2017-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Россин муьлххачу а субъектан вахархочун бакъо ю «генамалхбалерчу гектарна» заявка чуяла.

2016-чу шарахь «Генамалхбалерчу гектаран хьокъехь» долчу законехь хийцамаш бар бахьана долуш, хIора а россихочун бакъо ю Iедале Генарчу Малхбалехь цхьа гектар латта деха а, цу тIехь шен гIуллакх дан а.
И латта пхеа шарна луш ду. Нагахь санна, пхи шо чекхъдаьллачул тIаьхьа, вахархочо шега Iедало ханна делла долу латта дола а деш, лелош делахь, иза 49 шарна аренде схьаэца а, таро елахь, дола даккха а бакъо ло законо.
Дуьххьара иштта бакъо Генарчу Малхбалерчу субъектийн бахархойн бен яцара. Цуьнца нийса а догIуш, цхьаболчу бахархойн йолу бакъо вукхеран цахилар Конституцис бахархошна цхьатерра елла йолу бакъонаш талхор лоруш дара юристаша а, бахархоша а.
И «шалхе» дIаяккхаран Iалашонца бина бара 2016-чу шарахь законехь хийцамаш. Оцу латтанашна тIехь Россин законодательствос дихкина доцуш мел дерг дан бакъо ю бахархойн: хIусам ян а, Iен-ваха а, ферма я бизнес лелон а.
Кхузахь билгалдаккха догIу оцу гектарна лерина йолу заявка чохь Iашшехь надальнийвосток.рф сайтан гIоьнца чуяла йиш хилар.
Оцу сайтан авторшна хетарехь, заявка кечъян а, чуяла а оьшург 15 минот бен яц.
Кхин цхьа хIума а ду билгалдаккха догIуш – Генара Малхбале кхиоран федеральни министерствос хаам бина Генарчу Малхбален федеральни округан латтанийн фондехь 600 миллион гектар хилар. «Генамалхбалерчу гектарна» юкъадогIуш 147 миллион гектар латта ду.
Карарчу хенахь компанеша а, бахархоша а цунах дола яьккхинарг 2 миллион гектар бен яц.
2016-чу шеран кхолламан (январь) баттахь, «Росстато» баржийначу хаамашца нийса а догIуш, Россехь 146 миллион вахархо ву. Цо гойту хIора а россихочун цхьацца гектар латта кхочуш хилар.
2019-чу шеран кхолламан баттахь, надальнийвосток.рф сайто билгалдоккхуш ма-хиллара, россихоша чуелларг 127 160 заявка ю, царах 48 293 заявка къобал а йина, кхин а 78 867 заявка талла езаш лаьтташ а ю.
Оцу проектах лаьцнарг алссам довза а, хаттар дан а таро ю хIокху контакташца: надальнийвосток.рф сайта тIехь а, 8(800)200-32-51 номерца а.
И.ХАСАХАНОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо