Ерригроссин хьехархойн «Шеран хьехархо – 2019» конкурсана кечамаш бар толлуш, Россин Федерацин серлонан (Просвещенин) министерствон векалш хилира Нохчийн Республикин школашкахь.

Соьлжа-ГIаларчу А-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназехь а, Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школехь а, Ю.Дешериевн цIарахчу лингвистикин школехь а, иштта дуккха а кхечу школашкахь а хилира хьеший.
– Нохчийн Республикин школашкахь дешархошна деша кхоьллина вуно дика хьелаш ду. Хьехархойн а, дешархойн а вовшашка ларам бу, лардеш школин низам ду. Конкурс дIаяхьа а, цигахь дакъалаца, а ерриге а школашкахь, хIинцале кечамаш бу беш. Тхо тешна ду Ерригроссин хьехархойн «Шеран хьехархо – 2019» конкурс Нохчийн Республикехь лаккхарчу тIагIанехь дIахьуриг хиларх, – элира Россин Федерацин серлонан министерствон Педагогикин кадраш кхиоран а, урахаллин а департаментан директора Хлопотных Марияс.
Пачхьалкхан дешаран политикин а, хаамийн технологийн а туьшан куьйгалхочо Фертман Виктора тIечIагIдира шен белхан накъоста Хлопотных Марияс аьлларг.
Иштта, кху шарахь конкурсан 30 шо кхочуш хилар а, Нохчийчохь иза дIаяхьар шена дозалла хеташ хилар а билгалдаьккхира цо.
Хууш ма-хиллара, дIадаханчу шеран эсаран (октябрь) баттахь хаза кхаъ кхечира нохчашка, Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школин хьехархо, журналист, яздархо Динаев Iалихан Ерригроссин хьехархойн «Шеран хьехархо – 2018» конкурсан толамхо ву аьлла.
Конкурсан ламаст ду, толамхочун регионехь рогIера конкурс дIаяьхьар. Ткъа вайна доккха дозалла ду и санна йолу конкурс вайн республикехь вовшахтохар а, дIаяхьар а.
ВЕГИЕВА Макка
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо