Наркотикашна дуьхьал къийсам дIахьо
Оперативни-лахаран мероприятеш дIахьочу хенахь, 1987–1990-чуй шерашкахь бинчу СоьлжаГIалин а, Хьалха-Мартан кIоштарчу IалханЮьртан а, Грозненски кIоштарчу Долинск юьртан а кхаа вахархочуьнгахь кара а йина, полицин белхахоша схьаяьккхина 250 грамм гергга марихуана наркотик.
1982-чу шарахь вина волчу Соьлжа-ГIалин вахархочуьнгахь кара а бина, полицин белхахоша схьабаьккхина, ораматех схьаялар долу, сиро-баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 140–150 грамм гергга наркотик чохь йолу Iаьржачу полимеран тIоьрмиг.
140 грамм наркотик полицин белхахоша схьаяьккхина 1987-чу шарахь вина волчу Нажи-Юьртан кIоштан Мескита юьртан вахархочуьнгара.
Лакхахь хьахийначу бахархоша динчу зуламийн Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю. Бахархошна тIедиллина полицин отделашка бахкар.
Схьаяьхна наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.
Таллам дIахьош бу.
Некъан-транспортан бохам хилла
Гуьмсе гIалин Белореченски а, Ватутинан а урамаш къаьстачохь вовшахкхетта «Тойота Королла» а, «Тойота Камри» а автомашенаш.
Некъан бохам бахьанехь лазийна, Гуьмсан кIоштан больнице вигира 1992-чу шарахь вина волу «Тойота Камри» автомашенан водитель. Автомашенаш кIеззиг бан ца йохийна.
Къастош ду некъан-транспортан бохам хиларан бахьанаш а, дакъалацархойн бехкенан барам а.
Некъан-транспортан бохаман хьокъехь дIахьош таллам бу.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службин гIоьнца хаамаш кечбинарг – I.МУРТАЗОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо