Нохчийчоьнан Куьйгалхо дукхагIаьтнийн «Курчалой-Сити» гIишлош ечохь хилира

Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан дукхагIаьтнийн «Курчалой-Сити» гIишлош ян йолийначу майданахь хилира стомара.

Республикин Куьйгалхочуьнца цхьаьна вара Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, МогашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхо Кадыров Хьамзат.

ГIишлойн комплексана юкъадогIуш ду ворххIий, барххIий, иссий гIаьтнаш долу исс дакъа. Проектехь билгалйина ю офисан а, махлелоран-самукъадаккхаран а, нах чохь Iен а гIишлош.

Керла дахар дIадолочу Курчалой гIалин сийлаллин меттиг а хилла, къоначу гIалин куц кхузаманан кепе дерзор ду гIишлойн комплексо.

Кадыров Рамзана дийцарехь, карарчу хенахь дIахьош берш юьхьанцара белхаш бу. Керла гIала хийцарехьа хьалхара гIулч дIадаханчу шарахь яьккхира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу проспект, куьце ялийначул тIаьхьа, схьайиллича. Цуьнан йохалла цхьаъ ах чаккхарма сов ю. Цуьнца цхьаьна хила йогIу инфраструктура кхолларехула боккха болх бина йоццачу хенахь.

ГIалин коьрта некъ ялхасанан бина, 21 762 квадратан метр юкъара барам болу гIишлойн (нах чохь Iен) комплекс а, берийн беш а, базар а йина.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира тахана Курчалой гIала кхечу кепара, керлачу куьцехь гуш хилар.

«Курчалойн кIоштан коьртачу больницехь а хилира тхо. Больницин кертахь 110 меттигана лерина стационаран дакъа дан лерина. Оцу декъана юкъадогIур ду сиха гIодаран гIуллакхашдар а, диагностикин отделени а. ГIишлошъяр карарчу чиллин (февраль) баттахь дIа а долийна, 2019-гIа шо чекхдалале дерзо дезаш ду. Керла корпус яр бахьана долуш, кIоштан коьрта больница хаъал паргIатъяккха а, бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккха а таро хир ю», – яздина Р.Кадыровс.

А.СУЛИМАНОВА
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: