(СССР-н халкъан артистан Лановой Василийн 85 шо кхачарна лерина)
Йоккхачу Россехь наггахь а стаг хир вац РСФСР-н а, СССР-н а халкъан артист Лановой Василий ца вевзаш. Нохчийчохь а дика евзаш ю оьрсийн похIмечу артистан цIе.

Дукха хан ю цо театрехь а, кинохь а жигара болх бо. Лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица Лановой Василийс кхоьллина башха васташ хьовсархойн дегнашкахь даха дисина: Корчагин, Грей, Курагин, Вронский, иштта, дуккха а кхидерш.
Одесса гIалин йистошца Iуьллучу цхьана кIотарахь 1934-чу шеран кхолламан (январь) беттан 16-чу дийнахь къехойн доьзалехь дуьнен чу ваьлла Лановой Василий.
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь Украинехь хIоьттинчу мацаллех дедда Москва схьадеана Василийн да-нана. Деда а, денана а Украинехь дисира. Цундела, хIора аьхке цаьрца яккхар нислора кIентан.
Иштта хилира 1941-чу шеран аьхка а. Немцойн фашисташ ямартлонца СССР-на тIелетта тIом болалуш а Украинехь вара В.Лановой. Немцойн оккупацин къаьхьа шераш а дех-ненах къаьстина Украинехь даха дийзира цуьнан. ТIом дIабирзинчул тIаьхьа, Москва схьавеана, юккъера школа СССР-н коьртачу шахьарахь 1953-чу шарахь дашочу мидалца чекхъяьккхина Василий.
Кхиамца тIеэцаран зерех чекхволий, МГУ-н журналистикин факультете деша воьду. Амма, школехь доьшуш волуш дуьйна халкъан театрехь дакъалоцуш хилла иза ца къастало дукхаезачу сценех. Цундела, 1954-чу шарахь Щукин Борисан цIарахчу театран институте деша воьду.
1957-чу шарахь дуьйна Е.Вахтанговн цIарахчу театрехь болх беш ву иза. Дуккха а спектаклашкахь васташ кхоьллина цо. Делахь а, театрехь Лановой Василийс кхоьллина васташ Москварчу бахархошний я Москван хьешашний бен гойла ца хилла. Ткъа похIме актер ерриге а Россехь а, генна цуьнан дозанал арахь а вевзаш ву.
Цуьнан бахьана ду В.Лановойс дакъалаьцна фильмаш. Уьш ю: «Павел Корчагин», «Алые паруса», «Дни Турбиных», «Война и мир», «Анна Каренина», «Офицеры», иштта, дуккха а кхиерш. Театральни институтан студент волуш дуьйна дакъалоцуш ву иза кинофильмашкахь.
Студент волуш ялайо цо дуьххьарлера зуда. Дуьненна евза актриса Самойлова Татьяна яра иза. Амма, цхьаьна Iер-дахар дах ца ло церан. Делахь а, къаьстина дара аьлла, цхьаьна фильмашкахь дакъацалоцуш ца Iийна и шиъ.
«Анна Каренина» исбаьхьаллин фильмехь коьртачу турпалхочун Аннин васт кхуллуш яра Самойлова, ткъа цуьнан везаран васт кхуллуш Лановой Василий вара.
1961-чу шарахь шолгIа хIусамнана ялайо В.Лановойс. Иза актриса Зяблова Тамара яра. Безаман ирсах марзо оьцуш, иттех шарахь цхьаьна Iа и шиъ. Амма, 1971-чу шарахь хиллачу некъан бохамехь Зяблова Тамара кхелха.
Цул тIаьхьа РСФСР-н халкъан артистка Купченко Ирина ялайо цо. Иза хьовсархойн йовза аьтто хилла «Одинокая женщина желает познакомиться», «Забытая мелодия для флейты», «Звезда пленительного счастья», «Романс о влюбленных», иштта, дуккха а кхечу фильмашкахь.
Шовзткъа шо сов хан ю Лановой Василий а, Купченко Ирина а цхьаьна Iаш долу. Кхиъна баьлла доьзал а бара церан – ши кIант. Ший а МГУ чекхъяьккхина вара. Амма 2013-чу шарахь, жимахволу кIант Сергей, цIеххьана дог эккхий, кхелха. Хала лайра Василийс и бохам. Амма балхана юкъара-м ца велира иза.
1985-чу шарахь дуьйна ша дIакхоьхьуш болу хьехархочун болх а ца битира цо.
2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 16-чу дийнахь шен 85 шо кхачар билгалдаьккхина похIме актер хIинца а болх беш ву Москварчу Е.Вахтанговн цIарахчу театрехь.
Тахана-м профессор Лановой Василий Б.Щукинан цIарахчу театральни институтехь «Актерийн говзалла» кафедрин куьйгалхо ву. Цо ца битина театрехь, кинохь беш болу белхаш а.
Хазахета шен 85 шо кхачаре Лановой Василий къеггинчу похIмица, ирачу хьекъалца, хьовсархойн бовхачу безамца веана. Оьрсийн къоман театран а, кинон а исторехь, цхьа сирла агIо ю, СССР-н халкъан артист Лановой Василий.
ГАЗИЕВА Аза
№7, кхолламан (январь) беттан 29 де, 2019 шо