Цхьана дийнахь – ши матч

Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан шолгIачу декъана кечамбеш, Соьлжа-ГIаларчу «Терек» цхьана дийнахь левзира Болгарерчу «Славия» а, Гуьржийчуьрачу «Самтредиа» командашца.

Болгарерчу командица хиллачу матчехь соьлжагIалахоша шайн ловзар кхерамечу тIелатаршца дIадолийра. Хьалхарчу тайман масех минот ялале счет схьаелла герга вара Маурисио Жозес. Цул тIаьхьа Аилтон Алмейдан таро яра гол тоха,  иза а шен Iалашоне ца кхачавелира. Тайм юккъе йоьдучу хенахь «болгараша» а дира шайн кхераме тIелатар. Амма Стояновс тоьхна буьрка, Годзюр Ярослава лардечу кевнан дукъох а кхетта, чу ца йоьдуш йисира. Серлонан табло тIехь догуш, 0:0 а долуш садаIа яхара командаш. ШолгIа тайм йолаелла а ялале, шайн, гIудан майданахь Айсатти Исмаила «Славиян» футболист охьатохар бахьана долуш коьртачу суьдхочо пенальти тоха бакъо елира. И пенальти атта чутуьйхира Генчевс. СоьлжагIалахошна дийнна тайм яра счет дIанисъян, амма цу матчехь цаьрга буьрка ца тохаелира. Соьлжа-ГIалара «Терек» жамI 0:1 долуш ийшира.

Оцу дийнахь хиллачу шолгIачу матчехь коьртачу тренера Рахимов Рашида пхеа нохчийн футболистана дакъалаца бакъо елира. «Самтредиаца» хиллачу цхьаьнакхетаран хьалхарчу таймехь командаша вовшашна, хIара ду ала, кхин кхераме тIелатар ца дира. Амма тайм чекхъяла масех минот йисинчу хенахь Мбенгуе Аблайен (билгалдаккха деза Мбенгуен соьлжагIалахошца цкъачунна язйина контракт цахилар), Гуьржийчуьрчу командина кевначу, мел кIезиг а  кхо гол тоха аьтто бара. Бакъду,  воьхна ловзаро иза билгал ца валийтира. ШолгIачу таймехь «хьеший» гIолехь ловзура. Иштта, 58-чу минотехь цара счет схьа а йиллира. Болгарерчу «Славияца» хиллачу цхьаьнакхетарехь санна, жамI 0:1 долуш, эша герга яра Соьлжа-ГIалара «Терек». Матчан тIетоьхначу миноташкахь счет дIанисйира Лебеденко Игоря. Иштта, жамI 1:1 долуш, чекхделира и цхьаьнакхетар.

А.АБДУЛАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: