Цхьа а хаттар жоп доцуш ца дисира

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикехь тIедеана 2019-гIа шо МогашаллаIалашъяран шо ду аьлла, дIакхайкхийна республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс.

ДIадаханчу шарахь бинчу белхан жамIех а, ткъа иштта, МогашаллаIалашъяран шарца доьзна йолчу белхан Iалашонех а лаьцна дуьйцуш пресс-конференци хилира министерствехь.

Вайн республикин шуьйрачу хаамийн зорбанан а, интернетан а гIирсийн, ткъа иштта, телекомпанийн журналистийн хаттаршна жоьпаш делира МогашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана, цуьнан заместительша Исакова ПетIамата, Гадаев Iалама, Загалаев Увайса, министерствон департаментийн директорша а, отделийн хьаькамаша а.

Деш долу хаттарш, тIедеана шо республикин могашаллаIалашъяран шо дIакхайкхорца доьзна хиларе терра, министерствос могашаллаIалашъяран хьаьрма кхиорехь дан леринчу гIуллакхийн, белхан хьокъехь дара. Царна юкъахь дара дархошна оьшуш долчу молханийн а, лоьрийн белхан декхарийн а, больницийн хьелех а долу хаттарш.

Министерствон ноналлин а, берийн а хьашташкахула йолчу департаментан директора Саратова Элитас жоп делира дуьнен чу довлучу берийн кхалкхарца долу хьал довзийтар доьхуш динчу хаттарна.

Цо дийцарехь, 2017-чу шарца дуьстича, 2018-чу шарахь бераш кхалхар 2 процентана лахделла. Кху шарахь дIаболор бу бахархойн медицинин картанаш керлачу электронни картанаш тIе дахаран болх.

Иштта, 2020-чу шарахь чекхбаккха безаш бу и болх. Дархочун могашаллица боьзна болу берриге а хаам оцу электронни карти тIехь хиларо аьтто бийр бу цуьнан хьашташ кхочушдарехь сихо ян.

Республикехь Н.А.Бакулевн цIарах кардиологин хирургин туш схьаелларан хьокъехь динчу хаттарна жоп луш Э.Сулеймановс дийцира туш республикин клиникин больницехь схьайоьллург хиларх лаьцна.

Цкъа делахь, туьшана оьшуш болу говзанчаш кечбеш а, шолгIа делахь, медицинин гIирсаш вовшахтухуш а болх дIабахьа беза, герггарчу хенахь и гIуллакх дан лерина ду министерствон куьйгалла.

Дуьнен чу девллачу берашна оьшуш йолу реанимацин машен цхьаъ бен яц республикехь. И санна йолу машенаш республикин яккхийчу кIошташна эца Iалашо юй аьлла, деллачу хаттарна жоп делира Ноналлин а, бераллин а департаментан директор Саратова Элитас.

ХIокху 2019-чу шарахь кхин а цхьа машен эца дагахь ю министерство, – элира цо.

Лоьрийн болх а, больницийн а, поликлиникийн хьелаш а ша шен тидамехь латтош хилар хаийтира министра.

Нохчийчохь дика лоьраш бац бохург бакъ дац! Вайн лоьраш кхечу регионийн лоьрел оьшуш бац бохург бакъ хилар тIечIагIдеш, шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташа а, шайга догIург деш, гIо дича дика хир дар, – элира Э.Сулеймановс.

Нохчийчоьнна оьшуш дара тIедеана шо МогашаллаIалашъяран шо аьлла дIакхайкхор.

Хетарехь, лоьрашна а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахошна а, мел оьшу а бан болх хир бу кхушарахь оцу декъехь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: