Багах далале кхетаман терзанахь бIозза оза дош

Дукха хан йоццуш сан аьтто белира «Грозный» НПТРК-н корреспондента Мурадов Iелас кечйинчу а, дIаяьхьначу а «Кегийрхойн дош» передаче хьажа. Юьххьехь ала лаьа: цо со дикка цец а ваьккхира, нохчийн меттан кханенах йолу сан ойла токх а йира. Дукха хан яра суна вайн къоначара иштта цIена, хаза ненан мотт телевиденехь а, дахарехь а буьйцу хазаза.

Къона журналист, поэт Мурадов Iела суна вевзина, лаххара а, итт шо хан ю. Цо шуьйрачу хаамийн тайп-тайпанчу гIирсашкахь белхаш бина. Иза къоначарна юкъахь билгал ву ненан мотт безарца, оцу маттахь дош аларан, дош яздаран говзалла караерзон, шаръян лаарца. Iелин оцу тIехь кхиамаш а бу, Дала мукъ лахь, кхул тIаьхьа а хир а бу! Иштта дегайовхо кхоьллира «Кегийрхойн дош» передачо.

Суна чIогIа тайра оцу передачехь дакъалоцуш хиллачу кегийрхойн дош. Кхо жима стаг вара цигахь дийцаре деш хиллачу мехалчу гIуллакхашкахь дакъалоцуш. Царна юкъахь вара историн Iилманийн кандидат Сулумов Зеламха а, Нохчийчоьнан МВД-н белхахо Таймусханов Iийса а, «Турпалхой» юкъараллин организацин куьйгалхо Абдулвагапов Джабраил а.

Ма хаза, цIена, паргIат буьйцура цара нохчийн мотт. Иштта хила хьакъ а бара нохчалла а, турпалалла а юьйцуш болу вайн кIентий. Цара шайгарчу масалца шайн Iаьнарца, дашца, хиъна Iарца… гайтира нохчалла, турпалалла бохург, тур-тапча а даьккхина, даима а лата чугIертар а, лакхачу даржера шен куьйга кIелахь болчарна тIечехар а цахилар, уггаре а хьалха иза собар, гIиллакх, эхь-бехк, оьздангалла, доьналла хилар.

Тхуна, баккхийчарна, къаналлин дарже кхевдинчарна, баккъал а, боккха кхаъ бу иштта кегийрхой хилар, цара ненан мотт цIена бийцар, гIиллакх-оьздангалла лардар.

Со хьаьжнарг еккъа цхьа передача бен ца хиллехь а, цо чIогIа сапаргIат даьккхина сан. Оццу хенахь цо передачин авторна тIе керла жоьпалла дожийна аьлла а хета. Кхул тIаьхьа «Кегийрхой дош» ледара хилийта йиш яц цуьнан. Йиш яц – ларамаза а.

Иза данне а дац оцу передачехь дерриге а тIехдика дара бохург. Дацара. Делахь а, къона журналист кхиарехьа керла гIулчаш, ирхенаш яха таронаш, говзалла йолуш ву. Оцу таронех буьззина пайдаэца а беза. Маттана юкъадалош долу (керла) хIора дош кхетаман терзанахь бIозза оьзна, Iилманчех, говзанчех дагаваьлла хила деза.

Дала тIаьхье беркате йойла!

С.ХАСАНОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: