэсехь а яха юьсуш ю, – элира ОвгIанан ветеранийн Нохчийн Республикехь йолчу организацин председатела Уздорбиев Iабдулхьамида.

Дешархошкахь патриотизм кхиоран Iалашонца дIаяьхьна яра «Майраллин дарс».

Цхьаьнакхетар дерзош Россин чоьхьарчу эскарийн Нохчийн Республикехула волчу ветерана Наниев Хьасана школин директорна Керимова Хедина Сийлаллин грамота елира, дешархошкахь патриотизм кхиорна а, цаьрца кхетош-кхиоран белхаш дIабахьарна а, иштта, Баркаллин кехаташ делира цхьаболчу хьехархошна а.

ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: