***
Цхьана юьртахь ловзар хIоьттина хилла.
ТIехволучу воккхачу стага хаттар дина юьстах лаьттачу жимачу стаге: – Хьажахьа, жима къонах, хьанна зуда ялийна меттиг ю хIара? Мила ву зуда ялийнарг?
– Суна ялийна, воккхастаг, – еха ойла а ца еш, жоп делла жимачу стага.
– Деллахь, ма эрна деш ловзар ду-кх хIара!
– Эрна хIоттийна дуй хуур дара хьуна ялийна лаьтташ ерг хьайна гинехь!
***
Цхьана стага шен мискалле хьаьжжина, эвла йистехьо, шена нисделлачу декъа тIехь жима ши цIа дина хилла. ТIаккха хIусамашка хьажа мел веанчо, кхунна томана олуш хилла: – Дера ю вала везачу стагана гIеххьа хIусамаш…
И моттаргIане къамел кIордийна тIаккха хIусамдена, хIунда аьлча, кхуьнга и мел олург а, гIаланаш санна, хIусамаш а йолуш хилла.
ТIаккха рогIера и маслаIате къамел динчуьнга аьллакх кхуо: – Аш схьадийцарехь, хIокху вайн йоккхачу юьртахь со бен лийр волуш стаг вац-кха…
***
Марненан, несан дов даьлла хилла. Цаьрга ладоьгIуш Iийначу кIанта сехьа чу а хьаьжна аьлла: – Нана, со дечке воьду хьуна, со зудчух ца воккхуш хIума делахь…
***
Луьйш-олуш Iачохь цхьамма аьлла: – Соьлжа-ГIала саьрмик боьссина боху…
Вукхо, шен хIусамнене а хьаьжна: – ХIокху шен кIорнина тIе ма гIертахьара и…
***
Молла-Эсарте лулахочо пхи сом делла: – ХIора ламаз тIехь вехахьа со…
Молла-Эсарта сом юхаделла: – Iуьйр-ламазана гIатталуш вац со…
ДIаязйинарг – Петирова ПетIамат
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо