Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дIадаьхьира Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраца Умаров Джамбулатца. Иза лерина дара шуьйрачу хаамийн гIирсаша бечу балхана а, Умаров Джамбулата куьйгалла дечу министерствос пачхьалкхан къоман политика кхочушъярехь дакъалацарна а.

Шен къамелехь республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира халкъана а, Iедална а юкъахь зIе латторехь хаамийн гIирсаша коьрта маьIна лелош хилар а, иза хьесапе а эцна, бахархошлахь хаамийн гIирсашка болу тешам лакхабаккха безаш хилар а.
Социальни сеташкахь баржочу харц хаамашца къийсам латторан декъехь къахьоьгуш мессенджерашкахь болх бан хууш болу нах хила безаш хиларна министран тидам тIе а бахийтира Кадыров Рамзана.
Шуьйрачу хаамийн гIирсаша кхочушъечу а, дIахьочу а проектех лаьцна дуьйцуш, къаьсттина билгалъяьккхинарг «Грозный» НПТРК-н эфирехь арайолуш йолу «Iедалца къамел» аьлларг яра.
«Нагахь санна, стагах тешийна кIошт, шахьар я министерство елахь, цунна «суна ца хаьа» боху жоп довза дезаш а, довза йиш а яц! Цхьаъ нислуш дацахь я доккха бахьана делахь, бахархошна довзийта деза иза. Шега деллачу хаттарна кхачам боллуш жоп дала хууш хила везаш ву муьлхха а куьйгалхо», – хаийтира республикин Куьйгалхочо.
Цул тIаьхьа бийцаре бира нохчийн къоман историн архиваш талларан а, гулъяран а, зорбатохаран а декъехь беш болу болх.
Умаров Джамбулата билгалдаьккхира и болх Гуьржийчоьнан, Эрмалойчоьнан, Абхазин, Санкт-Петербурган архивашкахь беш хилар а, нохчийн къоман историн-культурин тIаьхьалонах лаьцначу материалех лаьттачу книгина тIехь бен болх чаккхене бирзина хилар а.
Иштта, министра билгал ма-даккхара, терроризмаца къийсам латторан декъехь Нохчийчоьнан Iедална а, халкъана а зеделларг довзийтаран книга ю арахеца кечйина.
«И книга мехала хир йолуш ю. Вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас терроризмаца къийсам латтийна ца Iаш, Нохчийчохь и зулам даржоран а, даржаран а бахьанашца а латтийра къийсам. И некъ къобалбира республикин бакъонашларъяран органашка эзарнашкахь балха баьхкинчу нохчийн кIенташа. Оцу некъах ша тешаш хилар халкъо а, федеральни Iедало а гайтар бахьана долуш, Делан пурбанца, вай и зулам а эшийна, вешан мохк саьлнашкара а гIаттийна. Терроризмаца къийсам латторан декъехь вайна зеделлачух пайдаэцаран Iалашонца, дуккха а мехкийн а, организацийн а векалш оьху республике», – дийцира Кадыров Рамзана.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь республикин Куьйгалхочо министрана тIедиллира кхечу ведомствошца йолу зIенаш чIагIъяр, республикин а, халкъан а дуьхьа къахьегарна баркалла а элира.
И.ИСЛАМОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо