Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон институтехь Iилманан кхеташо хилира.
Кхеташо дIахьош вара Дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат. ХIокху шарахь дуьххьара дIахьочу кхеташонан коьрта Iалашо яра институтан 2019-чу шеран Iилманан-талламан белхан план йовзийтар а, тIечIагIъяр а.

Институтан хIора а Iилманан белхахочун белхан шеран Iалашонаш тидаме а оьцуш,хIоттийна яра институтан белхан шеран план.
Хууш ма-хиллара, Дешар кхиоран институтан белхан доккхах долу дакъа вайн республикин дешаран учрежденийн хьехархошна а, дешархошна а, студенташна а гIоьнна дешаран а, дешаран-методикин а Iаматаш вовшахтохар, карлаяхар, керланаш язъяр ду.
Къаьсттинчу тидаме эцна нохчийн меттан а, литературин а Iаматийн чулацамашца долу хьал а, ткъа иштта, республикин истори а, географи а, культура а йовзуьйтуш йолу литература (методикин-дешаран Iаматаш) вовшахтохаран Iилманан болх.
ДIадаханчу шарахь санна, хIокху шарахь а нохчийн меттан а, литературин дешаран-методикин комплекташна тIехь болх бийр бу.
Вайн заманан лехамашка хьаьжжина, карлайоккхуш ю школашна лерина йолу дешаран Iаматаш.
Тидамза дуьсуш дац оьрсийн мотт, литература Iаморехь оьшуш йолу литература карлаяккхаран гIуллакх а. Масала, институтан Iилманан белхахо Юсупова Роза «Оьрсийн меттан дарсашкахь дешархойн барта а, йозанан а къамел кхиор» аьллачу темина тIехь къахьоьгуш ю.
Географин декъехула дешаран-методикин комплектана тIехь болх чекхбоккхуш ву институтан Iилманан белхахо Устаев Ахьмад. Ала деза, дешархошна а, хьехархошна а хилла ца Iаш, шен Даймохк безаш волчу муьлххачу а яхь йолчу нохчичунна хаза кхаъ хир бу республикин географин методикин пособи.
Нохчийчоьнан историн Iилманан декъехула йолу дешаран пособеш (хьехархошна а, дешархошна а лерина) вовшахтухуш ву Бугаев Муса. Цуьнан белхан тема ю «1927–1977-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайчохь къилбаседакавказан археологин экспедицийн археологин талламаш» (хьехархошна лерина пособи кечйийр ю оцу темина).
«10–11-чуй классийн историн Iаматана электронни приложени» балха тIехь къахьоьгур ду институтан говзанчас Исаева Розас.
10-чу классашна леринчу «Нохчийчоьнан истори» дешаран пособи тIехь болх бийр бу Бугаев Мусас.
«Музей а, школа а» тема ю Айдамирова Машара шена къахьега билгалъяьккхинарг. Музейн культурин-дешаран проекташ кхочушъеш Iилманан болх бийр бу цо.
Акаев ВахIидан талламан белхан тема ю «Обществознани Iаморехь толерантни агIо кхолларехь этикин а, динан а аспекташ».
Эдилов Салавди 7-чу классан нохчийн литературин пособи вовшахтохарна тIехь къахьоьгуш ву.
Солтаханов ИбрахIим 2-чу классан дешаран книгин методикина тIехь болх беш ву.
Овхадов Мусас а, Абдулкадырова Раисас а 7-чу классашна леринчу диктантийн а, изложенийн а гуларна а, Ахмадов Мусас а, Алиева Заринас а 10-чу классан дешаран хрестоматина а тIехь болх бийр бу.
Цул сов, М.Ахмадов а, З.Алиева а «Доьзал а, Iадат а» аьлла, дай-наношна лерина пособи язъян дагахь а ду.
Вагапов Iаьрбис нохчийн меттан отраслан лексикин школин дошам вовшахтухур ю.
Доцца аьлча, институтан хIора Iилманан белхахочунна шен Iалашо билгалъяьллий гуш дара цара кечйина проекташ йовзийтича.
Йийцаре йина теманаш мехала хилар а, шайна тIехь къахьега хьакъдолуш хилар а билгалдаьккхира институтан Iилманан белхахоша М.Бугаевс, А.Устаевс, М.Овхадовс, С.Эдиловс, М.Ахмадовс.
Институтан директора Хь.Умхаевс Iилманан кхеташо ерзош элира: «ХIокху шеран белхан планаца вай кхидIа а къахьоьгур ду хьехархошна гIоьнна оьшуш болу методикин гIирсаш вовшахтохарехь. Нохчийн меттан а, литературин а Iаматашна тIехь болх бина ца Iаш, Нохчийчоьнан историн, географин дакъошкахула йолу этнопедагогикин, дешаран-методикин литература а, къоман культура а кхиорехь къахьоьгур ду. Кхушара, къаьсттина алсамбоккхур бу школийн хьехархошца практикин мероприятеш дIаяхьаран болх».
З.ХИЗРИЕВА
I-Б.Арсанукаевн суьрта тIехь: Дешар кхиоран институтан кхеташонан дакъалацархой
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо