Нохчийчоьнан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь нийсаяздарна тIехь терго латторан комиссин карадеанчу 2019-чу шеран хьалхара кхеташо хилира. Цигахь леррина дийцаре дира 2018-чу шарахь комиссис бинчу белхан жамIаш, билгалдехира хIокху шарахь кхочушдан деза гIуллакхаш.

– ДIадаханчу шарахь, комиссин декъашхоша жигара дакъа а лоцуш, 12 кхеташо дIаяьхьира. Оцу кхеташонашкахь шуьйра дийцаре дира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт буьйцуш а, нохчийн маттахь яздеш а болчу журналисташа дуьйлуьйтуш долу гIалаташ, уьш дIадахаран некъаш, – дIадолийра шен къамел комиссин председатела Дадаев Сайд-Хьасана. – ГIалаташ билгалдаьхна ца Iаш, нийсаяздаран бакъенех куьйгалла а оьцуш, гIалат яздинчу дешан, дешнийн цхьаьнакхетарийн нийса кепаш йовзуьйтуш, хIора кхеташонехь протокол-хаам а хIоттабора. И хаамаш шуьйрачу хаамийн гIирсашка дIа а бохьуьйтура.
Дуьззина схьаэцча, деккъа оцу цхьана шарахь комиссин декъашхоша билгалдаьккхина нийса яздеш а, нийса олуш а хилла доцу 350 сов дош а, дешнийн цхьаьнакхетар а. ХIора кхеташонехь, юккъерчу хьесапехь, билгалдаьккхинарг 30 сов дош а, дешнийн цхьаьнакхетар а ду.
Комиссин коьрта декхар а, Iалашо а ю Нохчийчохь нохчийн маттахь болх беш болчу журналисташка литературин цIена мотт бийцийтар а, оцу маттахь нийса яздайтар а. Аьлча а и дан гIортар. Амма гIуллакх ма-хетта сиха а, дика а дIа ца доьду. Кхачаме дац нохчийн маттахь болх беш болчу журналисташна нийсаяздаран бакъенаш йовзар.
Къаьсттина дукха гIалаташ нисло дош лега дезачохь. Диалектех пайдаэцар а нисло. Иштта, кхачаме цахетало гочдархойн говзалла а. Гочдаршкахь дукха нисло инверсеш а, кальканаш а. Иза гочдаран кепаш дика цайовзаран тIаьхье ю.
Аьлларг тIечIагIдеш, деккъа цхьана протокол-хаамна тIера масех масал дало лаьа, нийса йоцу а, йолу а кепаш йовзуьйтуш.
Нийса йоцу кеп / Нийса кеп
Чечана – Эвла – Чечана
Яхьаш – Йохьуш
ЦIенон догIа – ЦIийнан догIа
Квартираш – ХIусамаш, петарш
Награждени чекхъяьлча – СовгIаташ дар чекхдаьлча
Культурин декъашхой – Культурин векалш
Совещанин декъашхой – Кхеташонан дакъалацархой
Кхиамаш бийр бу – Кхиамаш бохур бу
Спортан аренаш – Спортан майданаш
Кхиамашех лаьцна – Кхиамех лаьцна
Мотт цу тайппана буьйцуш хилча, ладугIуш я хьожуш волчун, дайн аьлча, оцу матте безам ца кхоллало. Кхин а галдаьлларг ду нохчийн мотт Iамош верг мотт иштта бийца волавалар. Цундела хIора журналиста ненан матте безам, марзо кхуллуш хаза, цIена, аьхна бийца беза мотт, леррина кечам а бина.
Ткъа хаамаш гочбеш волчо, хIора дош нохчийн матте даккха а ца гIерташ, нохчийн меттан амал а, хатI а лардеш баккха беза хаам вайн матте.
И дерриге а журналисташка дийца дагахь кест-кеста шуьйрачу хаамийн гIирсийн офисашкахь кхеташонаш дIаяхьа хьовсу комиссийн декъашхой. Иштта дIаяьхьначу кхеташонан эвсаралла дуккха а лакхара а хуьлу. Бакъду, ма-луъу сих-сиха ца нисло журналистийн коллективашка дIадахар а, цигахь журналисташца къамелаш дар а.
Цунах лаьцна дуьйцучу хенахь комиссин декъашхоша Хь.Аболхановс а, С.Такалашевс а, М.Арсанукаевс а тидам тIебахийтира цхьаболчу хаамийн гIирсийн куьйгалхойн комиссица йолу уьйраш кхачаме цахиларна. Цу тIехь уьш харц а бацара.
Цул сов, комиссин кхеташонан сацамах шуьйрачу хаамийн цхьаболчу гIирсийн куьйгалхоша куьйгалла эцар а хила дезачу тIегIанехь дац. Оцу декъехь долу хьал хийцаран лаамца хIокху шарахь кхин а жигара болх бан дагахь ю комисси. Иза билгалделира 2019-чу шарна долу декхарш а, Iалашонаш а йийцаре ечу хенахь. Цуьнца цхьаьна дийцаре дира комиссин белхан эвсаралла лакхаяккхарехьа дан деза гIуллакхаш.
Царна юкъахь коьртачарах ду комиссис вовшахтоьхна йолу «Дошам-хьехам», зорбатоьхна, арахеца некъ а, таро а, аьтто а лахар. Иза нохчийн маттахь передачаш кечъеш а, яздеш а волчу хIора журналистан стоьла тIехь хила езаш а, цо пайдаоьцуш а хила езаш ю. Цунах царна доккха гIо а хир ду.
«Дошам-хьехамехь» дуккха а пайдехь хаамаш а бу, вайн эсера дIадаьлларг а, вай карладаккха дезарг а ду. Масала, нохчийн беттанийн, денойн, пIелгийн, яртийн цIерш, тайп-тайпанчу бустамийн, барамийн (чаккхарма, аьрша, дол, ге, пхьалгIат) и.дI.кх. цIерш ю. Цу тIехь бан беза коьрта болх чекхбаьлла. Даза дисинарг «верстка» яр а, зорбатохар а ду.
Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон Iуналлехь йолчу хIокху комиссис, белхан дикалла лакхаяккхаран Iалашонца шайн кхеташонашка кхойкху меттан Iилманчаш а, говзанчаш а, ткъа иштта, Нохчийчоьнан Парламентан депутаташ а. И ламаст хIокху шарахь а дIадахьа нийят долуш бу комиссин декъашхой.
Цуьнан кхеташонийн неIарш массарна а йиллина ю, хьеннан а аьтто бу цигахь дакъалаца, шена хаа луург хатта, дагавала. Бакъду, шен хIусамаш яц комиссин.
«Даймохк» газетан куьйгалло, даима а аьтто бо кхеташонаш дIаяхьа, пайдаоьцуьйту компьютерийн техниках. ХIокху шарахь хIора беттан хьалхарчу кхаарийн дийнахь (иза деза де нисделча, цул тIаьхьа догIучу кхаарин дийнахь) дIахьур ю кхеташонаш. Иза дерриге а нохчийн мотт Iалашбаран, кхиоран дуьхьа деш ду.
Делахь-хIета, ненан мотт кхиорна юкъаюьллуш хазна ю-кх иза.
Т.СУЛТАНОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо