Нохчийчоьнан ерриге а кIошташкахь кхуьуш ю IонтIаз. Къаьсттина дукха хаало уьш Терк а, Басс а хин бердайистошца йолчу хьаннашкахь, ткъа иштта лаьмнашца йолчу хьаннашкахь а, тIуьна лаьттачу меттигашкахь, кегийчу хин йистошца а.
Дарбане ду цуьнан орамаш, уьш схьаохку бIаьстенан юьххьехь а, гуьйренан чаккхенехь а.
Орамаш дакъа а до, Iалаш а до екъачу, мох кхетачу меттехь. Цаьрца дарбанаш леладо бронхит, трахеит, грипп, зорхин-чуьрийн цамгарш йолчарна.
IонтIазан орамех молха иштта кечдо: 16 грамм (боккха Iайг) орамаш сир диллинчу пхьегIи чу дохку, царна 1 стака кхехкийна хи тIедутту, пхьегIи тIе негIар туху. Юха, кхехкаш долчу хи тIехь (хинан бани), 30 минотехь дохдо кест-кеста кега а деш.
Цул тIаьхьа, чохь, 10 минотехь шелдолуьйту. Яьргалла дIаIовду. Молханан барам, кхехкийна хи тIе а дуттий, 200 мл. дIакхачабо. Иза шийлачу меттехь латтадо, амма ши де-буьйса даллалц бен латто мегаш дац. Молха дIамолу хIума яале 1 сахьт хьалха, ½ стака молуш, дийнахь 2–3-зза.
Халкъан дарбанчаша IонтIазан орамех динчу молханашца дарбанаш лелош хилла шелвеллачунна. Ткъа кистоша-м оцу молханца туберкулезана дарба деш а хилла.
IонтIазах дарба хуьлуш хилла энаш долчарна а, зорха лозучарна а. Масала, зорха лозучунна, зорхина даI долчунна, иштта, молха кечдеш хилла оцу бецех. Якъийначу (малхехь а, мохехь а якъон ца мега) 1 кийла бецана 4 литр хи тIедутту. Кхузза кхехкадо: суьйранна, Iуьйранна, юха суьйранна.
ШолгIачу Iуьйранна молха (отвар) дIакъовлуш йолчу пхьегIи чу дутту. Цу тIе 1 кийла шекар тосу, 0,5 литр спирт туху, шина пIелгаца схьаоьций, дрожжиш туху. ТIаккха пхьегIа дикка дIакъовлу. Иштта юьту дийнахь-бусий. Iуьйранна, хьала ма гIаьттина, оцу молханан масех къурд бан беза. Иштта, мала деза иза хIора Iуьйранна, чекхдаллалц.
И молха кхузза кечдан деза, шишша кIира юкъа а дулуьйтуш.
З.МАДАЕВА
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо